Маттайс 16

1Парушхой а, садукъой а баьхкира Іийса волчу Иза зерхьама. Цара дехар дира, шайна стигалара тамашийна билгало гайтахьара аьлла. 2Іийсас цаьрга элира: «Малх дІабузучу хенахь аша олу: „Кхана хаза хенан хІоттам хир бу, стигал цІийелла йолу дела“. 3Малх схьакхеттачу хенахь олу: „Таханлера де йочане хир ду, хІунда аьлча стигал цІарула-цІен а, кхоьлина а ю“. Шуна стигалан сибат девза, амма заманан билгалонаш къасто ца хаьа шуна. 4Боьхачу а, телхинчу а тІаьхьено тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш лоьху, амма царна уьш гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтина билгало бен». Уьш шаьш болчохь а битина, Іийса дІавахара. 5Хих дехьабовлуш, Іийсан мурдашна бепиг схьаэца дицделлера. 6ТІаккха Іийсас цаьрга элира: «Варелаш, ларлолаш садукъойн а, парушхойн а муьстачу бедах». 7И дешнаш шайна юкъахь дийцаре динчул тІаьхьа цара элира: «Цо иза аьлла хир ду, вай новкъа довлуш бепиг схьа ца эцна дела». 8Іийсана-м хууш хилла цара дуьйцуш дерг. Цундела Цо элира: «Делах кІезиг тешарш! ХІунда боху аша шайгахь бепиг дац? 9ХІинца а ца кхетта шу цунах? Дагадаийтийша шайна тохарлера пхи бепиг, пхи эзар стагана вуззалц даъал хилла долу. Цул тІаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а дагадаийта. 10Ткъа шуна дага ца догІу виъ эзар стаг вузийна долу ворхІ бепиг а, цул тІаьхьа шаьш дуьзна долу тускар маса хилла а? 11ХІунда ца кхета техьа шу Аса баьпках лаьцна ца дуьйцийла? Аса шуьга ларло бохург парушхойн а, садукъойн а бод совсош тухуш болу муьста бод бу». 12ТІаккха уьш кхийтира Іийсас шайга дийцинарг бод совсош болу муьста бод боцийла. Цо уьш ларбеш дерг парушхойн а, садукъойн а хьехамаш бара. 13Іийса Пилап-паччахьан гІалин уллорачу метте веача, Цо шен мурдашка хаьттира: «Наха Адамийн КІант мила ву боху?» 14Цара элира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Эли-ЯхІу-пайхамар, ткъа кхозлагІчара Хьо Ярми-ЯхІу, я кхечу пайхамарех цхьаъ ву боху». 15ТІаккха Цо цаьрга хаьттира: «Ткъа аша хІун боху, Со мила ву боху аша?» 16ШамІа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КІант ву». 17Цо аьллачунна дуьхьал Іийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамІа, Юнин кІант, хІунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна. 18Аса боху хьоьга: хьо, тІулг санна волу, Кипа ву. Цу тІулга тІехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цІеран а иза йохо ницкъ хир бац. 19Аса стигалийн Олаллера догІанаш лур ду хьоьга. Ахьа кху дуьнен чохь дихкинарг Дала дихкина хир ду. Ахьа дуьнен чохь магийтинарг, Дала магийтина хир ду». 20Цо шен мурдашка омра дира, Ша Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, цхьаьнгге а дІа ма ала аьлла. 21Цу хенахь дуьйна Іийсас Шен мурдашка дуьйцуш хилла Ша Ярушалайме ваха везарх а, цигахь Шен баккхийчеран а, динан коьртачу дайн а, Іеламчу нехан а карах бала хьега безарх а лаьцна. Цо иштта дуьйцура Ша вийна хила везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь веллачуьра денвала везарх а лаьцна. 22Кипа, Иза юьстах а ваьккхина, дуьхьало ян волавелира: «Дала тІе ма доуьйтийла иза, Веза Эла! И тайпа хІума Хьуна тІе ма кхочийла!» 23Кипига юха а вирзина, Цо элира: «ДІадала Суна уллора, иблис ! Ахьа Суна новкъарло йо, хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю». 24Іийсас Шен мурдашка элира: «Суна тІаьхьахІотта лууш болчара шайн „со“ бохург дІататта деза, шайн баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьахІитта а беза. 25ХІунда аьлча шен са кІелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дІаделлачунна бакъдолу дахар карор ду. 26ХІун до кху дуьненах, нагахь санна цо шен са дайинехь? ХІун до дерриг а дуьненах, нагахь стага шен са дайина хилча? 27Адамийн КІант шен Ден сийлаллица, гонах маликаш а долуш, схьавеача, Цо стагана хьакъ дІалур ду, хІораммо а динчуьнга хьаьжжина. 28Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна, шаьш кхалхале, Адамийн КІант гур ву, Шен Олаллица схьавогІуш волу!»

will be added

X\