Маттайс 15

1Ярушалайм-гІалара баьхкинчу парушхоший, Іеламчу нахий Іийсага элира: 2«Хьан мурдаша вайн дайша лелийна Іадаташ хІунда талхадо? Цара хІума яале хьалха куьйгаш цІандаран Іадат кхочуш хІунда ца до?!» 3Царна дуьхьал Іийсас элира: «Ткъа аша хІунда талхадо Дала тІедиллина долу парзаш, шайн Іадаташ ца дохорхьама? 4Дала аьлла ма ду: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза“. 5Амма аша боху шайн дега а, нене а ала мега: „Сан шуна гІо дан йиш яц, хІунда аьлча шуна лерина хилларг аса Далла совгІатна дІало“. 6Цу дешнаша дай-наний ца лара бакъо ло. Аша Дала шайна тІедиллина долу парз шаьш кхоьллина долу ламаст бахьана долуш дІадаьккхина. 7Шалхо лелорш! Шух лаьцна нийса аьлла хилла ЕшаІ-ЯхІус ша Делера бинчу хаамехь: 8„ХІокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду. 9Церан ларамах пайда бац, хІунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“». 10Нах Шена тІе а кхайкхина, Іийсас элира: «Соьга ла а догІий, Аса бохучух кхетахьара шу: 11стеган багахула чудоьдуш долчу хІумано Далла гергахь иза бех ца во, цу багахула арадолучо бен». 12ТІаккха тІебаьхкинчу мурдаша Іийсага элира: «Хьуна хаьий парушхой Ахьа аьлла долу дешнаш бахьана долуш шаьш юьхьІаьржачу хІиттина хеташ буйла?» 13Іийсас цаьрга элира: «Сан стигалахь волчу Дас дІадоьгІна доцу хІора орамат шен орамашца схьадаьккхина хир ду. 14Уьш машарца дІабахийта. БІаьрзе нах бу уьш. Царна тІаьхьахІоьттинарш а бу бІаьрзе. Хьалха ваьлларг а, тІаьхьахІоьттинарг а, ший а бІаьрзе хилча, и шиъ ор чу вужур ву». 15Цунна дуьхьал Кипас элира: «Кхетадехьа Ахьа тхо оцу дустарх». 16Ткъа Іийсас элира: «ХІинца а оццул кхетам боцуш ду шу? 17Шун бага кхаьчна долу хІума, зорх чу а кхочий, цул тІаьхьа кийрара арадолу. 18Амма шун багара арадолуш дерг шун даг чуьра арадолуш ду. Иза ма ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. 19Аса иштта боху шуьга, дерриг а вониг даг чуьра арадолуш долу дела: вон ойланаш, стаг вер, ямартло, нахаца лелар, къола дар, эладита кхоллар, харцдерг дийцар. 20Иза ду стаг Далла гергахь бехвеш дерг. Ткъа стага яа хІума яале шен куьйгаш ца диларх, иза Далла гергахь бехлур вац». 21Цигара дІа а ваьлла, Іийса Цорин а, ЦІаданан а гонах йолчу меттигашка дІавахара. 22Йоьлхуш, Цунна тІееара цигахь Іаш йолу канаІанхойх схьаяьлла йолу цхьа зуда: «Къинхетам бехьа сох, Веза Эла, Даудан КІант ! Харцжинаша къиза хьийзош, са дуьллу меттиг яйна лелаш ю-кх сан йоІ». 23Амма Іийсас цуьнга хІумма а ца элира. Мурдаша, тІаьхьа а баьхкина, Цуьнга дехар дира: «ДІаэккхае и зуда! Массо а хенахь вайна тІаьхьа а яьлла, мохь хьоькхуш ю-кх». 24Цо цаьрга элира: «Исраилан тилабеллачу уьстагІашна бен гІо дан ваийтина вац Со». 25ТІаккха и зуда, Іийсана тІе а еана, гора а хІоьттина, йистхилира: «Веза Эла! ГІо дехьа суна!» 26Іийсас цу зудчуьнга элира: «Нийса дац иза, берашкара схьа а йоккхуш, юург жІаьлешна дІакхоссар». 27Зудчо элира: «Бакъ ду иза, Эла! Делахь а жІаьлеша а ма лехьадо хІусамден шуьн уллора охьадоьжна долу цуьргаш». 28ТІаккха Іийсас цуьнга элира: «Йиша, хьан Делах тешар чІогІа ду! Хьан лаам кхочуш хир бу!» Цу сахьтехь зудчун йоІ тоелира. 29Цигара дІа а ваьлла, Іийса Галилай-Іоман йистехула дІавахара. Лам тІе хьала а ваьлла, охьахиира Иза. 30Цунна тІе адамийн тобанаш эха юьйлаелира, шайца астагІнаш, бІаьрзенаш, заьІапхой, мотт ца хууш болу къора нах, кхиболу цомгуш нах а болуш. Цара уьш лаьттахь охьабохкура, Іийсан когаш хьалха. Ткъа Цо уьш тобора. 31Адамаш чІогІа цецдуьйлура шайна мотт ца хууш болу къора нах къамел деш гича, заьІапхой тобелча, астагІа берш, шерра ког а боккхуш, дІабоьлхуш гича, бІаьрзе берш са ган буьйлабелча. Уьш Исраилан Далла хастамаш беш бара. 32Шен мурдаш тІе а кхайкхина, Іийсас цаьрга элира: «Суна къахета оцу нахах, хІунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хІума яц. Уьш меца дІабахийта Суна ца лаьа, новкъахь уьш мацалла кхин а чІогІа гІел ца балийта». 33Мурдаша Цуьнга элира: «ХІокху юьстахчу меттехь вайна мичара карор ю оццул долчу халкъана яа хІума?» 34Іийсас цаьрга хаьттира: «Маса бепиг ду шуьгахь?» Цара жоп делира: «ВорхІ бепиггий, масех чІарий бу». 35ТІаккха Цо массо а стаг лаьтта охьахаийра. 36ВорхІ бепиггий, чІерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дІадоькъура иза. 37Массара а шаьш дуззалц хІума йиира. ТІаьхьайисина йолу яа хІума мурдаша схьагулйича, ворхІ тускар хьаладуьзира. 38Адамийн тобанна юкъахь виъ эзар стаг вара, зударий, берашший ца лерича а. 39Нах дІасабевллачул тІаьхьа Іийса, хинкеманна тІе а хиъна, Магдан-гІалина улло дІавахара.

will be added

X\