Маттайс 13

1Цу дийнахь Іийса, цІа чуьра ара а ваьлла, Іоман йисте охьахиира. 2Цунна гонах адамийн йоккха тоба гулъелира. Цундела Иза, хІордкеманна чу а ваьлла, охьахиира, ткъа нах хи йистехь бисира. 3Іийсас, хьекъале дустарш а далош, дуккха а хІуманаш дийцира царна. Цо элира: «Цхьа ахархо шен кха тІе хІу таса араваьлла. 4Цо хІу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дІадиъна. 5Важа буьртигаш, жагІа а болуш, латта кІеззиг долчу метте охьаэгна дара. Цу буьртигаша сихха зІийдигаш тесна, хІунда аьлча цигахь латта кІезиг дара. 6Малх кхетча, цо и зІийдигаш ягийра, церан орамаш кІорга ца хиларна, уьш якъаелира. 7Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хІун зІийдигаш къайлаехира. 8Ткъа важа долу хІу дика латта долчохь нисделла. Уьш дикка хьала а девлла, хьийкъина ялта делла цара, цхьацца долчара бІе, кхузткъа, ткъе уьттазза дІадийначул сов а луш. 9Лергаш долчунна хІара хезийла!» 10Іийсан мурдаша, Цунна тІе а баьхкина, хаьттира: «Хьекъале дустарш далош хІунда дуьйцу Ахьа нахе?» 11Іийсас цаьрга элира: «Шуна делла ду Стигалийн Олаллин къайленаш йовзар, ткъа царна уьш йовзар ца делла. 12ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, цуьнан дерг кхин а стамлур ду. Ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ду. 13Цундела дуьйцу Аса царна хьекъале дустарш. Уьш хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца го дела а, ладугІуш боллушехь, хІумма а ца хеза я дуьйцучух ца кхета дела а. 14Царна тІехь Ешаъ-ЯхІу-пайхамарехула Делера болу хаам кхочушхуьлу: „Аша ладугІур ду, амма шу цунах кхетар дац, хьоьжур ду шу, амма маьІна къастор дац аша. 15Цу нехан дегнаш шагделла, церан лергаш къорделла, церан бІаьргаш дІахьаббина бу. Цара иза ца леладахьара, церан бІаьргашна са а гур дара, церан лергашна хезар а дара, церан дог кІеда а хир дара, уьш шайна гІо дайта Суна тІе а богІур бара, Аса уьш то а бийр бара!“ 16Ткъа шу декъалдина ду, хІунда аьлча шун бІаьргашна го, лергашна хеза. 17Аса бакъдерг боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, Делан лаамехь берш а лууш бара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна». 18«Ткъа хІинца ладогІал хІу дІадуьйш волчух лаьцна хьекъале дустаран маьІне. 19Нагахь санна стагана Делан Олаллех лаьцна хаза а хезна, иза цунах ца кхеттехь, цунна иблис тІедогІу. Цо цу стеган даг чу дижинарг лачкъадо. ХІара ду некъан йисте охьаэгна долчу хІуьнан маьІна. 20ТІулгийн жагІанна юккъе доьжна долчу хІуьнан маьІна, хІора дашах а тешаш, иза цу сохьта хазахетарца тІеоьцуш волу стаг ву. 21Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кІеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тІехІоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу. 22Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хІуьнан маьІна дича, дахаран гІайгІанаша а, хьолах Іехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду. 23Ткъа ялта хьийкъинчу лаьтта кхаьчна долу хІу – шега бохуш долчух кхета а кхеташ, иза хезаш верг ву. Цо бІозза, кхузткъазза, ткъе уьттазза дІадийначул сов хІу ло». 24Кхин а цхьа хьекъале дустар далийра Іийсас ладугІуш болчарна: «Стигалийн Олалла иштта ду. Цхьана стага шен кха тІехь дика хІу дІадийнера. 25Ткъа иза шен ялхошца вижина Іуьллучу хенахь кхуьнан мостагІа веана. Иза, кІена юккъе асаран буц а йийна, дІавахана. 26КІа, тІе а даьлла, кан баккха доладелча, асар а гучудаьлла. 27Ялхоша, шайн хьолада волчу а баьхкина, элира: „Тхан хьолада, ахьа дика хІу дІа ма дейтинера, ткъа асар стенгара даьлла кІена юккъе?“ 28Хьоладас цаьрга элира: „Сан мостагІчо дина-кх иза“. Ялхоша хаьттира цуьнга: „Оха, даха а гІой, схьаяккхий и буц?“ 29„ХІан-хІа, – элира хьоладас. – Суна луур дацара аша асарца цхьаьна кІен кенаш схьадохийла. 30Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тІекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тІедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цІевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кІа дІадуьллу цІа чохь схьагулде аьлла“». 31Цо кхин а цхьа хьекъале дустар далийра: «Стигалийн Олалла аренгахь дІадийначу уггар жимачу хІух тера ду. 32Иза кхечу хІун буьртигаш юкъахь массарал а жима ду, амма, тІе а даьлла, доккха хилча, бешахь мел долчу орамател уггар а лекха хуьлу. Цунах дитт хуьлу, стигаларчу олхазарша цуьнан гаьннаш юккъехь бенаш а деш». 33Кхин а цхьа хьекъале дустар а далийра Іийсас: «Стигалийн Олалла морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дІаийна». 34И шадерг а Іийсас гулбеллачарна хьекъале дустарш далош дуьйцура. Дустар ца далош, Цо хІумма а ца дуьйцура царна. 35Цу тІехь пайхамарехула аьлларг кхочушхилира: «Аса шуьга хьекъале дустарш дуьйцур ду, дуьне кхоьллинчу хенахь дуьйна къайлаха хилларг гучу а доккхуш». 36Нах а битина, Иза цІа чу вахара. Іийсан мурдаша, Цунна тІе а бахана, элира: «Аренгахь тІеяьллачу асаран бецах лаьцна Айхьа дийцинчух тхо кхетадехьа». 37Іийсас цаьрга элира: «Дика хІу дІадийнарг – Иза Адамийн КІант ву. 38Ткъа аре – иза дуьне ду. Дика хІу – Делан Олаллин бахархой бу. Ткъа асаран буц иблисан агІонгара нах бу. 39И асаран буц дІайийна волу мостагІа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тІаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу. 40Асаран буц схьа а гулъеш, литтанаш а деш, ягош долу сурт хир ду дуьненан тІаьхьарчу заманчохь. 41Адамийн КІанта Шен маликаш дохуьйтур ду, къинош летош, зулам лелош берш Шен Олаллера, схьа а къастийна, 42уьш алуца йогуш йолчу пеша чу кхисса. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду. 43Делан лаамехь берш шайн Ден Олаллехь, малх санна, къегаш хир бу. Лергаш долчарна хІара дІахезийла». 44«Стигалийн Олалла аренгахь дІайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дІаюллу. Дукха гІадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дІа а бухкий, и аре схьаоьцу. 45Стигалийн Олалла мехала жовхІарш лоьхуш лелачу совдегарх тера ду. 46Шена къаьсттина мехала долу жовхІар карийча, цо ша да мел волу хІума дІа а духкий, иза шен дола доккху. 47Кхин а Стигалийн Олалла Іам чу чІерий леца тесначу бойнах тера ду. Цу юккъе тайп-тайпана чІерий лелха. 48Бой юьзначул тІаьхьа, чІерийлецархоша иза хийисте хьалайоккху. Цул тІаьхьа цара, охьа а ховший, дика чІерий дІахоржу, ткъа вуьш дІакхуьссу. 49Иштта хир ду дуьненан тІаьхьарчу заманчохь. Маликаша, схьа а даьхкина, вониш дикачарах дІа а къастийна, 50йогуш йолчу пеша кхуьссур бу. Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а ду». 51Іийсас Шен мурдашка хаьттира: «Шу кхетий Аса аьллачух?» Цара жоп делира: «Кхета». 52ТІаккха Іийсас элира: «Цундела хІора Стигалийн Олаллехь мурд хилла схьавеана волу Іелам стаг цхьана хІусамдех тера ву, дІайиллинчуьра схьа а оьцуш, тиша а, цІена а хІуманаш дІалуш волчу». 53Хьекъале дустарш далош Ша дина долу къамел чекхдаьллачул тІаьхьа, Іийса цигара дІавахара. 54Ша кхиинчу гІала а веана, церан гуламан цІа чохь нах Іамо волавелира Иза. Массара а, цец а буьйлуш, вовшашка хоьттура: «Цунна мичара даьлла и хьекъал? Цунна мичара баьлла тамашийна хІуманаш лело ницкъ? 55Дечиган пхьеран кІант вац Иза? Цуьнан ненан цІе Марем яц? Ткъа вежарийн цІераш Якъуб, Юша, ШамІа, ЯхІуд бохуш яц? 56Вайна юкъахь лелаш бац Цуьнан йижарий? И шадерг а Цунна мичара даьлла?» 57Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. Ткъа Іийсас цаьрга элира: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шен цІахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш». 58Цо цигахь дукха тамашийна билгалонаш ца гайтира, церан тешар кІезиг долу дела.

will be added

X\