Маттайс 12

1СадоІучу шоьтан дийнахь Іийса дІайийначу аренгахула схьавогІуш хилла. Мацбелла болчу Цуьнан мурдаша, кІен кенаш схьа а дохуш, царна юккъера буьртигаш дууш хилла. 2И сурт гина болчу парушхоша Іийсага элира: «Хьажал! Хьан мурдаш Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь ца магийна дерг лелош бу». 3Іийсас царна жоп делира: «Дауд-паччахьо, шен накъостий мацбелча, диначух лаьцна ца дешна аша? 4Цо, Делан цІа чу а вахана, Далла къобалдина долу деза бепиг, схьа а эцна, шений, шен накъосташний юккъехь декъа а декъна, диина, и санна долу хІума дан дихкина хилла доллушехь. И бепиг динан дайшна бен даа магош ца хилла. 5Товрат-хьехамаш тІехь аша ца дешна, Делан цІийнан кертахь болх а беш, динан дайша шоьтан садоІу де дохош хиларх лаьцна, ткъа царна цхьаммо а бехк ца билларх лаьцна а? 6Аса боху шуьга, тахана кхузахь Лаьттарг Делан цІийнал дуккха а лакхара ву. 7Делан Йозанна тІера „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагІанел“ – бохуш долу дешнех шу кхеташ делахьара, аша бехк боцурш бехке бийр бацара. 8Хаалаш, Адамийн КІант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тІехь а Эла ву шуна». 9Цул тІаьхьа цигара дІа а ваьлла, церан гуламан цІа чу вахара Іийса. 10Цигахь заьІап куьг долу стаг вара. Іийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тІерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?» 11Іийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагІ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а? 12Ткъа стаг мел веза ву уьстагІал! Далла леринчу шоьтан дийнахь диканиг дан мегар ду». 13Цомгушчуьнга Іийсас элира: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Цо куьг дІакховдийра. Иза цу сохьта, важа куьг санна, то а делла, дІахІоьттира. 14Парушхой, вовшах а кхетта, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара бохуш, барт бан буьйлабелира. 15Иза хууш волу Іийса цигара дІавахара. Цунна тІаьхьа дукха адам хІоьттира. Цо цомгуш мел верг товира. 16ХІора Ша то мел винчу стагана Іийсас тІедиллира, Ша мила ву ма дийца аьлла. 17Цу тайпана кхочушхилира Дала ЕшаІ-ЯхІу-пайхамарехула аьлларг: 18«ХІара Сан Ялхо ву, Ас хаьржина волу. Кхунна Со реза ву, Кхунах воккхавеш ву Со. Сайн Са дуьллур ду Ас Кхунна тІе, Кхо халкъашна нийсо дІакхайкхор ю! 19ХІара шуьца къийсалур а вац, Кхо Шен аз а айдийр дац. Урамашкахь цхьанна а Кхуьнан аз а хезар дац. 20Кагбалла боллуш болу эрз а кагбийр бац Кхо, дІаян гІерташ сийсаш йогуш йолу милт а дІайойур яц, Ша, нийсо а йина, толам баьккхина валлалц. 21Халкъаш цунах дог тешна а хир ду!» 22ТІаккха Іийсана тІе цхьа стаг валийра. Жинаша хьийзош хиларна, бІаьрзе а, мотт а сецна а вара иза. Іийсас иза товира: цомгушниг, мотт а буьйцуш, бІаьрса схьа а деана, дІахІоьттира. 23Адамаша, цец а дуьйлуш, вовшашка хоьттура: « Даудан КІант-м вац теша Иза?» 24Иза хезна болчу парушхоша элира: «Цо жинаш дІалелхадо церан эла волчу БаІал-Зебула-жинан гІоьнца». 25Іийсана хууш дара церан дагахь дерг. Цо элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хІаллакьхила хьаьхна ю. Юкъахь барт боцу хІора гІала я доьзал шаьш ма-хиллара латталур дац. 26Нагахь санна жин жино дІалаллахь, иблис ша-шена дуьхьал долу. Ткъа муха лаьттар ду цуьнан олалла? 27Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаІал-Зебулин гІоьнца дІалохкуш хилча, шуна тІаьхьахІоьттинчара хьенан гІоьнца лохку уьш дІа? Иштта, цара йийр ю шуна кхел. 28Амма Аса Делан Синца уьш дІалахкахь, иза тоьшалла ду шуна Делан Олалла шу долчу кхаьчна хилар. 29Шел ницкъ болуш волчу стеган цІа чуьра хІума муха лачкъор ю, иза цкъа хьалха дІавихкина бен? Цул тІаьхьа бен далур дуй къола? 30Соьца воцург Суна дуьхьал ву, Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дІасакхуьйсуш ву. 31Цундела боху шуьга: хІора латийначу къина, динчу Іесачу къамелана стаг дохковаьллачул тІаьхьа гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац. 32Адамийн КІантана вониг аьллачунна гечдан мега, амма Делан Дезачу Синна дуьхьал хІума аьллачунна гечдийр дац я таханлерчу бІешарахь а, я тІедогІун долчу бІешерашкахь а. 33Шуна хаьа дика стом кхио дика дитт оьшийла, ткъа вочу дитто вон стом ло. ХІора дитт шен стоьме хьаьжжина хуьлу. 34Шу, лаьхьанийн тІаьхье! Шун багара муха дер ду диканиг, шу шаьш зене нах хилча? Стеган даг чохь дерг матта тІехь ма хуьлу. 35Дикачу стага шен даг чуьра диканиг долуьйту, ткъа вочу стага шен кийрара вониг бен ца долуьйту. 36Амма Аса боху шуьга: къематан дийнахь хІора шаьш ойла а ца еш аьллачу дашна жоп дала дезар ду массеран а. 37ХІунда аьлча хьайн дешнашка хьаьжжина хьо я бехказавоккхур ву, я хьуна кхел йийр ю». 38Цхьаболчу Іеламчу нахий, парушхоший Іийсага дийхира: «Устаз! Тхуна чІогІа лаьара Ахьа тамашийна гІуллакхийн билгало гойтийла!» 39Амма Іийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тІаьхье! Тамашийна гІуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. 40Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чІеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КІант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий. 41Къематан дийнахь Нунав-гІалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хІунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву. 42Цу тІаьхьенах болчу нахаца цхьаьна къилбехьара зуда-паччахь а денлур ю кхел ечу хенахь, цо уьш бехке а бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахье ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву». 43«Харцжин стагах дІакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тІетовжа меттиг а ца карош. 44ТІаккха цо олу: „Со арадаьллачу цІа чу юхадоьрзур ду со“. Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Іийна меттиг яьсса а, нуй хьаькхна а, цІанйина а карайо цунна. 45ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу. Изза хир ду тахана дехаш Іаш долчу вон адамашца а». 46Нахаца Іийсас къамел дечу хенахь Цуьнан наний, вежарий арахь лаьтташ хилла, Цуьнца къамел дан лууш. 47Цхьаммо Іийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, Хьоьца къамел дан лууш, хьоьжуш лаьтташ бу-кх арахь». 48Иза аьллачуьнга Іийсас хаьттира: «Мила ю Сан нана, муьлш бу вежарий?» 49Шен мурдашка куьг а кховдош, Цо элира: «ХІорш бу Сан нана а, вежарий а! 50Сан стигалара волчу Ден лаам кхочушбеш верг Суна ваша а, йиша а, нана а ю!»

will be added

X\