IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Маттайс 11 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Іийса Шен шийтта мурдана хьехамаш бина ваьлча, Иза цигара дІа а вахана, Галилай-махкарчу гІаланашкахула кхайкхам а беш, хьехам а беш волавелира.   2  Іийсас лелош долчух лаьцна шена хезча, набахти чохь воллуш волчу Яхьъяс шен мурдаш бахийтира   3  Цунна тІе хаттарца: «Хьо вуй и ван везаш верг, я тхо кхечуьнга хьоьжуш Іан деза?»   4  Іийсас цаьрга элира: «Даха а гІой, Яхьъяга шайна гинарг а, хезнарг а дийца:   5  бІаьрзечарна бІаьрса ло, астагІнаш нийса дІалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цІанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо.   6  Декъала ву Сох шек воцург».   7  Мурдаш дІабахначул тІаьхьа Іийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу?   8  ХІан-хІа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хІума тІеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХІан-хІа. Исбаьхьа бедарш юьйхина нах паччахьан гІаланаш чохь Іаш бу.   9  Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХІаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву.   10  Цунах лаьцна Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“   11  Аса бакъдерг боху шуьга: кху дуьнен тІе бевллачарна юкъахь нах хих чекхбохучу Яхьъял сийлахь а, воккха а стаг вац. Делахь а стигалийн Олалла тІелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву.   12  Нах хих чекхбохучу Яхьъян заманера дуьйна таханлерчу денна тІе кхаччалц стигалийн Олалла, яккхий гІулчаш йохуш, дІадоьдуш ду, ницкъ беш берш иза сацо гІерташ белахь а.   13  ХІунда аьлча товрат-хьехамаша а, пайхамарша яздинчо а хиндерг схьааьлла долуш дара, Яхьъя лелаш хилла волу хан тІекхаччалц.   14  Цара бохуш дерг шу тІеэца кийча делахь, Яхьъя ву-кх шуна и вогІур ву бохуш волу ЭлияхІу.   15  Лергаш долчунна хІара дІахезийла.   16  Хьаьнца юстур ю Аса хІара тІаьхье? Уьш, базаран майданашкахь кхечу берашка мохь а бетташ, Іаш долчу берех тера ду:   17  „Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира! Оха шуна гІийла эшарш лекхира, ткъа шу гІайгІане а ца хилира!“   18  Яхьъя гучуваьлла. Цо хІума а ца йоу, мала а ца молу. Ткъа цунах лаьцна дуьйцу, иза жинаша хьийзош волу стаг ву бохуш.   19  Цул тІаьхьа Адамийн КІант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Цунах лаьцна а дуьйцу: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагІа ву!“ Амма Делера долу хьекъал бакъдо цунах даьллачу гІуллакхаша».   20  Іийса бехк боккхуш волавелира Ша Шен дукхах долу Іаламаташ гайтинчу гІаланийн бахархойх, уьш метта а баьхкина, Далла тІе ца берзарна.   21  «Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гІала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гІуллакхаш Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара.   22  Аса боху шуьга: Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахана къематан дийнахь дуккха а атта хир ду шуначул.   23  Ткъа хьо, Къапарнам-гІала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цІерга кхуссур ю. Седамехь хьуна гина долу Іаламаташ хиллехьара, иза хІара де тІекхаччалц лаьтташ хир яра.   24  Аса боху шуьга: Седамна кхана догІун долчу къематан дийнахь атта хир ду хьуна чул».   25  ТІаккха Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчеххий, Іилманчеххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна.   26  ХІаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду.   27  Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна, ткъа КІант Дена бен ца вевза. Да а ца вевза КІантаний, Цунна Да вовзийта лиъначунний бен.   28  Дуьйла Суна тІе, кІадделларшший, балехь дершший. Аса дагна синтем лур бу шуна.   29  Сан дукъ шайна тІеэца, Сох Іама, хІунда аьлча даг чохь Со чІогІа эсала а, кІеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу.   30  Сан дукъ а дІакхехьалур долуш ду, Сан мохь а бац беза».