Маттайс 10

1Іийсас, Шен шийтта мурд схьа а кхайкхина, царна бакъо елира харц жинаш дІалахка а, нахана дарбанаш а деш, уьш массо а цамгарех тобан а. 2Цу шийтта мурдан цІераш яра: дуьххьарлераниг – ШамІа, Кипа аьлла цІе тиллина волу. Цуьнан ваша Іандар, Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, 3Пилап, Барталамай, ТІама, ял схьагулъеш волу Маттай, ХІалпайн кІант Якъуб, Тхьада, 4ШамІа (ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг), ЯхІуд-Искархо а, тІаьхьо Іийсана ямартло йина волу. 5Іийсас, Шен шийтта мурд дІахьажош, царна тІедиллира: «Шамранан махкахь йолчу гІаланашна чу ма гІолаш, я кхечу къаьмнийн нахана тІе а ма гІолаш. 6Исраилан махкара хІаллакьхила хьаьхна, тиладеллачу уьстагІашна тІе гІо, 7кхайкхам беш: „Стигалийн Олалла генахь дац“. 8Цомгуш берш тобе, белларш денбе, чкъураца ца йоьрзу чевнаш ерш лазарх цІанбе, харц жинаш дІалелхаде. Маьхза карадеанарг мах боцуш дІало. 9Шайца я ахча а, я деши а, я дети а, я цІаста а схьа ма эца. 10Шаьш новкъа довлуш, некъан тІоьрмаг а схьа ма эца, шайна тІехь йолу бедаршший, мачашший бен. Іаса а ма эца шайца схьа. Къахьоьгуш долу шу хьакъ ма ду нахера юург-мерг схьаэца. 11Шаьш муьлххачу гІала я юьрта кхаьчча, хьажа, шаьш тІелаца хьакъ дерг мила ву. Иза волчохь Іе, шаьш дІадаха хан тІекхаччалц. 12Шаьш хьошалгІа доьлхуш, шаьш тІеоьцуш волчу хІусамдега маршалла хатта. 13Аша дІаделла долу маршалла тІеэца хьакъ долуш и хІусам елахь, машар а, барт а хуьлийла цу хІусамехь. Иза хила хьакъ долуш и хІусам яцахь, шун лаам шуна юхабоьрзийла. 14Шаьш тІе а ца оьцуш, аша бохучуьнга ла а ца дугІуш йолчу хІусамера я гІалара дІагІо, шайн когаш тІера чан охьа а егош. 15Бакъдерг боху Аса шуьга: къематан дийнахь цу гІалара хьал Седамеххьий, Іамор-гІалаххьий чул инзаре хир ду». 16«Аса дохуьйту шу, берзалойн арданг юккъе уьстагІий ма-дахийттара. Цундела, текхарг санна, хьекъале хилалаш, кхокха санна, дагахь хІума доцуш а хилалаш. 17Нахах ларлолаш, цара кхеле дІалур ду шу, шайн гуламан цІенош чохь етта а йоьттуьйтур ю шуна. 18Со бахьана долуш паччахьашний, элашний тІе а дуьгур ду шу. Царний, кхечу къаьмнех болчарний хьалха тоьшалла дан а дезар ду шун, шу Сан мурдаш болу дела. 19Шаьш дІалаьцначул тІаьхьа, хІун эр ду техьа оха бохуш, гІайгІане а ма хила, хІунда аьлча шуна дІаделлалур ду, хІун ала деза. 20Дагахь латтаделаш шайна иза, хІунда аьлча и къамел деш дерш шу хир дац, иза шун стигаларчу Ден Са хир ду шуьгахула цаьрца къамел деш. 21Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дІалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТІаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гІевттина, уьш бойур а бу. 22Сан цІе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кІелхьарвоккхур ву. 23Цхьана гІалахь шаьш къиза хьовзадахь, довдий, кхечу гІала дІагІо. Аса баккъал боху шуьга: Исраилан махкахь мел йолу гІаланашка шу кхаьчна довлале, Адамийн КІант вуссур ву». 24«Мурд устазал лахара а вац, ткъа ялхо шен олахочул лакхара а вац. 25Мурд воккхавеш хила веза, ша шен устазах дІатарлахь, ткъа ялхо а хила веза реза, ша шен элах дІатарлахь. Нагахь санна хІусаман дена БаІал-Зебула цІе тиллахь, цуьнан доьзалан муххале а и цІе йоккхур ю. 26Цундела царах ма кхера, хІунда аьлча мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. 27Аса шайга боданашкахь аьлларг а къеггинчу серлонгахь юхадийца. Лерга юххехь лохха Аса шайга аьлларг, цІийнан тхов тІе а довлий, мохь туххуш дийца. 28Ма кхера шайн дегІ ден йиш хиларх, шун са церан карахь дац. Ткъа кхералаш шайн дегІ а, са а жоьжахатехь хІаллакдан йиш Йолчунах. 29Шина хьозанах цхьа шай бен доккхур дуй те? Амма царах цхьа а лаьтта охьадужур дац шун Ден пурбанца бен. 30Шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! 31Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу! 32Нахана хьалха Со къобалвеш верг Аса Сайн стигаларчу Дена хьалха къобалвийр ву. 33Амма Со нахана хьалха дІатеснарг Аса а дІатосур ву Сайн стигаларчу Дена хьалха». 34«Ма мотталаш Со машар бахьаш веана дуьнен чу. Со машар бахьаш ца веана, тур дахьаш веана. 35Со веана „кІант дена дуьхьал ваккха, йоІ – нанна дуьхьал, нус – марнанна дуьхьал яккха. 36Шен цІа чохь берш хир бу стагана мостагІий“. 37Шен дай-наний Сол дукха дезаш верг Суна улло вала хьакъ долуш вац. Шен йоІ я кІант Сол дукхах дезаш верг а вац Соьца хила хьакъ долуш. 38Шен баланийн мохь схьа а эцна, Суна тІаьхьа ца хІоьттинарг Суна уллохь хила хьакъ долуш вац. 39Шен са Іалашдан гІоьртинарг синах вер ву, амма Сан дуьхьа са дІаделлачунна иза карор ду. 40Шу тІеоьцуш волчо Со а тІеоьцу, ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу. 41Пайхамар пайхамаран дуьхьа тІеоьцучунна, пайхамарна санна, ял хир ю, ткъа Делан лаамехь верг Цуьнан дуьхьа тІеоьцучунна, Делан лаамехь волчунна санна, ял хир ю. 42Царах лахара волчунна а гІо диначунна, иза Сан мурд вуйла а хууш, Аса баккъалла а боху шуьга, цунна шен ял хир ма ю, цо цунна кеда чохь шийла хи бен ца деллехь а».

will be added

X\