Маттайс 1

1ХІара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Іийсан схьаваларх лаьцна долу дІаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахІиман тІаьхьенах хилла. 2ИбрахІим Исхьакхан да хилла, Исхьакх – Якъубан да, Якъуб – ЯхІудан а, цуьнан вежарийн а да, 3ЯхІуд – Парасан а, Зерахьан а да, ткъа церан нана Тамара хилла. Парас Хьацранин да хилла, Хьацрани – Раман да. 4Рам Іамминадабан да хилла, Іамминадаб – Нахьшонан да, Нахьшон – Салманан да, 5Салман – БоІазан да. БоІазан нана Рахьаб хилла. БоІаз Іабадин да хилла. Іабадин нана Рути хилла. Іабади Юшайн да хилла, 6Юшай – Даудан да хилла. Дауд Сулим-паччахьан да хилла, цуьнан нана хьалха УръяхІугахь марехь хилла. 7Сулим-паччахь РахьбуІаман да хилла, РахьбуІам – Аби-ЯхІун да, Аби-ЯхІу – Асин да, 8Аса – ЯхІушаптин да, ЯхІушапти – Йораман да, Йорам – Іузи-ЯхІун да, 9Іузи-ЯхІу – Йовтаман да, Йовтам – Ахьазан да, Ахьаз – Хьузакх-ЯхІун да, 10Хьузакх-ЯхІу – Маннашан да, Маннаш – Аминан да, Амин – Юши-ЯхІун да, 11Юши-ЯхІу – Яхун-ЯхІун а, цуьнан вежарийн а да хилла. Цу хенахь дерриг а Исраилан къам Бавел-махка дІадигна хилла. 12Бавел-махкара цІа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхІу Шалтаалан да хилла, Шалтаал Зурбабелан да хилла, 13Зурбабел – Авадин да хилла, Авади – Элъякъиман да, Элъякъим – Узаран да, 14Узар – ЦІадукъин да, ЦІадукъа – Ахьмин да, Ахьма – Аладин да, 15Алади – ЭлиІазаран да, ЭлиІазар – МатІанин да, МатІани – Якъубан да, 16Якъуб – Мареман майра волчу Юсупан да. Марема Іийса вина, Дала леррина Къобалвинарг аьлла, цІе йоккхуш волу. 17ИбрахІимна тІера Даудана тІе кхаччалц ейтта тІаьхье хилла, Даудана тІера Бавеле йийсаре бахийтталц – ейтта тІаьхье хилла, ткъа иштта ейтта тІаьхье кхиъна Бавелера юхабалийначул тІаьхьа Іийса дуьнен чу валлалц. 18Цуьнан дуьнен чу валар иштта хилира: Іийсан нана Марем Юсупна ехна хилла. Амма иза маре яхале гучудаьлла Марем Делан Синах доьзалхочух хилар. 19Цуьнан хин волу майра Юсуп чІогІа оьзда стаг хилла. Цо шайна юкъахь хьахаделла долу захало, нахала а ца доккхуш, дохо сацам бина хилла. 20Цо цу гІуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гІенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: « Даудан кІант Юсуп, Марем хьайна дІайига ма кхера, хІунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду. 21Цо кІант вийр ву. Цуьнан цІе Іийса тиллалахь, хІунда аьлча Цо Шен къам къинойх кІелхьардоккхур ду». 22И шадерг а хилла, Везачу Эло Шен пайхамарехула аьлларг кхочуш хилийтархьама. Делан Йозанна тІера дешнаш иштта дара: 23«ЙоІстага, берах а хилла, КІант вийр ву, Цуьнан цІе Іимануал туьллур ю. Иза „Тхоьца Дела ву!“ – бохург ду». 24Юсуп самаваьлча, цо, Везачу Элан малико ма-хьеххара, Марем шена маре схьаялийра. 25Амма бер дина яллалц, цо цунах куьг ца туьйхира. Юсупа цу кІентан цІе Іийса тиллира.

will be added

X\