IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Марк 9 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  ТІаккха кхин а элира Іийсас: «Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна, шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду шен мел болчу ницкъаца».   2  Ялх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Іийса лекхачу лам тІе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира.   3  Цунна тІера духар бІаьрг тІе а ца хІуттуш кІайделира, хІокху лаьтта тІехь хІуманаш юьттучу цхьана а стага кІайдийр доцучу тайпана.   4  Церан бІаьрг кхийтира Іийсаца къамел деш волчу ЭлияхІу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий.   5  Кипас, Іийсагахьа а вирзина, элира: «Устаз! Ма дика Іа вай кхузахь, кхо кхалор ей вай: цхьаъ Хьуна, цхьаъ Мусана, цхьаъ ЭлияхІуна».   6  Кипас элира и, ша хІун эр ду а ца хиъна, хІунда аьлча мурдаш чІогІа кхерабеллера.   7  Ткъа цу хенахь, марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХІара ву Суна дукхавезаш волу Сан КІант. Цуьнга ладогІа!» – аьлла.   8  Цу сохьта, уьш шайна гонах хьаьжча, царна юххехь кхин цхьа а ца гира, Іийса воцург.   9  Уьш лам тІера охьабуьссучу хенахь, Іийсас царна тІедиллира, шайна гиначух лаьцна цхьаьнгге а ца дийцар, Адамийн КІант веллачуьра денваллалц.   10  Мурдаша хилларг къайладаьккхира, амма вовшашлахь цара хоьттура: «Веллачуьра денвалар хІун ду те?»   11  Цара хаьттира Іийсага: «Хьалха ЭлияхІу-пайхамар ван веза хІунда олу те Іелам наха?»   12  Іийсас жоп делира царна: «ХІаъ, хьалха билггала ЭлияхІу-пайхамар ван веза, массо а хІуманна тІехь низам хІотторхьама. Ткъа Адамийн КІантах лаьцна яздина хІунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла?   13  Амма Ас боху шуьга, ЭлияхІу-пайхамар цкъа веанера, цунна а шайна луъург дира, цунах лаьцна яздина ма-хиллара».   14  Уьш шайн бисинчу мурдашна тІе юхабирзича, царна гонах йоккха тоба а, цаьрца къуьйсуш лаьтташ Іелам нах а гира ІийсагІарна.   15  Цу сохьта, Іийса а гина, массо а адам цецдаларца тІехьаьдира, Цуьнга маршалла хаттархьама.   16  Іийсас хаьттира цаьрга: «ХІун къуьйсу аш цаьрца?» – аьлла.   17  Тобанна юкъара цхьана стага жоп делира Цуьнга: «Устаз! Сайн кІант валийна аса Хьуна тІе. Иза мотт сацочу жино хьийзаво.   18  И жин тІе а кхоссалой, и кІант цо лаьттах тоьхча, цуьнан бетах чопа а хІуттий, цергаш а хьекхош, Іада а вой, вуьсу иза. Хьан мурдашка и жин арадаккхар дехнера аса, амма цаьрга иза дан ца дели».   19  ТІаккха Іийсас элира, цаьргахьа а вирзина: «Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Суна тІе».   20  КІант Іийсана тІе валийра. Іийса гича, жино кІантана лазар а даийтина, иза охьатуьйхира. Ткъа важа, лаьтта охьа а воьжна, керча а керчаш, багара чопа а оьхуш дІахІоьттира.   21  ТІаккха Іийсас хаьттира цуьнан дега: «Мел хан ю цунна иза хуьлуш долу?» «Беран хенахь дуьйна», – элира дас.   22  «Дукхазза а жино цІерга а, хи чу а кхоьссина иза, верхьама. Нагахь Хьайга хІуъа а цхьа хІума далур делахь, тхох къинхетам бай, гІо дехьа тхуна».   23  Іийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! – Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна».   24  КІентан дас, велха а воьлхуш, элира: «Со баккъалла а теша! Со цатешарна, теша гІо дехьа суна!»   25  Шайна сихха тІейогІуш йолу адамийн тоба а гина, Іийсас жине элира: «Аса омра до хьоьга: ара а далий, кхин цкъа а хІокхунна чу ма дола!» – аьлла.   26  Ткъа жин, мохь а хьокхуш, кІентан пхенаш чІогІа ийза а дойтуш, цунна чуьра араделира. КІант, велча санна, Іуьллуш вара, цундела дукхахболчара бохура: «Иза велла».   27  Ткъа Іийсас, кІентан куьг а лаьцна, цунна хьалагІатта гІо дира.   28  Цул тІаьхьа, Іийса цІа чу ваьлча, Иза Ша волуш, мурдаша хаттар дира Цуьнга: «Тхоьга хІунда ца даккхаделира те и жин ара?» – аьлла.   29  «И тайпа жинаш доІанца бен, кхечу тайпана даккхалур долуш дацара», – аьлла, жоп делира Іийсас цаьрга.   30  Цигара ара а бевлла, Галилай-махкахула бахара уьш. Цхьанна а шаьш догІий хаа ца лаьара Іийсана,   31  Шен мурдашца цхьаьна а висина, царна хьехамаш бархьама. Іийсас олура цаьрга: «Адамийн КІант, нехан кара а велла, вуьйр ву, ткъа кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву».   32  Амма мурдаш ца кхийтира оцу дешнех, ткъа хатта уьш кхоьрура.   33  Уьш Къапарнаме баьхкира. Іийса цІа чохь волуш Цо хаьттира мурдашка: «Новкъахь догІуш стенах лаьцна дуьйцуш дара шу?» – аьлла.   34  Амма уьш бист а ца хилира, хІунда аьлча уьш новкъа богІучу хенахь цара вовшашлахь дийцинарг шайх уггаре лакхарниг муьлха ву те бохург дара.   35  ТІаккха Іийсас, охьа а хиъна, Шен шийтта мурд тІе а кхайкхина, элира цаьрга: «Нагахь санна шух цхьанна хьалхара хила лаахь, иза массарал а тІаьхьара хила веза, массеран а ялхо а хуьлуш».   36  Бер схьа а эцна, иза царна юккъе дІа а хІоттийна, мара а доьллина, мурдашка элира Цо:   37  «Сан дуьхьа оцу кегийчу берех цхьаъ тІеэцначо Со а тІеоьцу. Ткъа Со тІеоьцучо, Со тІеэцна а ца Іаш, Со Ваийтинарг а тІеоьцу».   38  Яхьъяс элира Іийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цІарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гІиртира тхо».   39  Іийсас элира: «Сеца ма ве аш иза, хІунда аьлча, цхьаммо а Сан цІарах Іаламаташ а деш, гергарчу хенахь Сох лаьцна вониг дуьйцур дац,   40  хІунда аьлча вайна дуьхьал воцург вайца ву.   41  Ткъа шу Дала леррина Къобалвинчунна тІаьхьа хІиттина долу дела, шуна хин кад луш волчунна, билггала боху Аса, шена догІург дІакхочур ду».   42  «Амма, хІокху Сох тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга цхьаммо къа латадайтича, цунна гІоле яра, шен коча хьеран тІулг а оьллина, ша хІорда чу кхоссийтича.   43  Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тІера даккха – заьІап а волуш, Далла гергахь вахар гІоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цІергахь а вогуш.   45  Нагахь санна хьан кого хьоьга къа латадойтуш делахь, иза а дІабаккха тІера. Ког а боцуш Далла гергахь вахар гІоле ю, ши ког а болуш жоьжахате кхуссуьйтучул.   47  Ткъа нагахь хьан бІаьрго хьоьга къа латадайтахь, чуьра баккха иза. Делан Олалла тІе а лаьцна, Цунна юххехь цхьана бІаьргаца вахар а гІоле ю, ши бІаьрг а болуш ша жоьжахате кхуссуьйтучул,   48  цу чохь „нІаьно гуттар а дегІ а къийзор ду, цкъа а дІа ца йовш цІе а хир ю“.   49  ХІунда аьлча Дала цІергахь цІанваран баланах цхьа а вер вац, адам дахчорхьама.   50  Туьха дика хІума ю, амма цуьнан чам дІабаьлча, иза юха дуьра стен дийр ду? Шайна чуьра туьхан чам ма байа, вовшашца бертахь а Іе».