Марк 8

1Иштта цхьана дийнахь дукха адам гулделлера Іийса волчу, ткъа царна яа хІума яцара. Іийсас, Шен мурдаш тІе а кхайкхина, элира цаьрга: 2«Суна къахета оцу нахах, хІунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хІума яц. 3Аса меца дІабахийтича, новкъахь гІеллур бу уьш, хІунда аьлча царах цхьаберш геннара баьхкина бу». 4Цуьнан мурдаша жоп делира: «ХІара адам дузо иштта яьссачу меттехь мичахь карор ду оццул бепиг?» 5Іийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь?» – аьлла. «ВорхІ ду», – аьлла, жоп делира цара. 6ТІаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхІ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доІа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Іийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура. 7Иштта масех жимо чІара а бара цаьргахь, уьш а, декъалбина, бекъийтира Іийсас. 8Наха шаьш буззалц хІума йиира. Дисинчу дакъоша ворхІ тускар дуьзира. 9Ткъа гулделла адам диъ эзар кхоччуш дара. Цул тІаьхьа Іийсас нах дІабахийтира, 10ткъа Ша, сихха Шен мурдашца хинкеман тІе а хиъна, ДалманутІа олучу меттигна юххехьа веара. 11Цигахь парушхой, тІе а баьхкина, Іийсаца къийса буьйлабелира. Стигалара тамашийна билгало гайта аьлла дехар дира цара Іийсага, Иза зерхьама. 12Доккха са а даьккхина, Іийсас элира: «Тамашийна билгало гайтар хІунда доьху аш Соьга? Баккъалла а боху шуьга, тамашийна билгало гойтур яц Ас шун тайпанна а». 13ТІаккха, уьш Іад а битина, юха а Шен мурдашца хинкеманна тІе а хиъна, Іоман дуьхьалара берда тІе вахара Іийса. 14Оцу хенахь мурдашна шайна яа хІума схьаэца дицделлера, хинкеман тІехь долу цхьа бепиг бен хІумма а яцара цаьргахь. 15Іийсас дІахаийтира цаьрга ишттачу дешнашца: «Хьовсалаш! Парушхойн а, ХІародан а муьстачу бедах ларлолаш». 16ТІаккха мурдаш вовшашлахь дагабуьйлуш бара, и бохург хІун ду те бохуш. «Вайгахь бепиг доцу дела боху хьуна Цо вайга иштта», – бохура цара вовшашка. 17Цара стенах лаьцна дуьйцу хууш волчу Іийсас элира цаьрга: «Стенна дуьйцу аша, шайгахь бепиг дац бохуш? ХІинца а ца го те шуна, кхета а ца кхета те шу? Дегнаш оццул шагделла те шун? 18БІаьргаш боллушехь, ца го те шуна? Ткъа лергаш доллушехь, ца хеза те шуна? Дага ца догІу те шуна, 19маса тускар дуьззина баьпкан юьхкаш гулйира аша, Аса пхи бепиг пхи эзар стагана доькъучу хенахь?» «Шийтта тускар дара», – жоп делира мурдаша. 20«Ткъа Аса ворхІ бепиг виъ эзар стагана декъча, дуьззина маса тускар юьхкаш гулйира аша?» «ВорхІ», – жоп делира цара. 21ТІаккха Цо хаьттира цаьрга: «ХІинца а ца кхета те шу?» – аьлла. 22Уьш Бет-Саида-гІала кхечира. Цигахь Іийсана тІе бІаьрса дайна стаг а валийна, цунах Іотталахьара аьлла, дийхира Цуьнга. 23Іийсас и стаг, куьг а лаьцна, юьртах араваьккхира. ТІаккха цуьнан бІаьргаш тІе туй а хьаькхна, стагана тІе Шен куьйгаш а дехкина, хаьттира: «ХІумма а гой хьуна?» – аьлла. 24Стага, хьала а хьаьжна, элира: «Суна уллохула чекхдовлуш адамаш го. Уьш диттех тера ду». 25ТІаккха Іийсас Шен куьйгаш стеган бІаьргашна тІе дехкира, вукхо бІаьргаш шуьйра дІадиллира, цунна бІаьрса а деъна, юха а дика ган а гуш, дІахІоьттира иза. 26ТІаккха Іийсас и стаг цІа вахийтира: «Юьрта чу ма гІолахь», – олуш. 27Цул тІаьхьа Іийса Шен мурдашца Пилап-паччахьан гІалин гонахарчу ярташка воьду. Новкъахь Цо Шен мурдашка хаьттира: «Со мила ву олу наха?» – аьлла. 28Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву олу, ткъа вукхара – ЭлияхІу-пайхамар ву боху, кхозлагІчара тоьшалла до, Хьо пайхамарех цхьаъ ву бохуш». 29ТІаккха Іийсас хаьттира: «Ткъа аша хІун боху, Со мила ву боху аша?» Кипас жоп делира Цунна: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла. 30ТІаккха Іийсас Шех лаьцна цхьаьнга а дийцар дихкира мурдашна. 31Цул тІаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Іийса. Цо дийцира Адамийн КІентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а тІе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагІчу дийнахь денвала везарх а. 32Іийсас, лечкъа а ца деш, дІадийцира цаьрга цунах лаьцна. Ткъа Кипас, Иза юьстах а ваьккхина: «Ишттаниг дийца а ма дийца», – элира. 33Амма Іийсас, юха а вирзина, Шен мурдашка а хьаьжна, буьрса жоп делира Кипе: «ДІадала Суна уллора, иблис! Хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю». 34ТІаккха нах а, Шен мурдаш а тІе а кхайкхина, Цо элира цаьрга: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. 35ХІунда аьлча шен са кІелхьардаккха лууш верг сих вер ву, амма Сан а, Делера болу хазачу кхоан а дуьхьа шен са дІалучо иза кІелхьардоккхур ду. 36ХІунда аьлча хІун пайда бу адамна, хІара дерриге а дуьне карахь хилча а, иза шен сих волуш хилча. 37Ткъа хІун делча, шен са юхадерзалур ду адаме? 38Амма хІокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КІант, дІавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача».

will be added

X\