Марк 7

1Ярушалаймера баьхкина парушхой а, масех Іелам стаг а вара Іийсана гонах гулвелла. 2Цуьнан цхьаболчу мурдаша, куьйгаш цІандар а доцуш, хІума юуш гира царна. Ткъа Далла гергахь иза боьха лорура цара. 3ХІунда аьлча, хьалхалера Іедале а доьгІна, парушхоша а, массо а кхечу жуьгташа а, церан Іедалехь ма-бохху, куьйгаш цІандиний бен хІума ца йоу. 4Ткъа шаьш базарара еана хІума а шатайпана цІанйиний бен ца йоу. Кхин долу а дуккха а Іадаташ леладора цара, масала, кедаш а, гІумгІанаш а, йоьза кхабанаш а, мотт-гІайбеш а цІанъяр тІехь. 5Цундела парушхоша а, Іелам наха а хаьттира Іийсага: «Хьан мурдаша, вайн дайша лелийна Іадаташ хІунда ца лору, куьйгаш цІан а дина, хІунда ца йоу цара хІума?» – аьлла. 6Іийсас элира цаьрга: «Нийса хилла ЕшаІ-ЯхІу-пайхамар, ша Делера болу хаам беш. Шух, шалхо лелочарех, яздина ма-хиллара: „ХІокху адамаша Со багахь лору, ткъа церан дегнаш Суна дукха генахь ду. 7Церан ларамах пайда бац, хІунда аьлча церан хьехамаш Делера бац, уьш адамаша кхоьллина бу“. 8Аша, адамийн Іадаташ схьа а лаьцна, Дала тІедехкинарш ца лору». 9Кхин а Іийсас элира цаьрга: «Шуна хьекъале ду моьтту, Дала тІедехкинарш а ца лоруш, шайн Іадаташна тІаьхьахІоттар. 10Муса-пайхамаро ма аьлла: „Хьайн дай-наний лара“, ткъа „Шен дена я нанна неІалт аьлларг вен веза“. 11Амма, нагахь стага шен дега-нене: „Сан шуна гІо дан йиш яц, хІунда аьлча шуна лерина хилларг ‘ кхурбан ’ дІало“ (иза арамхойн маттахь „Далла лерина совгІат“ бохург ду), – аьлча, 12дена-нанна дан дезачух иза кІелхьарволу бохуш, чІагІдо аша. 13Делан Дош а ца лоруш, шайн дайша делла Іадат лору аш. И тайпа хІуманаш дукха леладо аша». 14ТІаккха юха а, нах Шена тІе а кхайкхина, Іийсас элира: «ЛадогІа Соьга массара а, дІа а лоцуш. 15Адамна чу яханчу цхьанна а хІумано Далла гергахь бехвийр вац стаг. Амма адаман даг чуьра арадолучу сийсазчу хІумано бехвийр ву иза». 17Нах а битина, Іийса цІа чу ваьлча, мурдаша оцу дустарх лаьцна хаьттира Цуьнга. 18Ткъа Іийсас жоп делира: «Шу а ду те иштта ца кхеташ? Шуна ца го, адамо дууш долчу цхьанна а хІумано, Далла гергахь бехван йиш йоцийла? 19ХІунда аьлча и тІеоьцу хІума, дагах а ца кхеташ, кийрара хьерана чу а йоьдий, тІаккха чуьра арайолу». (Иштта, юуш йолу хІума ерриге а Далла гергахь цІена хилар хаийтира Іийсас.) 20Кхин а тІетоьхна элира Цо: «Ткъа адамна чуьра арадолучо иза Далла гергахь бехво. 21ХІунда аьлча кийрара адамийн дегнаш чуьра ца оьшу вон ойланаш а арайовлу, нахаца лелар а, къола дар а, вер а, 22ямартло а, ша-шен везар а, мекаралла а, Іехор а, лело ца дезарг лелор а, хьегар а, доцург кхоллар а, ша лакхара ларар а, кхетам бацар а. 23И дерриге а зулам адамна чуьра ара а долий, цо стаг Далла гергахь бехво». 24И меттиг а йитина, Цора олучу гІалин юххерчу меттигашка вахара Іийса. Ша цІа чу волуш, цхьанна а ца хоуьйтуш ваха лиира Іийсана, делахь а хьулвалар ца хилира Цуьнан. 25Харцжинаша йоІ хьийзош йолчу цхьана зудчунна хааделира Іийса вар, оцу сохьта схьа а еана, Цуьнан когашка юьйжира и зуда. 26Иза Сирийпиникера схьаяьлла йолу грекахо яра. Цо чІогІа дехар дира Іийсага, шен йоІана чуьра жин арадаккхахьара аьлла. 27Іийсас элира цуьнга: «Цкъа хьалха бераш дузадайта, хІунда аьлча нийса а хир дац берашкара юург, схьа а яьккхина, жІаьлешна тасар». 28Амма зудчо жоп делира Іийсага: «Эла, ур-атталла жІаьлеша а ма доу стоьла кІел бераша эгийна цуьргаш». 29ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Ахьа иштта жоп даларна маршонца цІа яха мегар ду хьо. Жин арадаьлла хьан йоІана чуьра». 30Ша цІа йирзича, жин чуьра ара а даьлла, меттахь йижина Іаш карийра зудчунна шен йоІ. 31Цора-гІалина гонахьара меттигашкара ЦІаданехула а, Иттшахьар-махкахула а Галилай-Іомана тІе веара Іийса. 32Къора а волуш, лер доьхна а волу стаг Іийсана тІе а валийна, цара дехарш дира, цунна тІе куьйгаш дахкахьара аьлла. 33И стаг схьа а къастийна, жимма дехьа а ваьккхина, цуьнан лергаш чу Шен пІелгаш дехкира Іийсас. ТІаккха, туй а хьаькхна, цуьнан маттах Іотта а велла, 34стигала а хьаьжна, доккха са а даьккхина, Іийсас элира цуьнга: «Эппатхьа!» (иза «дІаделлало» бохург ду). 35Оцу сохьта вукхунна хаза а хезира, цуьнан мотт дІа а бастабелла, цІенна хабар дийца а волавелира иза. 36Іийсас чІогІа тІедиллира царна, цхьаьнгге а хиллачух лаьцна цадийцар, амма Цо чІогІа мел дихки а, уггаре а дукха дуьйцура цунах лаьцна. 37Адамаш чІогІа инзардаьлла дара, цара олура: «Цо дерриге а дика до. Ур-атталла ца хезачарна хаза а хозуьйту, мотт сецначаьрга хабар а дуьйцуьйту».

will be added

X\