Марк 6

1Оцу меттигера ара а ваьлла, Ша кхиинчу гІала веара Іийса. Цуьнца Цуьнан мурдаш а бара. 2Шоьтан де тІедеача, гуламан цІа чохь хьехамаш бан волавелира Иза. Дукхахболчара Іийсага ла а дугІий, инзарбовларца а, шеконца а вовшашка хоьттура: «Мичахьара баьлла те Цунна и хьехам? И хІун хьекъал ду те Цунна делларг, и инзаре хІуманаш а хуьлуш Цуьнан куьйгашца. 3Ша дечиган пхьар а волуш, оцу Якъубан а, Юшан а, ЯхІудан а, ШамІин а ваша а волуш, Мареман кІант вац Иза? Кхузахь, вайна юкъахь, бац Цуьнан йижарий а?» Оцу нахана Иза къобалван ца лиира. 4Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Ша схьаваьллачу меттигехь а, шайчарна юкъахь а, шен цІахь а бен ца хуьлу пайхамар наха ца лоруш». 5Цигахь башха тамашийна хІума ца даделира Іийсага, цхьаццаболчу цомгушчу нахана тІе куьйгаш а дехкина, уьш тобар бен. 6Іийса чІогІа цецвуьйлура оцу нехан цатешарх. ТІаккха ярташкахула адамашна хьехамаш бан вахара Иза. 7Шен шийтта векал тІе а кхайкхина, уьш шишша а бекъна, царна харц жинашна тІехь олалла дан бакъо а елла, уьш цхьаццанхьа дІасахьажийра Іийсас. 8Ткъа уьш дІабуьйлалуш, Цо цаьрга элира: «Шайца хІумма а схьа ма эца: я бепиг а, я тІоьрмаг а, я юкъах дихкина ахча а, еккъа некъан Іаса йоцург. 9Кога юьйхина мачаш а, шайна тІехь йолу цхьа бедар а бен, сов хІумма а ма хьуо». 10Кхин а тІетуьйхира Цо: «Шаьш дуьххьара даханчу цІеношкахь саца, оцу гІалара арадовллалц. 11Нагахь санна шаьш цхьана меттигехь тІе ца лацахь а, я ла ца догІахь а, шаьш цигара дІадоьлхуш, шайн когаш тІера чан охьаегае. Шу тІе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза». 12ТІаккха къинош летийнарш метта а бохкуьйтуш, Далла тІеберзорхьама, кхайкхамаш а беш, дІабуьйлабелира векалш. 13Дуккха а нахана чуьра жинаш ара а дохуш, дуккха а цомгушчарна зайтдаьтта а хьокхуш, уьш тобира цара. 14Іийсан цІе дикка массанхьа а яьржина хиларна, ХІарод-паччахьна а дІахезира Цунах лаьцна. Цхьаболчара Іийсах лаьцна: «Иза веллачуьра денвелла нах хих чекхбоху Яхьъя ву, цундела Цо инзаре хІуманаш до», – олура. 15Вукхара олура: «Иза Эли-ЯхІу-пайхамар ву». Ткъа кхозлагІчара тоьшалла дора: «Иза, ширачу заманахьлера пайхамарех терра а волуш, цхьа пайхамар-м ву», – бохуш. 16И шена хезча, ХІарода элира: «Аса корта тІера баккхийтина Яхьъя веллачуьра денвелла», – аьлла. 17ХІарода, шена йигна йолу, шен вешин Пилапан зуда ХІародад бахьана долуш, омра динера, Яхьъя, схьа а лаций, набахти чу волла аьлла. 18ХІунда аьлча Яхьъяс аьллера ХІароде, цо шен вешин зуда шена йигар Іедалехь нийса дац аьлла. 19Цундела ХІародад хьагІ хилла яра Яхьъяна, иза вийна а, дІаваккха лууш. Амма и дан цуьнан таро яцара, 20хІунда аьлча ХІарод Яхьъях ийзалуш вара, иза бакъонца лелаш а, Дала вазвина а стаг вуй хууш. Цо иза лар а вора. Яхьъяс бечу кхайкхамашка там хиларца ладугІура ХІарода, цара шен гуттара а синтем бойушшехь. 21Цкъа ХІарода ша вина де даздечу дийнахь, доккха той хІоттийра, пачхьалкхан а, тІеман а хьаькамаш а, хьалдолу нах а кхайкхина. 22Ткъа ХІародадан йоІ, юкъа а яьлла, халха яьлча, чІогІа там хиллера ХІародана а, цуьнан хьешашна а. ТІаккха ХІарода оцу йоІе элира: «Хьайна луъург еха соьгара, ахьа ехнарг аса дІалур ю хьуна», – аьлла. 23Цо, дуй биъна, чІагІо йира: «Хьуна лиънарг лур ю хьуна, ур-атталла сайн ах пачхьалкх а», – аьлла. 24ЙоІа, ара а яьлла, шен нене хаьттира: «ХІун еха аса», – аьлла. Ткъа вукхо жоп делира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъян корта беха», – аьлла. 25ЙоІа, сихха паччахьна тІе а яхана, дийхира: «Ахьа хІинцца шуьна чохь нах хих чекхбаьхначу Яхьъян корта балар лаьа суна», – аьлла. 26Паччахьна и чІогІа новкъадеара, делахь а ша оцу хьешашна хьалха дуй биъна дела, цо дуьхьало ца йира оцу дехарна. 27ХІарода оцу сохьта чалтач вахийтира, цуьнга, Яхьъян корта тІера а баккхий, схьаба аьлла, омра а дина. Вукхо вахана набахти чохь, Яхьъян корта а баьккхина, 28схьа а беана, шуьна чохь йоІе дІакховдийра, ткъа йоІа шен нене белира иза. 29Яхьъян мурдашна иза хезча, цара баьхкина, цуьнан дегІ схьа а эцна, къубба чу диллира. 30Векалша юхабирзича, Іийсана гонах а хевшина, шаьш лелийначу гІуллакхех а, шаьш нахана хьехначух а лаьцна дийцира Цуьнга. 31Іийсас элира цаьрга: «Шуьга са а доІуьйтуш, адам доцучу метте дІадовла вай цхьаьна». ХІунда аьлча уьш болчу меттехь чІогІа дукха нах бара, ур-атталла хІума яа а меттиг ца йолуш. 32Цундела уьш, нахах дІа а къаьстина, хинкеман тІехь цхьа а воцучу яьссачу метте бевлира. 33Амма дукхахболу нах, хІорш дІабовлуш а гина, уьш бовзарна, массо а гІаланашкара гул а белла, берд тІехула бевдда, кхарал хьалхабевлира. 34Ша хийисте хьалаваьлча, Іийсана адамийн йоккха тоба гира. Уьш Іу воцу уьстагІех а тарбелла, царах чІогІа къахийтира Іийсана. ТІаккха Иза оцу нахана дуккха а хьехамаш бан волавелира. 35Де чаккхенга гІерташ дара, цундела Цуьнан мурдаша, Іийсана тІе а бахана, элира Цуьнга: «ХІара меттиг яьсса а ю, вайна дикка хан а яьлла. 36Шайна юург а оьцуш, юххерчу ярташка дІабахийтахьа и нах». 37Амма Іийсас жоп делира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хІума». Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Оха, дахана, массарна а ши бІе динари ахчанах бепиг а эцна, иза дао-м ца деза царна?» 38ТІаккха Іийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь? ГІой, хьовсал». Бепиг маса ду а хиъна, цара элира: «Тхоьгахь пхи хьокхам а, ши чІара а бу-кх». 39ТІаккха, и нах берриш а сийначу бай тІе охьаховшабе аьлла, омра дира Іийсас мурдашка. 40Уьш, бекъа а белла, бІе а, шовзткъе итт а цхьаьна а болуш, охьахевшира. 41Ткъа Іийсас и пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дІадийкъира. ТІаккха и ши чІара а массарна бийкъира Цо. 42Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. 43Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чІеро а шийтта тускар а дуьзира. 44Ткъа юуш верг пхи эзар стаг вара. 45Цу сохьта и нах Ша дІахецаре а ца хьоьжуш, хинкеманна тІе а хаийтина, Шел хьалха, Іоман дуьхьаларчу берда тІе Бет-Саида-гІала дІабахийтира Іийсас Шен мурдаш. 46Нах дІа а хьажийна, доІа дан лам тІе хьалавелира Іийса. 47Суьйре тІееача, хинкема Іомана юккъехь дара, ткъа Іийса лам тІехь Ша вара. 48Хин тІехь дуьхьал богІу мох болу дела, мурдашна пийсакашца кема лело хала хилар гира Іийсана. ТІаккха буьйсанна кхо сахьт даьллачул тІаьхьа Иза хи тІехула царна тІе вахара. Іийса тІехвала воллучу хенахь, 49Иза хин тІехула волавелла вогІу а гина, мурдашна Иза гІаларт ду а моттаделла, цара дукха кхерабаларна маьхьарий хьаькхира, 50хІунда аьлча царна массарна а гира Иза, уьш чІогІа кхера а белира. Цу сохьта Іийсас, вист а хилла, элира цаьрга: «Доьналла долуш хила! Со ву шуна иза! Ма кхера!» 51ТІаккха Иза цаьрца кеман тІе а хиира, цу сохьта мох а сецира. Мурдаш чІогІа цецбевллера, 52хІунда аьлча хьалха баьпкаца хиллачу тамашийна хІуманах а ца кхийтира уьш, дІакъовладелла дара церан дегнаш. 53Хин кеман тІехь Іомал дехьа а бевлла, Гансарт-махка а кхаьчна, севцира уьш. 54Уьш кеман тІера охьабуьссушехь, нахана Іийса вевзира. 55Цара, бевдда, сихонца дІасабаржийра гонах Цунах лаьцна хаам. ТІаккха Іийса миччахьа сецча а, Цунна тІе меттахь болу цомгушнаш бало буьйлабелира. 56Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гІаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тІе а балабой, чІогІа доьхура Іийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дІахІуттура.

will be added

X\