Марк 5

1Іийса шен мурдашца дуьхьаларчу берда тІехь лаьттачу ГІарас цІе йолчу меттиге веара. 2Иза хинкеманна тІера лаьтта ваьлча, Цунна дуьхьал нах дІабухкучу хьехаш чуьра жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. 3Оцу хьехаш чохь Іаш вара иза. Цхьаьнгге а ур-атталла зІенашца а дІа ца вехкалора иза, 4хІунда аьлча мосуьйттазза а зІенашца вихкича а, когех буржалш тоьхча а, цо уьш хедадора. Цхьаьнггахь а иза теван ницкъ а бацара. 5Массо дийнахь а, буса а къуббанашна а, баьрзнашна а юккъехула а лелаш, чІогІа мохь а хьоькхуш, тІулгех ветталуш лелара иза. 6Геннара Іийса вогІу а гина, дуьхьал а ведда, Цунна хьалха гора а воьжна, 7чІогІа мохь хьаькхира цо: «Хьуна хІун оьшу соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Делан дуьхьа доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со?» 8Ткъа Іийсас хІетале омра динера жине: «Арадала оцу стагана чуьра!» – аьлла. 9ТІаккха Іийсас хаьттира жине: «ХІун ю хьан цІе?» – бохуш. Вукхо жоп делира: «„Эскар“, хІунда аьлча тхо дуккха а ду». 10Оцу жинаша чІогІа дехар дира Іийсага, шаьш оцу махкара дІа ма довлийтахьара аьлла. 11Циггахь лам тІехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. 12Жинаша Іийсага дийхира, шаьш царна чу довлийтахьара аьлла. 13Цо царна пурба делира. Жинаш, оцу стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Ши эзар гергга йолу хьакхарчий, лекхачу берда тІера хи чу а лилхина, Іоман буха яхара. 14Іуй, бевдда дІа а бахана, гІалахь а, юххерчу ярташкахь а хиллачух лаьцна дуьйцуш бара. Нах хьажа баьхкира, хилларг хІун ду те аьлла. 15Іийсана юххе баьхкича, и жинаша хьийзина волу стаг, тІе хІума а юьйхина, метта а веана, шайна гича, уьш кхерабелира. 16И дерриг гиначара дийцира баьхкинчаьрга цу стагах а, хьакхарчех а хиллачух лаьцна. 17ТІаккха цигара бахархоша дийхира Іийсага, шаьш а, шайн мохк а битина, дІагІахьара Хьо аьлла. 18Іийса хинкеман тІе волуш, жинех паргІатваьллачу стага ша а вигар дийхира Цуьнга. 19Амма Іийсас цунна ца магийра иза. Цо элира: «ЦІа а гІой, хьайн цІерачаьрга дийца Везачу Эло хьайна мел дика дина а, Цо хьайх мел боккха къинхетам бина а». 20Оцу стага, дІа а вахана, Иттшахьар-махкахь бехачу нахе Іийсас шена динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира, ткъа массо а цецбуьйлура. 21Іийса Шен мурдашца хинкеман тІехь Іоман берда тІе юхавеача, Цуьнга хьоьжуш дукха адам дара. Уьш Цунна гонах гулделира. 22Оцу хенахь И волчу гуламан цІа чохь куьйгалхо волу Яир веара. Іийса а гина, иза, Цуьнан когашка охьа а воьжна, 23чІогІа дехар дан хІоьттира: «Сан йоІ леш ю. Доьху Хьоьга, ван а волий, цунна тІе куьйгаш а дахкий, то а яй, дийна йисийтахьа иза», – бохуш. 24Іийса Яирца дІавоьдуш, Цунна тІаьххье дукха адам дахара, Иза халла бен чекх а ца валалуш. 25Царна юкъахь цхьа зуда а яра, шийтта шарахь цІий ца соцуш, бала хьоьгуш йолу. 26Дуккха а лоьраша гІо дечу метта бала хьегийтинера оцу зудчуьнга. Амма лоьрашна шен долахь мел дерг а дойуш, алссам харж йича а, гІоле хуьлучу метта, кхин а чІагІъеллера иза. 27Іийсах лаьцна шена хезча, цо, адамашна юккъехула тІехьашха Цунна тІе а яхана, Іийсан бедарх куьг Іоьттира. 28ХІунда аьлча оцу зудчо ойла йинера: «Нагахь санна Цуьнан тІера бедарх хьакхаелча а, со толур ю», – аьлла. 29Оцу сохьта дІаоьху цІий а сецна, ша тоеллий хиира зудчунна. 30Ткъа Іийсана сихха хааделира Шех ницкъ дІакъаьстиний. Гонах долчу адамашкахьа а вирзина, Іийсас хаьттира: «Мила ву Сан бедарх куьг Іоьттинарг?» – аьлла. 31Цуьнан мурдаша элира: «Хьайна тІегІоьртина оццул адам гушшехь, хоьтту-кх Ахь: „Мила ву Сох куьг Іоьттинарг?“» 32Амма Іийса леррина гонах хьоьжура, и динарг мила ву те ган лууш. 33ТІаккха зудчо, шена хилларг хІун ду а хиъна, дукха кхераяларна ега а еш, Іийсан когашка а йоьжна, дерриге а ма-дарра дІадийцира Цуьнга. 34Ткъа Іийсас элира зудчуьнга: «Сан йоІ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дІагІо хьайна, хІинца чул тІаьхьа кхин оцу цамгаро хьийзор яц хьо». 35Іийса къамел дина а валале, гуламан цІийнан куьйгалхочун Яиран цІера геланчаш баьхкира. «Хьан йоІ елла. Устазана хало ян ца оьшу», – элира цара. 36Ткъа, цара дуьйцург а хезна, Іийсас Яире элира: «Кхера ма ло, амма теша». 37Кипа а, Якъуб а, Якъубан ваша Яхьъя а бен, кхин цхьа а ца ваийтира Іийсас Шеца. 38Уьш Яиран керта схьакхаьчча, Цунна доьхна а, чІогІа доьлхуш а адамаш гира. 39ЦІа чу ваьлча, Іийсас элира цаьрга: «Аша хІун до доьхна а, доьлхуш а? ЙоІ елла яц, иза йижина ю». 40Ткъа адамаш Цунах дуьйлуш дара цадашарца. Іийсас массо а араваьккхира. Шеца йоьІан да-нана а, цигахь волу кхо мурд а эцна, йоІ йолчу чоьхьавелира Иза. 41Іийсас, йоьІан куьг схьа а лаьцна, элира: «ТалитІа кхуми!» (иза «ЙоІ, хьалагІатта боху хьоьга!» – бохург ду). 42И ма-элли, йоІ, хьала а гІаьттина, дІайолаелира (иза шийтта шо кхаьчна йоІ яра). Чохь берш чІогІа цецбевлла биснера. 43Іийсас чІогІа тІедиллира царна хилларг цхьаьнгге а цахаийтар. «ЙоІана яа хІума ло», – элира Цо цаьрга.

will be added

X\