IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Марк 4 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Юха а цхьана дийнахь Іоман берда тІехь хьехамаш беш вара Іийса. Цунна гонах гулделла дукха адам дара. Цундела Иза, хинкеманна тІе а ваьлла, Іоман йистера дехьо велира, ткъа адамаш берда тІехь дисира.   2  Дукха хьехамаш бора Іийсас царна, хьекъале дустарш далош. Иштта дийцира Цо цаьрга:   3  «ЛадогІал! Цхьа ахархо шен кха тІе хІу таса араваьлла.   4  Цо хІу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дІадиъна.   5  Важа буьртигаш жагІа а болуш, латта кІеззиг долчу метте охьаэгна хилла. Цу буьртигаша сихха зІийдигаш тесна, хІунда аьлча цигахь латта кІезиг дара.   6  Малх кхетча, цо и зІийдигаш ягийра, церан орамаш кІорга ца хиларна, уьш якъаелира.   7  Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хІун зІийдигаш къайлаехира. Цара ялта ца делира.   8  Ткъа важа долу хІу, дика латта долчохь нис а делла, зІийдигаш а тесна, уьш хьала а евлла, цара ялта делира, ткъе итт, кхузткъа а, ур-атталла бІе а хІу а луш хІора кено а».   9  ТІаккха Іийсас элира ладугІучаьрга: «Лергаш долчунна дІахозийла хІара».   10  Іийса Ша висча, шийтта векало а, юххерчу кхечу мурдаша а хаьттира Цуьнга дустарех лаьцна.   11  Іийсас жоп делира цаьрга: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечарна ишттачу дустаршца дуьйцу Аса,   12  „царна, хьоьжжушехь, хІумма а ца гайтархьама, хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама, кхечу тайпана хилча, уьш Суна тІебоьрзур бара, ткъа Ас гечдийр дара царна“».   13  Іийсас элира мурдашка: «Шу а ца кхета те оцу дустарх? ТІаккха кхечу дустарех муха кхетар ду те шу?   14  Ахархочо дуьйш дерг Делан Дош ду.   15  Цхьадолу адамаш некъа йисте доьжначу хІух тера ду. Царна Делан дош хеза, амма, цу сохьта иблис а догІий, цо церан дегнаш чу доьжна дош дІахьо.   16  Кхиберш тера бу тІулгашна юккъе эгначу хІух. Шайна Делан дош хезча, хазахетарца, сихонца схьалоцу цара и дош.   17  Амма церан хила ма-беззара орам боцу дела, уьш кІеззигчу ханна бен ца лаьтта. Ткъа и дош бахьана долуш, шайна тІе халонаш хІиттича, уьш сихха юхабовлу.   18  Вуьш тера бу коканийн коьллаш юккъе эгначу буьртигех. Уьш дош хезнарш бу,   19  амма дахаран гІайгІанаша а, хьолах Іехабаларо а, кхечу лаамаша а и хезна дош дицдолуьйту, цара шайн дахарехь стом а ца ло.   20  Ткъа цхьаберш бу хьийкъинчу лаьтта тІе эгна буьртигех тера. Уьш дош а хезна, иза даго тІе а эцна, пайден стом луш берш бу – наггахь ткъе уьттазза, наггахь кхузткъазза а, я бІозза а сов луш».   21  Кхин дІа а Іийсас элира: «Цхьаммо стогар латийча, иза Іункарнехьа хІоттийначу кхабина я маьнги кІел хІотторхьама а бохьий чу? Я иза лаккха хьалахІоттабан бахьа чу?   22  ХІунда аьлча мел йоккха къайле а, цхьанна а ца хууш юьсур яц, мел чІогІа лечкъийнарг а гІар ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац.   23  Хезаш волчунна дІахезийла хІара!»   24  Кхин а тІетуьйхира Іийсас: «Дикка кІоргера ойла елаш, шайна хезначух лаьцна. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах, ткъа шун кхин а лакхара хадор бу.   25  ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ву».   26  ТІаккха Іийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна иштта кхета мега. Цхьана стага лаьтта хІу тосу.   27  Буса и стаг, охьа а вуьжий, Іуьйранна хьалагІотту. Ткъа хІу цу хенахь, хьала а долий, кхуьу. Иза муха хуьлу стагана шена а ца хаьа.   28  Лаьтто ша кхиадо и хІу: хьалха зІийдиг а тосий, тІаккха гІа а долий, кІен буьртигаш а хуьлий, дІахІутту.   29  КІен буьртигаш хилла девлча, ахархочо марс схьаоьцу, кІа хьокху хан тІееана дела».   30  Цул тІаьхьа Іийсас кхин а хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Я муьлхачу дустарца дуьйцур ду цунах лаьцна?   31  Лаьтта тІехь уггаре а жимачу хІуьнах тера ду иза, и дІадуьйчу хенахь.   32  Амма иза дІадийначул тІаьхьа, хьала а долий, бешан дитташ юкъахь уггаре а доккха дитт хуьлий дІахІутту. Стигаларчу олхазарша а баннаш дан тарло цуьнан гаьннаш тІехь».   33  Ишттачу кхин а дуккха а дустаршца хьехамаш бора Іийсас – адамаш кхетар долчу тайпана.   34  Дустар ца далош, Цо хІумма а ца дуьйцура царна, ткъа Шен мурдашца Ша висча, Цо дерригенах кхетабора уьш.   35  Цу дийнахь суьйранна Іийсас элира Шен мурдашка: «Іоман дуьхьалара берда тІе довла вай».   36  ТІаккха цара адамаш а дитина, Іийса хинкеман тІехь ма-хиллара шайца дІавигира. Хи чохь кхераниг доцург кхин а кеманаш дара.   37  ЦІеххьана, чІогІа мох а баьлла, тулгІенаша кеман чу хи даьккхира, кема хих дузуш дара.   38  Іийса цу хенахь кеманан цІоганехь вара, гІайби тІе корта а биллина, наб кхетта Іаш. Мурдаша, Иза сама а ваьккхина, элира: «Устаз! Хьуна бен а ца хета те вай хин буха дахар?»   39  ТІаккха Іийсас, хьала а гІаьттина, мохе омра а дина, хине элира: «ЛагІло! ДІате! Сацийта!» Мох сецира, цхьа а гІар-тата доцуш, тийналла дІахІоьттира.   40  Ткъа мурдашка Цо элира: «Шу кхера хІунда кхоьру? Шун дегнаш чохь хІинца а тешар дац те?»   41  Амма уьш чІогІа кхерабелла хиларна, цара цецбовларца вовшашка хоьттура: «ХІара мила ву те, ур-атталла мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»