Марк 3

1Цхьана шоьтан дийнахь юха а гуламан цІа чу веара Іийса. Цигахь куьг заьІап долуш цхьа стаг вара. 2Цхьадолу адамаш чІогІа Іийсан тергам беш дара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до те я ца до те хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. 3Іийсас куьг заьІап долчу стаге элира: «Хьала а гІаттий, массарна хьалха дІахІотта». 4ТІаккха оцу нахе Іийсас хаьттира: «ХІун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хІун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кІелхьардаккха я иза хІаллакдан?» Ткъа уьш бист ца хилира 5ТІаккха, цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Іийсас элира куьг заьІап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза оцу сохьта тоделира. 6Ткъа парушхой, ара а бевлла, сихонца ХІародан адамашца барт бан буьйлабелира, Іийса шаьш муха хІаллаквийр вара те бохуш. 7Цу хенахь Іийса Шен мурдашца Іома йисте веара. Дукха адам дара Цунна тІаьхьа лелаш. Галилай-махкара а, ЯхІуд-махкара а, 8Ярушалаймера а, Эдом-меттигера а, Йорданан тІехьара а, Цора-гІалина а, ЦІадан-гІалина а гонах Іаш долу дукха адам деанера И волчу. Цо дечу гІуллакхех лаьцна шайна хезна дела баьхкинера Цунна тІе уьш. 9Адам дукха тІех гулдаларна, цаьрга Ша ца хьашийтархьама, хинкема кечдайтира Іийсас Шен мурдашка. 10Дукхахболчу баьхкинчарна дарба дира Цо, цундела массо а цомгушнаш Іийсана юххе гІертара, Цунах куьг Іотта гІерташ. 11ХІоразза а харц жинашна Іийса гича, Цунна хьалха охьаоьгура уьш, мохь а хьоькхуш: «Хьо Делан КІант ву!» – бохуш. 12Ткъа Іийсас чІогІа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш. 13Юха Іийсас, лам тІе хьала а ваьлла, мурдашна юкъара Шена оьшурш тІекхайкхира. Уьш Цунна тІе баьхкира. 14Царна юкъара Іийсас шийтта мурд схьакъастийра (царах Цо векалш элира), уьш Шена юххехь хилийтархьама а, цаьрга хьехамаш байтархьама а, 15адамашна чуьра жинаш арадаха церан олалла хилийтархьама а. 16Іийсас къастийна векалш хІорш бара: ШамІа (Іийсас тІаьхьа, Кипа аьлла, цІе тиллинарг), 17Зевадин кІант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Іийсас, Баней-Раговш аьлла, цІе тиллинарш, иза «ткъесан кІентий» бохург ду), 18Іандар, Пилап, Барталамай, Маттай, ТІама, ХІалпайн кІант Якъуб, Тхьада, ШамІа (ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг), 19ЯхІуд-Искархо а, тІаьхьа ямартхо хилларг. 20Цул тІаьхьа Іийса цІа чу вахча, юха а дукха нах гулбелира, ур-атталла юург яа а меттиг ца йолуьйтуш Іийсана а, Цуьнан мурдашна а. 21Іийсан цІерачарна цунах лаьцна хезча, уьш Иза дІавига баьхкира, хІунда аьлча наха дуьйцура, Иза лар тІехь вац бохуш. 22Ткъа Ярушалаймера баьхкинчу Іелам наха олура: «Цунна чу БаІал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!» 23ТІаккха Іийсас, уьш Шена тІе а кхайкхина, дустарш далийра царна: «Иблисо муха эккхор ду иблис? 24Цхьана пачхьалкхехь вовшашлахь тІом хилча, и пачхьалкх хІаллакьхир ю. 25Я цхьана доьзалехь цхьа барт бацахь, иза а бухур бу. 26Ткъа иблис ша-шена дуьхьал даьлча, иблисан олалла шена чохь а декъаделча, иза кхин латталур дац, цуьнан тІаьххьара де тІекхочу. 27Цхьа а ца воьду шел онданиг волчу цІа чу, цуьнан хІуманаш лачкъо, цкъа хьалха иза дІавихкина бен, къола далур дац цуьнан цІахь. 28Баккъалла а боху Аса шуьга: „Адамийн кІенташна муьлхха а къиношна гечдийр ду, цара Дела сийсазвар а тІехь, 29амма Делан Са сийсаздинчунна цкъа а гечдийр дац, иза гуттаренна къинойн баланехь хир ву“». 30Иштта дешнаш элира Іийсас, Шех лаьцна наха «Иза харц жинашца тайна ву», – олу дела. 31Іийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира. Уьш арахь севцира. Цара Іийса аракхайкхира, 32хІунда аьлча, гонах хиъна дукха адам хиларна, Цунна тІе ца кхачалора уьш. Іийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, йижарий бу-кх арахь Хьо хоьттуш». 33Цо жоп делира: «Муьлш бу Сан наний, вежарий?» 34ТІаккха, Шена гонах хевшина болчаьрга а хьаьжна, Іийсас элира: «ХІорш бу Сан наний, вежарий! 35ХІунда аьлча Делан лаам кхочушбеш берш бу Сан ваша а, йиша а, нана а».

will be added

X\