Марк 2

1Масех де даьлча, Іийса Къапарнаме юхавирзира. Иза цІа вирзина аьлла, хабар даьржира. 2И волчу дукха адам гулделира, неІарехула чувала меттиг а ца юьсуш, ткъа Іийсас царна хьехамаш бора. 3Баьхкинчарна юкъахь шен дегІан дола ца далуш волу стаг айина вахьаш веана виъ стаг вара. 4Амма адам тІех дукха хиларна, уьш Іийсана тІе ца кхачалора. ТІаккха цара, Іийса чохь волчу цІенна тІехула болчу тхов тІе а бевлла, тховх Іуьрг а даьккхина, цомгушниг шен мотт-гІайбица чу а воссийна, Іийсана хьалха охьавиллира. 5Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Іийсас элира: «Сан кІант, хьан къиношна гечдина». 6Цигахь хиъна Іаш масех Іелам стаг вара. Шайн дагахь цара бохура: 7«Иза хІун ду те хІокху стага дуьйцург? Цо ма Іеса къамел до. Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?» 8Цу сохьта, церан дог-ойла хууш, Іийсас цаьрга элира: «ХІун ойланаш ю аша йийраш? 9Цомгушчуьнга ала хІун ду атта: „Хьан къиношна гечдина“, я: „ХьалагІатта, хьайн мотт-гІайба а эций, дІагІо“? 10Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КІентан дуьнен тІехь къиношна гечдан олалла дуйла». ТІаккха цомгушчуьнга Іийсас элира: 11«Ас боху хьоьга! Хьала а гІаттий, хьайн мотт-гІайба схьа а эций, цІа гІуо!» 12Важа, сихха хьала а гІаьттина, шен мотт-гІайба а эцна, массарна а гуш аравелира. Чохь болчара чІогІа инзарбевлла, Далла хастамаш беш, бохура: «Тхуна цкъа а ца гина хІуманаш ду-кх хІорш!» 13Юха а Іоман берда тІе веара Іийса. Цунна тІе дукха адам деара, ткъа Іийса царна хьехамаш бан волавелира. 14Юххехула чекхволуш, Цунна ХІалпайн кІант Леви гира, ял схьагулъеш болчеран бун чохь хиъна Іаш. Іийсас элира цуьнга: «Суна тІаьххье схьавола!» Леви, хьала а гІаьттина, Цунна тІаьххье дІавахара. 15Цхьана дийнахь Іийса Левин цІахь хІума юуш вара. Дуккха а ял йоккхурш а, къинош летийна болу нах а бара Цуьнца а, Цуьнан мурдашца а, хІунда аьлча Іийсана тІаьхьахІиттинарш алссам бара. 16Къинош летийна болчу нахаца а, ял йоккхуш болчаьрца а Іийсас хІума юуш а гина, парушхойн юкъара Іеламчу наха хаьттира Цуьнан мурдашка: «Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца хІума хІунда йоу Цо?» – аьлла. 17Іийсас, и хезна, элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен». 18Оцу хенахь Яхьъян мурдаш а, парушхойн мурдаш а марханаш кхобуш бара. Цкъа масех стага, тІе а веана, хаьттира Іийсага: «И хІун ду? Яхьъян мурдаша а, парушхоша а марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!» 19Іийсас жоп делира царна: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъосташа и зуда ялош верг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гІайгІане хилар гойтуш? И стаг шайца мел ву, церан марха кхаба йиш яц. 20Ткъа цхьа хан йогІур ю, и зуда ялийнарг дІа а вигна, тІаккха цара марха а кхобуш, уьш сингаттаме а хуьлуш». 21ТІаккха Іийсас кхин а цхьа хьекъале дустар далийра царна: «Ширачу духар тІе, керлачу кІадих а яьккхина, йома латор яц цхьаммо а, хІунда аьлча и йома тІеттІа а яхана, бедар тІе а оьзна, и Іуьрг кхин а доккха хир ду. 22Я цхьаммо а керла чагІар ширачу пІаьлдиг чу ца дутту, хІунда аьлча и пІаьлдиг а бетІар бу, чагІар а Іенар ду. Керла чагІар керлачу пІаьлдиг чу дутту». 23Цкъа шоьтан дийнахь кІа дийначу арахула чекхволуш вара Іийса. Цуьнан мурдаша цигахула бовлуш кІен кенаш схьадохура. 24ТІаккха и гиначу парушхоша хаьттира Цуьнга: «Хьажахь, Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь дан мегаш доцу гІуллакх хІунда до цара?» – аьлла. 25Ткъа Іийсас жоп делира царна: «Аша ца дешна, Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна? 26Иза, динан коьрта да Абу-ЯтІари волчу хенахь, Делан цІа чу а вахана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла». 27КхидІа а Іийсас элира цаьрга: «Шоьтан де адамашна кхоьллина ду, амма адам кхоьллина дац шоьтан денна. 28Цундела Адамийн КІант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тІехь а Эла ву».

will be added

X\