Марк 16

1Далла лерина шоьтан де дІадаьллачу хенахь Магдалера Марема а, Якъубан нанас Марема а, Шалумата а хаза хьожа йогІу хьакхарш ийцира, уьш Іийсан докъана хьакхархьама. 2Іуьйранна, сатосучу хенахь, кІирандийнахь и зударий къубба йолчу бахара. 3Цара вовшашка хоьттура: «Къуббанан неІарера тІулг хьан дІабоккхур бу те вайна?» – бохуш. 4Ткъа дІахьаьжча, тІулг дІакарчийна гира зударшна. И тІулг чІогІа боккха бара. 5Уьш къубба чу бевлча, аьтту агІор хиъна, кІайн духар а долуш, кІант гира царна. Уьш чІогІа Іадийнера. 6Ткъа цо элира зударшка: «Кхера ма ло. ЖІарах дІатоьхна хилла Назартера Іийса лоьху аш? Иза денвелла. И кхузахь вац. ХІара ю Иза охьавиллина хилла меттиг. 7Амма аш, гІой, Цуьнан мурдашка а, Кипе а ала: „Іийса Галилай-махка шул хьалхаваьлла гІур ву, цигахь гур ву шуна Иза, Цо шуьга ма-аллара“». 8Зударий, къубба чуьра ара а бевлла, дІабевдира. Уьш чІогІа кхерабаларна боьхнера, цара цхьаьнгге а хІумма а ца дийцира. 9КІирандийнахь, хьалххе, веллачуьра ден а велла, Іийса хьалха Магдалера, шена чуьра ворхІ жин арадаьккхинчу Маремана дуьхьал хІоьттира. 10Цо яхана шена гинарг Цуьнца хьалха хиллачаьрга, ткъа хІинца Цунна боьлхуш Іаш болчаьрга дІадийцира. 11Амма Іийса дийна ву аьлла хезча а, Марема шена Иза гина аьлча а, хІетте а уьш ца тийшира. 12Цул тІаьхьа мурдех шинна а, уьш юьрта боьлхучу хенахь, кхечу куьцехь а волуш, дуьхьалхІоьттира Іийса. 13Цара а, юхабирзича, дІахаийтира иза кхечаьрга, амма царах а ца тийшира уьш. 14ТІаьххьара а оцу цхьайтта векална а, цара хІума юучу хенахь, дуьхьалхІоьттира Іийса. Цо тІехтуьйхира царна церан тешар ца хилар а, дегнаш шагделла хилар а, уьш Ша веллачуьра денвелла гинчарех а ца тешарна. 15Цо элира цаьрга: «Дуьне мел ду дІа а гІой, массо а адамашна дІакхайкхабе хаза кхаъ . 16Оцу кхоах теша а тешна, ша хих чекхваккхийтинарг кІелхьарвоккхур ву, ткъа ца тешачунна – кхел хир ю. 17Ткъа тешначарна иштта билгалонаш хир ю: Сан цІарца жинаш а арадохур ду цара, кхечу меттанашца а дуьйцур ду. 18Цаьрга лаьхьанаш караэцийтича а, я дІовш малийтича а зе хир дац царна, цара цомгушчарна тІе куьйгаш диллича, цомгушнаш толур бу». 19Иштта цаьрца къамел динчул тІаьхьа Іийса-Эла, стигала хьала а ваьккхина, Далла аьтту агІор охьахиира. 20Ткъа Цуьнан мурдаша, бахана, массанхьа а хаза кхаъ кхайкхийра. Везачу Эло гІо дора царна. Мурдаша дахьачу хазачу кхоан дешнаш инзаре билгалонашца чІагІдора Цо.

will be added

X\