Марк 15

1Сатосучу хенахь, Іуьйре тІеярца, динан коьртачу дайша а, Іелам наха а, ерриге а коьртачу кхеташонехь мел болчара а гулам бира. Оцу гуламо, сацам а бина, Іийса дІа а вихкина, Пулате дІавелира. 2Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» – аьлла. Ткъа Іийсас жоп делира цуьнга: «Ахь боху-кх иза». 3Динан коьртачу дайша дуккха а хІуманна тІехь бехке вора Іийса. 4Пулата юха а хаьттира Цуьнга: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Хьажал, Хьуна дуьхьал мел дукха бехкаш балабо». 5Амма Іийсас оцу хаттарна кхин цхьа а жоп ца делира, ткъа Пулат цунах чІогІа цецвуьйлура. 6ХІора Пасахьан дезачу дийнахь чубоьхкинчарах цхьаъ, шега веххнарг, арахоьцура Пулата халкъана. 7ХІетахь цхьа хьенех вара, Барраб цІе а йолуш. Шен накъосташца Іедална дуьхьал адам карзахдаьллачу хенахь, цо стаг верна, иза чувоьллинера. 8ТІаккха гулделлачу халкъо, маьхьарий а хьоькхуш, хІинццалц санна тутмакхех цхьаъ дІахецар дийхира Пулате. 9Цо дуьхьал хаьттира цаьрга: «Ас жуьгтийн къоман Паччахь дІавала лаьий шуна?» – аьлла. 10ХІунда аьлча Пулатана хаьара, динан коьртачу дайша Іийса шайн Цуьнга хьагІ йолу дела дІавеллий. 11Амма динан коьртачу дайша халкъ иракарахІоттийнера, царна Барраб дІахецар гІоле хетийтархьама. 12Пулата юха а, жоп луш, элира цаьрга: «Ткъа аш жуьгтийн къоман Паччахь ву бохучунна хІун дан лаьа шуна ас?» 13Цара цо бохучунна дуьхьал маьхьарий хьаькхира: «ЖІарах дІатоха Иза!» – аьлла. 14Пулата хаьттира цаьрга: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те?» Амма наха кхин а чІогІа маьхьарий хьоькхура: «ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. 15ТІаккха Пулата, халкъана луург а деш, Барраб дІахецийтира. Ткъа Іийса, шед а еттийтина, тІемалойн кара дІавелира жІарах дІатохийтархьама. 16ТІемалоша, Іийса керта а ваьккхина, йоккха, кхел кхайкхочу гІишло чу а вигна, тІемалойн ерриге а тоба гулйира. 17ТІаккха Цунна тІе цІен оба а кхоьллина, коканийн коьллех кочар а дина, иза Іийсан коьрта тІе диллира. 18Цул тІаьхьа, Іийса беларца «декъалвеш», цара бохура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» 19ТІаккха Цуьнан коьртах Іаса а етташ, Цунна тІе туйнаш деттара цара. Цул тІаьхьа, гора а хІиттина, корта беттаран сурт хІоттадора Цунна хьалха. 20Шаьш Іийса аьшнаш вина бевлча, Цунна тІера цІен духар дІа а даьккхина, Шен хІуманаш тІеюьйхира цара. ТІаккха жІарах дІатоха дІавигира Іийса. 21ТІаккха шен кха тІера вогІу, Искандаран а, Рупан а да волу Къуринара ШамІа а сацийна, цуьнга Іийсан жІаран бІогІам дІабахьийтира цара. 22Іийса «Галгатхьа» олучу метте схьавалийра цара (иза «туьтанан меттиг» бохург ду). 23Ярийн муттанца эдина чагІар дала гІоьртира уьш Цунна, амма Іийсас иза ца мелира. 24Іийса жІарах дІатуьйхира. ТІемалоша, кхаж а тесна, Цуьнан хІуманаш вовшашлахь йийкъира. 25УьссалгІа сахьт дара Іийса жІарах дІатухучу хенахь. 26Иза стенна бехке ву билгалдоккхуш, уьнна тІехь яздинера: «Жуьгтийн къоман Паччахь», – аьлла. 27Іийсаца ши талорхо вара жІарах дІатоьхна, цхьаъ Цунна аьтту агІор, важа аьрру агІор. 29Юххехула чекхбовлучара, вон баганаш а етташ, кортош а лестош, бохура Цуьнга: «ХІай! Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь дІахІоттош верг! 30Хьуо кІелхьара а воккхуш, охьавосса бІогІам тІера». 31Царах терра динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха а, Цунах бела а боьлуш, вовшашка бохура: «Кхиберш кІелхьара а баьхна, Ша-м кІелхьара ца ваккхало! 32Иза Дала леррина Къобалвинарг а, Исраилан Паччахь а велахь, охьавосса веза-кх хІинца жІара тІера, вайна иза ган а гина, Шех тешийтархьама». Цуьнца дІатоьхначу талорхоша а сийсазвохура Иза. 33Делкъахенахь лаьтта тІе цІеххьана бода беара, кхаа сахьтехь лаьттира иза. 34Делкъал тІаьхьа кхо сахьт долучу хенахь, Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Элой, Элой, лема сабахьтани?» Цу дешнийн маьІна иштта ду: «Ва Сан Дела! Со хІунда вити Ахь?» 35Генахь боцуш лаьттачара, и хезча, бохура: «Хьажахь, Эли-ЯхІу-пайхамаре кхойкхуш ву-кх И». 36Ткъа цхьаммо ведда, худург кемсийн къонзи чу а Іоьттина, иза хьокхана буьххье а йоьллина, Іийсага кховдийра, и Цуьнга малийтархьама. «Собар дел, хьовсур ду вай, Эли-ЯхІу вогІий те ХІара жІаран тІера дІаваккха», – элира цо. 37Ткъа цу хенахь, чІогІа мохь а тоьхна, Іийса кхелхира. 38ХІеттахь Делан цІийнан чохь, уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина кирхьа лакхара дуьйна лаха кхаччалц декъаделира. 39Іийсана дуьхьал лаьтташ волчу тІеман хьаькамо, Цо Шен са иштта дІалуш гича, элира: «И стаг бакъонца Делан КІант вара». 40Геннара хьоьжуш лаьтташ зударий а бара кхузахь: царна юкъахь Магдалера Марем а, жимаха волчу Якъубан а, Юшан а нана Марем а, Шалумат а яра. 41Іийса Галилай-махкахь волуш, Цунна гІуллакх деш тІаьхьахІиттина бара уьш. Иштта дуккха а Цуьнца цхьаьна Ярушалайме баьхкина болу зударий бара кхузахь. 42- 43Иза пІераскан де дара, Далла лерина шоьтан дийнан хьалхара долу де. Рамат цІе йолчу гІалара а волуш, кхеташонехь лоруш волу декъашхо а волуш, ша а Делан Олалле сатуьйсуш а волчу Юсупа, тІейогІуш суьйре йолу дела, Пулатана тІе ваха бІо а боьлла, Іийсан дакъа схьадийхира. 44Іийса веллий хиъча, Пулата, цецваьлла, тІеман хьаькам тІе а кхайкхина, хаьттира цуьнга: «Дукха хан юй И велла?» – аьлла. 45ТІеман хьаькамера хаам хилча, цо дакъа Юсупе дІадалийтира. 46Юсупа, кІади а эцна, дакъа, жІара тІера схьа а даьккхина, кІади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. ТІаккха къуббанан неІарна дуьхьал боккха тІулг карчийра цо. 47Ткъа Магдалера Марем а, Юшан нана Марем а Иза дІа мичахьа вуллу хьоьжуш яра.

will be added

X\