1 Ши де даьлча тІедан дезаш дара « Пасахь» олу совсазчу баьпкан деза де. ХІилланца схьа а лаьцна, Іийса вен аьтто лоьхуш бара динан коьрта дай а, Іелам нах а. 2 Амма адам эргІаддаларх кхоьруш, иза дезачу деношкахь кхочушдан ца лаьара царна. 3 Іийса Бет-ХІинехь волуш, чкъуран юха ца йоьрзу цамгар кхетта волчу ШамІин цІахь Иза хІума юуш Іачу хенахь, мехалчу кхаби чохь, цІеначу, нард олучу зезаган орамех даьккхина деза даьтта а дахьаш, зуда чуелира. И кхаба, йоха а йина, даьтта Іийсан коьрта тІе доьттира цо. 4 Цхьаболчара, резабоцуш, оьгІазаллица вовшашка бохура: «Стенна оьшура иштта харж ян? 5 ХІунда аьлча и даьтта кхо бІе а сов динари ахчанах дохка мегар ма дара, тІаккха и ахча мискачарна а доькъуш». Оцу зудчунна хамталлаш йора цара. 6 Амма Іийсас элира: «Іадйитийша и зуда, эхь хІунда хоьтуьйту аш цунна? Цо Суна динарг дика гІуллакх ду-кх. 7 ХІунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуна юххехь, царна шайна лиъначу хенахь лур ду аш сагІа, ткъа Со даим хир вац шуьца. 8 Со дІаволларна хьалххе кечам би цо, шега далург деш. 9 Аса баккъалла а боху шуьга: дерриг а дуьнен тІехь, и хаза кхаъ кхайкхочу массо а меттехь, цу зудчо динарг, цуьнан сий айдеш, хьахор ду». 10 ТІаккха ЯхІуд Искархо, Іийсан шийтта мурдах цхьаъ, динан коьртачу дайшна тІевахара, ямартло а йина, Іийса церан кара дІавалархьама. 11 И хезча, вукхара самукъадаларца цунна ахча дала барт бира. Ткъа ЯхІуда Іийса церан кара дІавала аьтто лоьхура. 12 Совсазчу баьпкан дезачу денойн дуьххьарлерчу дийнахь, Пасахьан Іахар а бийна, мурдаша Іийсага хаьттира: «Пасахьан пхьор мичахь дан лаьа Хьуна? Оха, дахана, кечйийр ю чоь». 13 ТІаккха, Шен мурдех шиъ вохуьйтуш, Іийсас цаьрга элира: «Шу гІала чу гІо, ткъа цигахь кхаби чохь хи дахьаш вогІу цхьа стаг дуьхьалкхетар ву шуна, цунна тІаьххье дІагІо. 14 Иза чу ваханчу цІийнан хІусамдега аш ала: „Устазо хоьтту: Сайн мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“ 15 Цо шуна лакха тІехь йоккха а йолуш, лаьтта хІума а тесна, кечйина чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш вайна». 16 Іийсан мурдаша, гІала а баьхкина, дерриг а Цо ма-бохху а карийна, Пасахьана кечам бира. 17 Суьйре тІееача, Іийса Шен шийтта векалца цига веара. 18 ДІа а тевжина, уьш хІума юуш бохкуш, Іийсас элира: «Баккъалла а боху шуьга, Соьца кхача бууш волчу шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна». 19 Уьш, и халахетта, Цуьнга баха буьйлабелира: «Со-м вац те иза?» 20 Ткъа Іийсас жоп луш, элира цаьрга: «Шийттаннах цхьаъ ву, Соьца кеда чу бепиг Іуттуш верг. 21 Ткъа Адамийн КІант, Делан Йозанашна тІехь Цунах яздина ма-хиллара, кху дуьнен чуьра дІавоьдуш ву, амма декъаза ву-кх Цунна ямарта верг! Цунна дуьнен чу ца валар гІоле яра!» 22 Цара хІума юучу хенахь, Іийсас, бепиг схьа а эцна, доІанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дІа а кховдош, элира: «Схьаэца – иза Сан дегІ ду». 23 ТІаккха кад, схьа а эцна, Далла хастам а бина, Цо иза цаьрга дІакховдийра, ткъа цара массара а цу чуьра дІамелира. 24 Іийсас элира цаьрга: «ХІара Сан цІий ду, Делаца бина барт чІагІдеш долу, дукхахболчеран дуьхьа Іенор долу. 25 Билггала боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Дала дІахІоттийначу Олаллехь керла чагІар молу де тІекхаччалц». 26 ТІаккха Далла хастаман назманаш а аьлла, Зайт-диттийн лам тІе бахара уьш. 27 Шен мурдашка Іийсас элира: «Аша массара а Со дІатосур ву, хІунда аьлча яздина ду: „Іуьнна чов йийр ю Аса, ткъа уьстагІий дІасадовдур ду“, – аьлла». 28 «Амма веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со». 29 Кипас элира Іийсага: «Массара дІатесча а, ас-м вуьтур вац Хьо». 30 ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Баккъалла а боху хьоьга: тховса, шозза нІаьна кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо». 31 Амма Кипас, кхин а чІагІдеш, элира: «Сан Хьоьца вала дезахь а, со цкъа а Хьох дІакъаьстар вац». Изза вукхара а элира. 32 Цул тІаьхьа Гатшамани олучу меттиге баьхкира уьш. Іийсас элира Шен мурдашка: «Ас доІа дечу юкъана, ховший Іе кхузахь». 33 ТІаккха Шеца Кипа а, Якъуб а, Яхьъя а вигира Цо. Кхузахь Іийса синтем байна а, чІогІа сингаттаме а хилира. 34 Цо элира цаьрга: «Сан са Іожаллин гІайгІанехь ду. Аша кхузахь а совций, сема хан яккха». 35 Царна жимма дехьа а ваьлла, лаьтта а воьжна, Іийсас доІа дира: «Нагахь йиш елахь, дІакъастадойла Ахь Сох и къизаллин сахьт», – 36 кхин а Цо элира: «Сан Дада! Дерриг а Хьан карахь ду, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». 37 Ша юхавирзича, Шен мурдаш бийшина Іохкуш карийра Цунна. ТІаккха Цо элира Кипе: «ШамІа, хьо наб еш ву? Цхьана сахьтехь сема хила ца мегара хьо? 38 Сема хила, доІанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта. Са сема хуьлу, ткъа дилха эгІаза ду». 39 Юха а дехьо ваьлла, доІа дира Цо, изза дешнаш олуш. 40 Юхавеача, кхин цкъа а бийшина карийра Іийсана уьш, хІунда аьлча церан бІаьрганегІарш дазделлера. Шаьш Іийсага хІун эр ду а ца хууш биснера уьш. 41 КхозлагІа а тІевеана, элира Цо цаьрга: «Шу хІинца а наб еш, садоІуш ду? Тоьар ду, тІедеана и сахьт. Адамийн КІант къинош летийначеран каравоьду хан тІекхаьчна. 42 Дуьйло, хьалагІовтта! ХІара ву Суна ямартло ен верг». 43 Оцу сохьта, Іийсас и оллушехь, тІевеара ЯхІуд, шийттаннах цхьаъ. Цунна тІаьхьахІоьттина адамийн тоба яра, карахь таррашший, хьокхий а долуш. Уьш хьовсийнера динан коьртачу дайша а, Іелам наха а, баккхийчара а. 44 Іийсана ямарта волчо билгало йинера цаьрга: «Ас барт баьккхинарг Иза хир ву шуна, – аьлла, – И, схьа а лаций, ларвеш дІавига». 45 Цу сохьта Іийсана тІе а вахана, цо элира: «Ва устаз!» Цул тІаьхьа Цунна барт баьккхира. 46 Ткъа вукхара, тІе куьйгаш а кховдийна, схьалецира Іийса. 47 Уллохь лаьттачех цхьаммо, тур схьа а даьккхина, тоьхна, динан коьртачу ден ялхочун лерг даьккхира. 48 ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу Со схьалаца? 49 Делан цІа чохь хІора дийнахь ца хуьлура Со шуьца, хьехамаш а беш? ХІетахь ма ца лоцура аш Со? Амма Делан Йозанаш тІехь яздинарг кхочушхила деза». 50 Цу хенахь, Іийса а витина, массо а мурдаш дІасабевдира. 51 Шен дерзинчу дегІа тІе шаршу хьарчийна волу цхьа жима къонах Іийсана тІаьхьа хІоьттира. Амма тІемалоша и дІалецира. 52 ТІаккха тІемалойн карахь шаршу а юьтуш, иза верзина ма-варра дІаведира царах. 53 Іийса динан коьрта да волчу цІа валийра. Цигахь массо а динан коьрта дай а, баккхийнаш а, Іелам нах а гулбеллера. 54 Іийсана гено тІаьхьа а хІоьттина, динан коьртачу ден керта чу велира Кипа. Иза динан коьртачу ден кертахь гІуллакх деш болчаьрца цІарна хьалха вохлуш вара. 55 Ткъа Іийсана веран кхел ярхьама, динан коьрта дай а, коьртачу кхеташонехь мел верг а Иза бехке ван бахьана лоьхуш бара, амма и бахьана ца карадора царна. 56 ХІунда аьлча дукхахболчара харц тоьшаллаш дора Цунна дуьхьал, ткъа уьш цхьана ца догІура. 57 Цхьаболчара, хьала а гІевттина, харц тоьшаллаш деш, элира: 58 «Тхуна хезнера Цо олуш: „Аса адамаша куьйга дина хІара Делан цІа доха а дина, кхаа дийнахь кхин тайпа долу, куьйга дина доцург дІахІоттор ду“, – аьлла». 59 Амма церан тоьшаллаш а цхьаьнадогІуш дацара. 60 ТІаккха динан коьртачу дас, юккъе дІа а хІоьттина, хаьттира Іийсага: «Ахь цхьа а жоп ма ца ло? Цара Хьуна дуьхьал тоьшаллаш хІунда до?» – аьлла. 61 Ткъа Іийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна. Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КІант? Цо леррина Къобалвинарг?» 62 Іийсас элира: «Со ву. Шуна гур а ву Адамийн КІант Нуьцкъалчу Далла аьтто агІор хиъна Іаш а, стигалан мархашца охьавуссуш а». 63 ТІаккха, шена тІера бедар а ятІийна, динан коьртачу дас элира: «Кхин хІун тешаш оьшу вайна? 64 Хезира-кх шуна И Далла луьйш, шуна муха хета?» Цара массара а Іийса веран кхел къобалйира. 65 ТІаккха цхьаболчара Іийсана тІе туйнаш детта долийра, вукхара, Цуьнан бІаьргаш дІа а дихкина, буйнаш а детташ, олура: «Хьо пайхамар хилар гайта хІинца!» ГІаролхоша а еттара Цунна. 66 Кипа цу кертахь, лахахь волуш, динан коьртачу ден цхьа зуда-ялхо еара цига. 67 Вохлуш волу Кипа а гина, цо, леррина юьхь-дуьхьал а хьаьжна, элира: «Хьо а вара-кх Назартера Іийсаца». 68 Амма Кипас дІахадийра: «Суна ахь хІун боху а ца хаьа, со кхета а ца кхета ахь бохучух». Иза а аьлла, Кипа кертан хьалха велира. ТІаккха нІаьна кхайкхира. 69 Оццу зудчо, иза юха а гина, «ХІара а ву царах цхьаъ», – элира уллохь хІиттина болчаьрга. 70 Кипас юха а тІе ца лецира цо бохург. Жимма Іийча, кхузахь лаьтташ болчара Кипе юха а элира: «Баккъалла а хьо ву-кх царах, хІунда аьлча хьо а ма-ву галилайхо». 71 Ткъа Кипа, дуйнаш а бууш, чІагІонаш ян волавелира: «Ца вевза суна И стаг, аш вуьйцуш верг». 72 ХІеттахь шозлагІа а нІаьна кхайкхира. ТІаккха дагадеара Кипина Іийсас шега аьлларг: «НІаьна шозза кхайкхале, ахь кхузза дІатосур ву Со». Кипа доггах вилхира.