Марк 13

1Іийса Делан цІийнан кертара араволучу хенахь мурдех цхьаммо элира Цуьнга: «Устаз! Хьажахь, ма хаза ду и тІулгаш а, гІишлош а!» 2Іийсас дуьхьал жоп делира: «Гой хьуна и яккхий гІишлош? И дерриге а хІаллакдийр ду, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». 3Іийса Зайт-диттийн лам тІехь Делан цІийнан кертана дуьххьал хиъна Іаш волуш, Кипас а, Якъуба а, Яхьъяс а, Іандара а хаьттира Цуьнга, уьш шаьш бисча: 4«Алахь тхоьга, маца а хир ду иза, хІун билгало а хир ю и хиндерг кхочуш хуьлуш?» 5Царна жоп а луш, Іийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, 6хІунда аьлча Сан цІарца дукха нах богІур бу. „Со ву Иза“, – бохуш, дукхахберш Іехор бу цара. 7Нагахь тІемах я цунах лаьцна хІума шайна хазахь, шу дохий ма хьовза, хІунда аьлча и дерриг а хила дезаш ду. Амма иза а тІаьххьара де дац. 8Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьІ-маьІІехь чІогІа мохк бегор бу, мацалла а хир ю. Иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц. 9Амма шу сема хилалаш, хІунда аьлча шу дІа а лоьцур ду, гуламан цІеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хІиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама. 10Ткъа хьалха хаза кхаъ массо а къаьмнашна дІакхачо беза. 11ТІаккха, шаьш царна хьалха кхеле хІиттинчу хенахь, хьалхе дуьйна гІайгІа ма белаш, шаьш ала дезачун, ткъа цу сохьта шайна дага тасийтинарг дІаала. ХІунда аьлча цу хенахь аш шаьш а ца олуш, амма Делан Сино шуьгахула эр ду ала дезарг». 12«Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дІалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТІаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гІевттина, уьш бойур а бу. 13Сан цІе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кІелхьарвоккхур ву». 14«Ткъа хІотто ца дезачохь, „вас еш йолу къемате хІума“ хІоттийна шайна гича (хІара доьшург нийса кхетийла!), тІаккха цу хенахь ЯхІуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дІаводийла. 15Тхов тІехь нисвелларг, охьа а воьссина цІа чу ма гІо, цо шен цІа чуьра цхьа хІума схьа ма эца. 16Ткъа аренгахь нисвелларг, шен тІеюху хІума схьаоьцур яра ша аьлла, цІа ма вогІийла. 17Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. 18Шаьш довда дезар Іай ца хилийтар Деле дехалаш. 19ХІунда аьлча оцу деношкахь, Дала дуьне кхоьллинчхьана дуьйна ца хиллачу кепара, кхин цул тІаьхьа а хир боцучу тайпана гІайгІа-бала хир бу. 20Везачу Эло и денош дац ца динехьара, цхьа а кІелхьарвалалур вацара, амма Ша къастийначеран дуьхьа дацдина Цо и денош. 21Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг !“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш, 22хІунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина къобалдинарш бу бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш а Іехорхьама. 23Амма шу ларлолаш! Ас хьалххе дІахоуьйту шуьга и дерриге а хиндерг». 24«Амма оцу деношкахь, и баланаш тІехІоьттинчул тІаьхьа, „малх кхулур бу, батто а серло лур яц, 25стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю“». 26«ТІаккха гур ву царна Шен боккхачу ницкъаца а, сийлаллица а мархаш тІехула вогІу Адамийн КІант . 27Оцу хенахь Цо, Шен маликаш а хьажийна, дуьненан еъа а маьІІера Шен къастийнарш дІагулбийр бу лаьттан йистера стигалан йисте кхаччалц». 28«Масала, схьаэца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кІад а делла, гІа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 29Иштта, и хІуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КІентан зама герга юйла а, Иза неІарехь вуйла а. 30Бакъдерг боху шуьга: ХІара адамийн тІаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а. 31Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац». 32«Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КІантана а, Да воцучунна. 33Варелаш, сема хилалаш, хІунда аьлча и хан тІе маца кхочу ца хаьа шуна. 34Масала, цхьаммо шен цІера а ваьлла, генна новкъа волучу хенахь, шен ялхойн кара олалла а делла, хІоранна а шен-шен гІуллакх дІа а делла, гІаролана сема хилар тІедуьллу. 35Иштта сема хилалаш! ХІунда аьлча шуна ца хаьа хІусаман да цІа маца вогІур ву, суьйранна, я буьйса юккъе яхача, я нІаьний кхойкхучу хенахь, я сатосуш. 36ЦІеххьана иза цІа веача, шаьш дийшина ма карадайталаш. 37Ас юха а боху шуьга массаьрга а, хІоранга а: „Сема хилалаш!“»

will be added

X\