Марк 12

1Іийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Іуналлина бІов а хІоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цІера ваьлла хилла иза. 2Кемсаш хуьлу хан тІекхаьчча, белхалошна тІе ялхо вахийтина хІусамдас, шена догІу кемсийн дакъа схьаэцийта. 3Ткъа белхалоша и ялхо, схьа а лаьцна, етта а йиттина, ваьсса дІахьажийна. 4ХІусамдас кхин а цхьа ялхо вахийтина, амма цара коьртах тІулгаш а диттина, сийсаз а вина, дІавахийтина иза а. 5Юха а кхиверг вахийтина цо, амма иза вийна, кхин цига мел хьажийначарна белхалоша я еттара цара, я бойура уьш. 6Кхин вахийта цхьа а ца висина, тІаьххьара а шен хьоме кІант хьажийна цига хІусамдас, шен дагахь: „Сан кІанте-м ларам хир ма бу церан“, – аьлла. 7Ткъа белхалоша вовшашлахь сацам бина: „Иза хин волу хІусамда ву, вай иза вуьйр ву, тІаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“. 8Цара иза, схьа а лаьцна, вен а вийна, кемсийн бешара кхоьссина дІаваьккхина. 9Ткъа хІинца хІун дийр ду хІусамдас? Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дІалур ю-кх кемсийн беш. 10Делан Йозанаш тІехь ца дешна те аш цунах лаьцна: „ГІишло еш, пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистера коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина. 11Иза Везачу Эло дина ду, вайна гергахь и чІогІа инзаре а ду!“» 12И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Іийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Іелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Іад а витина, дІабахара уьш. 13Муьлххачу а дашна тІехь ваьлла а, Іийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХІарод-паччахьна тІаьхьа хІиттина нах а бохуьйту цара Цунна тІе. 14Ткъа тІебаьхкича, цара хаттар до Іийсага: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла. Наха Хьайна олучух гІайгІа беш а вац Хьо, хІунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Мелхо а, Далла тІе боьду некъ нийса хьоьху Ахь. Нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац? Ло оха, я ма ло?» 15Амма церан мекарло евзаш, Іийсас элира цаьрга: «Со стенна зоь аш? Схьадал Соьга цхьа динари ахча, Суна иза гуш хилийта». 16Цара ахча схьадеара. ТІаккха Іийсас элира: «Хьенан сурт ду кху тІехь диллинарг, хьенан цІе ю язйина?» «Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара Цуьнга. 17ТІаккха Іийсас жоп делира цаьрга: «Делахь паччахьна паччахьна доггІург дІало, Далла – Далла доггІург». Уьш цецбевлла бисира Цуьнан жоьпах. 18Цул тІаьхьа Іийсана тІе цхьаболу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. 19Цара хаьттира Іийсага: «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна: „Нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тІаьхье меттахІотто“. 20ВорхІ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан. 21ШолгІачу вашас йигна и шен веших йиснарг. Иза а велла, кхин доьзалхо а воцуш, изза хилира кхозлагІчу вешица а. 22ВорхІе а вашас ялийна иза, цхьа а бер доцуш, уьш белла. Эххар и зуда а елла. 23Масала, уьш беллачуьра денбеллачу дийнахь, царах хьенан зуда хир ю иза, ворххІангахь а иза марехь хилла хилча?» 24Іийсас жоп делира цаьрга: «Делан Йозанаш ца хааро а, Делан ницкъ ца бовзаро а тиладолуьйтуш дуй те шу? 25Беллачуьра денбеллачара зударий а балор бац, маре а гІур бац, амма стигаларчу маликех тарлур бу уьш. 26Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тІехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла? 27Дела беллачеран Дела вац, амма дийначеран Дела ву! Ткъа шу чІогІа тиладелла ду». 28Цара дуьйцург а хезна, Іийсас шен меттахь жоп далар а гина, Іелам нахах цхьаммо, тІе а веана, хаьттира Цуьнга: «Дала тІедиллинчу гІуллакхех уггар коьртаниг муьлха ду?» 29Іийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хІара ду: „ЛадогІа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву! 30Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, дерриг а хьекъалца а, берриге а ницкъаца а веза“, И ду коьрта гІуллакх! 31ШолгІаниг а иштта ду: „Хьайн уллораниг хьо санна веза“. Царал коьртанаш цхьа а дац». 32«Хаза эли Ахь», – элира жоьпана дуьхьал Іелам стага. «Нийса боху Ахь, Устаз! Дела цхьаъ ву, И воцург кхин Дела вац. 33Иза хьайн доггах а веза, доллучу хьекъалца а, боллучу ницкъаца а, хьо санна веза хьайна уллораниг а – иза массо сагІанал а, цІий даккхарал а деза ду». 34Цу Іелам стага хьекъалца жоп далар а гина, Іийсас элира цуьнга: «Гена вац хьо Делан Олаллехь Далла уллохь хиларна». Цул тІаьхьа цхьа а ца хІоьттира Іийсага хаттарш дан. 35Кхин дІа а Делан цІийнан кертахь хьехамаш беш Іийсас элира: «Іелам наха хІунда олу: „ Дала леррина Къобалвинарг Даудан кІант ву“? 36Дауда а, ша Делан Синах вуьзначу хенахь, ма аьлла: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агІор охьахаа, Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц“. 37Нагахь Дауда а Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кІант муха хуьлу И Дала леррина Къобалвинарг?» Массо а адам там хиларца ладугІуш дара Іийсага. 38Шен хьехамашкахь Цо бохура: «Базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахеташ болчу, деха духарш а духуш кечлучу Іелам нахах ларлолаш. 39Царна лаьа гуламан цІа чохь а, тойнехь а баьрччехь Іан. 40Цара бисина Іан зударий шайн цІенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доІанаш а до. Амма ишттачарна луьра таІзар хир ду». 41Делан цІийнан кертахь сагІа гулдечу хазнина дуьхьал а хиъна, наха сагІина чутосучу ахчанан тидам беш вара Іийса. Дукхахболчу хьолахоша дуккха а дуьллура. 42Ткъа цхьа йисина Іачу къен зудчо, тІе а еана, ши жима цІестан ахча охьадиллира. 43Шен мурдаш тІе а кхайкхина, Іийсас элира цаьрга: «Бакъдерг боху шуьга, хІокху йисна Іачу къен зудчо сагІина делларг массара деллачул а деза ду. 44Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа хІокхо, шен таро йоццушехь, шен мел дерг а охьадиллира».

will be added

X\