Марк 11

1Ярушалайме воьдучу новкъахь, Зайт-диттийн ламанца йолчу Бет-Паг а, Бет-ХІина а меттигашка шаьш кхаьчча, Шен мурдех шиъ хьалхахьажийра Іийсас. 2Царна Цо тІедиллира: «Шайна хьалха лаьттачу юьрта чу гІо. Шу юьрта чу довллушехь, йихкина лаьтташ, адамех цхьа а шена тІе а хааза, къона вир гур ю шуна, иза дІа а ястий, схьаялае. 3Ткъа цхьаммо шайга хаттахь: „И хІун ду аша дийриг?“ – аьлла, „Элана оьшу хІара, Цо сихха юхаерзайойтур ю хІара“, – ала». 4Мурдаш бахча, царна арахь кевнах йихкина къона вир а гира, цара иза дІа а яьстира. 5Цигахь лаьттачех цхьаболчара хаьттира: «Аша хІун леладо, дІа стенна йосту аша иза?» – аьлла. 6Іийсас шайга ма-аллара, жоп делира мурдаша, тІаккха вукхара дІахийцира уьш. 7Цара, вир схьа а ялийна, цунна тІе шайн тІехулара бедарш тийсира, ткъа Іийса цунна тІе хиира. 8Дукхахболчара шайн тІехулара бедарш Цунна хьалха некъа тІе охьатуьйсура, вукхара, дитташ тІера гаьннаш а дохуш, уьш некъа тІе охьадохкура. 9Хьалха бевлла а, тІаьхьа хІиттина а богІучара чІогІа маьхьарий деттара: «„ ХІашанна !“ „Декъала ву Везачу Элана цІарах вогІуш Верг!“ 10Декъала ю тІейогІур йолу вайн ден Даудан пачхьалкх! ХІашанна! Хастам стигалшкара Веза Воккхачу Далла». 11Іийса, Ярушалайме а веана, Делан цІийнан керта чу велира. Кертахь массанхьа а дІаса а хьаьжна, хан яьлла хиларна, Шен шийтта мурд а эцна, Бет-ХІине вахара. 12ШолгІачу дийнахь хІорш Бет-ХІинера схьабевллачу хенахь Іийса мацвеллера. 13Геннара, тІехь дукха гІаш долу комарийн дитт а гина, цунна тІе вахара Іийса, тІехь комарш юй те хьажа. Диттана тІевеача, гІаш доцург хІумма а ца карийра Цунна, хІунда аьлча хІинца а стом хуьлу хан яцара. 14ТІаккха Іийсас элира дитте: «ХІинца дуьйна цхьаммо а, цкъа а стом ма боийла хьуна тІера!» Цуьнан мурдашна хезира Цо иза олуш. 15Уьш Ярушалайме баьхкира, цигара Делан цІийнан керта ваьлча, цу кертахь йохкаэцар лелош болу нах дІалоьхкура Іийсас. Ахчанаш хуьйцучеран гІопастанаш а, кхокхарчий духкучеран гІанташ а харцийра Цо. 16ТІаккха цхьаьнгге а шайн юхку хІуманаш Делан цІийнан кертахула дІаса ца йохуьйтура Цо. 17Іийсас хьехамаш бора царна: «Яздина дац: „Сан цІа доІанаш ден цІа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу“? Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина». 18Іелам нахана а, динан коьртачу дайшна а дІахезира иза. Цара ойла йора, Іийса хІаллак муха вийр вара те бохуш. Уьш Цунах кхоьрура, хІунда аьлча массо а халкъ цецдуьйлура Цуьнан хьехамех. 19Суьйранна, хан яьлча, Іийса, Шен мурдашца ара а ваьлла, дІавахара оцу гІалара. 20Іуьйранна, комарийн диттана уллохула чекхбовлуш, царна иза орамаш тІера дуьйна дакъаделла гира. 21ТІаккха, дага а деана, Кипас элира Іийсага: «Устаз! Хьажахь, Ахь сардам боьллина комарийн дитт дакъаделла-кх». 22Іийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила! 23Аса баккъалла а боху шуьга: нагахь цхьаммо хІокху ломе олу-кх: „Хьала а балий, хІордана чу кхоссало“, – шен даг чохь шеко а йоцуш, ткъа ша аьлларг билггала хирг хиларх теша а тешаш и хилча, хир ду цунна цо аьлларг. 24Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доІан тІехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тІаккха аш доьхург лур ду шуна. 25Шаьш доІа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтІера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама». 27Юха а Ярушалайме баьхкира уьш. Ткъа Іийса Делан цІийнан кертахь лелачу хенахь, динан коьрта дай а, Іелам нах а баккхийнаш а баьхкира Цунна тІе. 28Цара элира Іийсага: «Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» 29Іийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар, аш Суна жоп лахь, тІаккха Аса а эр ду шуьга, хьенан бакъонца деш ду и дерриг а. 30Яхьъяс хих чекхваккхар стигалара дара я адамашкара дара? – жоп лол Суна!» 31ТІебаьхкинарш вовше барт бан хІиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хІунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 32Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь...» (Уьш халкъах ца хІуттура, хІунда аьлча массарна а Яхьъя билггала пайхамар хетара.) 33Цара Іийсага жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла. ТІаккха Іийсас а дуьхьал элира: «Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».

will be added

X\