IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Марк 10 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  И мохк а битина, ЯхІуд-махка Йордан тІехьа дІаволавелира Іийса. Юха а адамийн тобанаш йогІура Цунна тІе, ткъа гуттар а санна Іийсас царна хьехамаш бора.   2  Масех парушхочо, Цунна тІе а веана, Иза зуьйш, хаьттира Цуьнга: «Бакъонехь нийса дуй стага зуда дІаяхийтар?» – аьлла.   3  Іийсас жоп делира цаьрга: «Муса-пайхамаро муха тІедиллина шуна?»   4  Цара элира: «Мусас бакъо елла майрачунна, дІасакъастарх лаьцна йозанца дина долу тоьшалла а яздина, зуда йита».   5  Іийсас элира цаьрга: «И шуна тІедиллинарг Мусас дІаяздина, шун дегнаш къиза долу дела.   6  Амма Дала дуьне кхуллучу хенахь, „Цо и шиъ стаггий, зудий кхоьллина“.   7  „Иза бахьана долуш, шен да-нана а дитина, стаг шен зудчуьнца цхьаьнакхетар ву.   8  ТІаккха и шиъ цхьаъ хир ду“. ХІинца уьш шиъ доцуш, цхьаъ санна долу дела,   9  цхьаммо а къаста ма дойла Дала цхьаьнатоьхнарг!»   10  ТІаьхьо, уьш цІа чохь болчу хенахь, мурдаша юха а цунах лаьцна хаттар дира Іийсага.   11  ТІаккха Іийсас жоп делира: «Шен зуда а йитина, кхин зуда ялорг ямартло еш ву.   12  Ткъа зуда, майрачух дІа а къаьстина, кхечуьнга маре йоьдуш елахь, иза а нахаца лелаш ю».   13  Іийсага куьг тІедиллийтархьама бераш далийра Цунна тІе, амма мурдаша тІе ца дуьтура уьш.   14  Иза гиначу Іийсас, оьгІаз а вахана, элира цаьрга: «ХІара бераш тІедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хІунда аьлча Делан Олалла тІелаьцнарш уьш санна бу.   15  Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тІе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац».   16  ТІаккха, и бераш мара а доьхкина, царна тІе куьйгаш а дехкина, уьш декъалдира Іийсас.   17  Іийса новкъа волучу хенахь, цхьа стаг тІеведира Цунна. Гора а вахана, цо хаьттира Іийсага: «Дика Устаз! Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама ас хІун дан деза те?»   18  Іийсас жоп делира цуьнга: «Сох „дика“ хІунда олу ахьа? Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург.   19  Дала тІедехкина гІуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Стаг а ма ве, нахаца а ма лела, къола а ма де, харц тоьшалла а ма де, хІилла а ма леладе, да-нана а лара“?»   20  Оцу стага элира Іийсага: «Устаз, беран хенахь дуьйна и дерриг а кхочушдеш, схьавогІуш ву со».   21  Іийсас, цуьнга хьажа а хьаьжна, и везавелла элира: «Цхьа хІума юкъахдитина ахьа. Хьайн долахь мел дерг дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. Цул тІаьхьа, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта».   22  Амма и дешнаш ма-хеззи, и стаг юьхь тІехь хийца а велла, гІайгІане а воьжна, дехьавелира, хІунда аьлча иза чІогІа хьал долуш вара.   23  Іийсас, гонах а хьаьжна, элира Шен мурдашка: «Мел хала ду-кх хьалдолчу стагана, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила!»   24  Мурдаш цецбевллера Цуьнан дешнех, амма Іийсас юха а элира цаьрга: «Сан бераш, мел хала хир ду-кх хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила.   25  Эмкална а механ Іуьргахула чекхъяла атта ду, хьалдолчунна, Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул».   26  Ткъа мурдаш, кхин тІе а цецбевлла, вовшашка хоьттуш бара: «ТІаккха кІелхьара мила ваккхалур ву те?» – бохуш.   27  Цаьрга а хьоьжуш, Іийсас элира: «Иза адамашка далур долуш хІума дац, амма Деле далур ду, Дела дерриге а дан ницкъ болуш волу дела».   28  Кипас элира тІаккха Цуьнга: «Хьажахьа! Дерриге Іадда а дитина, Хьуна тІаьхьа хІиттина-кх тхо».   29  Іийсас жоп делира: «Баккъалла а боху шуьга: массарна а шайн цІа а, я вежарий-йижарий а, я да а, нана а, я шайн латта а Сан дуьхьа а, хазачу кхоан дуьхьа а дитинчарна   30  бІозза сов лур ду цІенош а, вежарий а, йижарий а, наной а, берашший а, латтий а. Цаьрца цхьаьна ницкъ хилар а хир ду царна, ткъа тІейогІучу хенахь Дела волчохь цкъа а хедар доцу дахар а хир ду.   31  Амма хІинца хьалхе йоккхуш болу дукхахберш тІаьхьара хир бу, ткъа тІаьхьарнаш хьалхара хир бу».   32  Уьш кхин дІа а Ярушалайме дІабахара. Іийса хьалхаваьлла вогІура, ткъа цецбевлла мурдаш а, нах а кхерамца Цунна тІаьхьа хІиттина боьлхура. Іийсас юха а, Шен шийтта мурд юьстах а ваьккхина, Шех хиндерг дийцира царна:   33  «ЛадогІалаш! Вай Ярушалайме доьлхуш ду, цигахь Адамийн КІант динан коьрта дайн а, Іелам нехан а кара лур ву, тІаккха цара Цунна вен кхел а йийр ю, Иза кхечу къаьмнийн нехан кара дІа а лур ву.   34  Цара хьийзор а ву, шеташ а кхуьйсур ю Цунна тІе, шед еттар а ю, вуьйр а ву, амма кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву».   35  ТІаккха Зевадин шина кІанта Якъуба а, Яхьъяс а, Іийсана тІе а вахана, элира: «Устаз! Тхан дехар кхочушдан лаьар-кх тхуна Ахьа».   36  «Ткъа Ас хІун дан лаьара шуна?» – элира Іийсас.   37  Цара жоп делира: «Хьан олаллин нуьрехь Хьуна юххехь хилийтахь тхо, цхьаъ Хьан аьтту агІор, важа аьрру агІор», – аьлла.   38  Амма Іийсас элира цаьрга: «Шаьш хІун доьху а ца хаьа шуна. Ас молу къаьхьа кад малалур буй те шуьга? Со чекхволучу баланийн хІордах довлалур дуй те шу?»   39  Цара жоп делира: «Далур ду тхоьга иза», – аьлла. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Аса молу къаьхьа кад а мер бу аша, Со чекхволучу баланийн хІордах а чекхдевр ду шу,   40  амма Сайн аьтту агІор, я аьрру агІор охьахаор – иза Сан карахь дац. И меттигаш цхьаболчу нахана кечйина, уьш хила еззачеран хир ю».   41  Иза шайна хезча, висина итт мурд оьгІазвахара Якъубана а, Яхьъяна а.   42  ТІаккха Іийсас, уьш Шена тІе а кхайкхина, элира цаьрга: «Шуна хаьа, шаьш нахана юкъахь элий ду бохучара олалла дой царна тІехь, ткъа лакхара хьалдолчу наха уьш бацабойла.   43  Амма шуна юкъахь ма хуьлийла иштта. Ткъа шуна юкъахь лакхара хила лууш верг шун ялхо хуьлийла,   44  я шун юкъара ша хьалхара хила лууш верг массеран а лай хуьлийла.   45  ХІунда аьлча Адамийн КІант Шена хьалхара гІуллакх дайта ца веана, амма Ша гІуллакх дан а, Шен дахар дІадала а веана, дукхахболчеран къинош дІатакхархьама».   46  Іийса мурдашца Ерихоне веанера. ТІаккха Иза Шен мурдашца а, алссам долчу адамашца а цу гІалара араволучу хенахь бІаьрзе волу Тхьамайн кІант Бар-Тхьамай вара, некъа йисте а хиъна, сагІа доьхуш.   47  Назартхо Іийса вогІуш вуй а хезна, иза, мохь а бетташ, бохуш вара: «Іийса, Даудан кІант! Къинхетам бехьа сох».   48  Дукхахболчара иза чехавора, гІовгІа ма е а бохуш, амма и кхин а чІогІа мохь бетта вуьйлира: «Даудан кІант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш.   49  Іийсас, саца а сецна, иза Шена тІекхайкхийтира. БІаьрзечуьнга: «Доьналла долуш хила, тІевола боху хьоьга!» – аьлла, кхайкхира уьш.   50  Шен тІехулара бедар дІа а яьккхина, хьала а кхоссавелла, Іийсана тІе веара иза.   51  «Хьуна хІун оьшу Соьгара?» – хаьттира Іийсас. БІаьрзечо элира Цуьнга: «Устаз! БІаьрса ган лаьа суна».   52  Іийсас элира: «ДІавало, хьан тешаро кІелхьарваьккхи хьо». Цу сохьта бІаьрса а деана, Іийсана тІаьхьахІоьттина некъахула вахара иза.