Марк 1

1Дала леррина къобалвинчу Делан КІантах Іийсах лаьцна хаза кхаъ болабелла иштта. 2ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро шен заманахь яздинера: «Хьажал! Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту Ас. Цо Хьуна некъ кечбийр бу. 3Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе, нисде Цунна хьалха некъан тачанаш“». 4Иза кхочушхуьлуш гучувелира Яхьъя. Цо, яьссачу арахь адамаш хих чекх а дохуш, кхайкхам бора: «Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама». 5ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а дукха адам догІура цунна тІе. Далла хьалха шайх даьллачу къиношна дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхбохуьйтура наха Яхьъяга. 6Цо эмкалан тІергІах дина духар леладора, шуьйра тІаьрсиган доьхка а доьхкура. ЦІоз а, акха моз а дуура Яхьъяс. 7Адамашна иштта хьехамаш бора цо: «Барам боцуш сол нуьцкъалниг вогІу суна тІаьххье. Цунна хьалха ур-атталла гора а хІоьттина, Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста хьакъ вац со. 8Аса шу хих чекхдоху, ткъа Цо Делан Синах дузор ду шу». 9Оцу деношкахь Галилай-махкара Назарт-гІалара Іийса а веара цига. Цо Яхьъяга Йордан-хи чохь Ша хих чекхваккхийтира. 10Іийса хи чуьра хьалаволлушехь, Цунна а гуш, стигалш дІаеллаелира. Кхокханан суьртехь Делан Са доьссира Цунна тІе. И Делан Са Іийсана чу дуьйлира. 11Ткъа стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КІант! Хьоьца бу Сан лаам». 12Цу сохьта Делан Сино Иза яьссачу аренга вахийтира. 13Цигахь иблисо зуьйш, шовзткъа де даьккхира Іийсас. Акхарошна юкъахь Іаш вара Иза, маликаша Цунна гІуллакх а деш. 14Яхьъя, схьа а лаьцна, чувоьллинчул тІаьхьа, хаза кхаъ кхайкхош, Іийса Галилай-махка вахара. 15Цо олура: «Хан тІекхаьчна. Делан Олалла гергакхаьчна. Шайгара девллачу къиношна дохко а довлий, Далла тІе а дерзий, хазачу кхоах теша». 16Галилай-Іомана юххехула чекхволуш, ШамІа а, цуьнан ваша Іандар а гира Іийсана. Уьш чІерий лоцу бой хи чу тосуш бохкура, шаьш чІерийлецархой болу дела. 17Іийсас элира цаьрга: «Суна тІаьхьахІитта, ткъа Аса хІинца дуьйна адамийн синош лецархой дийр ду шух». 18Уьш, сихонца шайн бойнаш а йитина, Іийсана тІаьхьахІиттира. 19Дехьо ваьлча, Цунна Зевадин кІант Якъуб а, цуьнан ваша Яхьъя а гира. Уьш хинкеман чохь чІерий лоцу бойнаш тоеш бара. 20Іийсас цу сохьта уьш схьакхайкхира, ткъа вуьш, шайн да Зевади белхалошца хинкеман чохь а витина, Цунна тІаьхьа хІиттира. 21Уьш Къапарнаме дІабуьйлабелира. Шоьтан де тІе ма деъана, Іийсас гуламан цІа чу а вахана, адамашна хьехамаш бира. 22Нах цецбуьйлура Цуьнан хьехамех, хІунда аьлча Іеламчу наха санна а доцуш, олалла долчо санна хьоьхура Іийсас. 23ЦІеххьана гуламан цІа чохь жино хьийзош волу стаг гучувелира, мохь а хьоькхуш: 24«Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» 25Іийсас омра дира жине: «ДІасаца! Арадала цунна чуьра!» – аьлла. 26ТІаккха, и стаг дІаса а виттина, чІогІа мохь а хьаькхна, цунна чуьра араделира жин. 27Чохь берш чІогІа цецбевлла, вовшашка хетта буьйлабелира: «И хІун керла хьехам бу? Ур-атталла жинашна тІехь а олалла до Цо, ткъа вукхара Цуьнан омре ладугІу». 28Дукха хан ялале Іийсах лаьцна Галилай-махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара. 29Іийса Яхьъяца а, Якъубца а гуламан цІа чуьра ара ма велли, ШамІа а, Іандар а волчу цІа вахара. 30ШамІин стуннана чІогІа дагар долуш меттахь яра, цара цунах лаьцна дийцира Іийсага. 31Іийсас, тІе а вахана, куьг а лаьцна, хьалагІатта гІо дира зудчунна. Оцу сохьта дагар дІа а даьлла, царна хьошалла дан йолаелира цомгушниг. 32Сарахь, малх чубуьзначу хенахь, цигара массо цомгушнаш а, жинаша хьийзош берш а балийра Іийсана тІе. 33Дукха адам гулделла дІахІоьттинера неІаре. 34Тайп-тайпана цамгарш йолу дукха нах тобира Цо. Дукха жинаш а нахана чуьра арадехира Іийсас, амма, Ша царна вевзий хууш, Іийсас ца магадора, Ша мила ву дийца. 35Іуьйранна, сатасале, цІера ара а ваьлла, цхьа а адам доцучу метте вахара Іийса. Цигахь Цо доІа дира. 36Ткъа ШамІагІар Иза лаха арабевллера. 37И карийча, цара элира Іийсага: «Массо а Хьо лоьхуш ву». 38Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Дуьло, юххехь йолчу гІаланашка а, ярташка а гІо вай, цигахь хьехамаш бан, хІунда аьлча Со цунна веана ма ву». 39Галилай-махкахула жуьгтийн гуламан цІеношкахь нахана хьехамаш а беш, жинаша хьийзош болчарна чуьра жинаш ара а дохуш, вахара Іийса. 40ДІа ца йоьрзу йолу чкъуран цамгар йолуш цхьа стаг веара Іийсана тІе. Іийсана хьалха гора а воьжна, шена гІо дар а доьхуш, цо элира: «Хьайна лиъча, со товийр вара-кх Ахьа». 41Цу стагах дукха къа а хетта, цунах куьг а Іоьттина, Іийсас элира: «Суна лаьа хьо товала! ЦІанло!» 42Цу сохьта, и цамгар дІа а яьлла, цу стеган дегІ цІанделира. 43Іийсас, и стаг сихонца дІа а хьажош, чІогІа тІедилларца элира цуьнга: 44«Варелахь, хиллачух лаьцна цхьаьнгге а ма дийцалахь. Ткъа хІинца ваха а гІой, хьо динан дега а гайтий, Муса-пайхамаро тІе-ма-диллара, Далла лерина сагІанаш даха. Хьо товаларан тоьшаллина хир ду иза нахана хьалха». 45Амма вукхо вахана массанхьа дийцина хиллачух лаьцна, цундела, ма-бохху гІалахь гучувала йиш ца хиларна, адам кІеззиг долчу меттигашкахь соцура Іийса. ХІетте а массанхьара а адам догІура Цунна тІе.

will be added

X\