Лака 9

1Шен шийтта векал схьа а кхайкхина, Іийсас царна ницкъ а, бакъо а елира адамашна чуьра дерриг жинаш лахка а, цамгарех нах тобан а. 2Цо дІахьовсийра уьш Делан Олаллех лаьцна кхайкхам бан а, адамашна дарбанаш дан а. 3«Шаьш новкъа довлуш, шайца я Іаса а ма эца, я тІоьрмаг а ма эца, я бепиг а ма эца, я ахча а ма эца, я хуьйцуш юха бедар а ма эца», – элира Цо цаьрга. 4«Шаьш дІакхаьчначу цІа чохь Іе, оцу гІалара арадовллалц. 5Нагахь цхьанхьа шаьш тІе ца эцахь, шайн когаш тІера чан дІаегае, гІалара арадовлуш. Шу тІе ца эцначу нахана дуьхьал тоьшалла хир ду иза». 6Іийсан векалш дІабахара. Ярташкара ярташка а боьлхуш, хаза кхаъ кхайкхош, массанхьа а нахана дарбанаш деш лелара уьш. 7Іийсас а, Цуьнан мурдаша а дечух лаьцна хабар мехкан куьйгалхочунна ХІародна а хезира. Иза собарх воьхнера, хІунда аьлча цхьаболчара бохура веллачуьра Яхьъя денвелла, 8вукхара – Эли-ЯхІу-пайхамар веана, кхозлагІчара – ширачу заманахьлера пайхамарех цхьаъ денвелла. 9ХІарода ша-шега хоьттура: «Яхьъян ас корта баьккхина. Ткъа и стаг мила ву теша, шех лаьцна и хІуманаш наха дуьйцуш волу?» Иза Іийса ган гІертара. 10Векалша, юха а баьхкина, дийцира Іийсана шаьш динчух лаьцна. Уьш а эцна, цаьрца цхьаьна хилархьама, Бет-Саида цІе йолчу гІали юххехьа дІавахара Іийса. 11Амма Иза мичахь ву а хиъна, дукха адам деара Цунна тІаьхьа. Іийсас уьш тІеийцира. Цо Делан Олаллех лаьцна а дийцира царна, оьшучарна дарбанаш а дира. 12Де суьйренгахьа лестича, Іийсан шийтта векало, тІе а веана, элира Цуьнга: «Адам дІадахийта деза. Луларчу ярташка а, кІотаршка а бахана, шайна дІадийша меттиг а, яа хІума а лохур цара. Вай долу меттиг яьсса ю», – аьлла. 13ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хІума». Векалша жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чІарий бен бац. ГІой, царна массарна а яа хІума эций оха?» – аьлла. 14Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара. Амма Іийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», – аьлла. 15Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра. 16Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира Іийсас. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. 17Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тІаьхьа Іийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара. 18Іийсас, Ша висна, доІа дечу хенахь, Цунна тІе мурдаш баьхкира. Цо хаьттира цаьрга: «Наха Со мила ву олу?» – аьлла. 19Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву боху, вукхара Хьо Эли-ЯхІу-пайхамар ву боху, кхозлагІчара ширачу заманахьлера денвелла веана пайхамар ву боху». 20«Ткъа аша хІун боху, Со мила ву боху аша?» – аьлла, хаьттира Іийсас. Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла. 21Іийсас и хІума нахе дІахаийтар чІогІа дихкира царна. 22Цо элира: «Адамийн КІантах иштта хила дезар ду: Цуьнан дукха баланаш лан дезар, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Іеламчу наха Иза тІе ца лаьцна хила а дезар ду, Иза вийна хила а везар ву, амма кхозлагІчу дийнахь Дала Иза веллачуьра денван а везар ву». 23ТІаккха Іийсас элира массаьрга а: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дІа а теттина, хІора дийнахь шен баланийн мохь тІе а лаьцна, Суна тІаьхьахІотта веза. 24ХІунда аьлча шен са кІелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дІаделлачо иза кІелхьардоккхур ду. 25ХІун пайда бу стагана дерриг а дуьне цуьнан а хилла, цо ша хІаллаквича я шена зен дича? 26Нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Адамийн КІант дІавоьрзур ву цу стагах, Шен а, Шен Ден а, Делан маликийн а Олаллин нуьрехь Ша веача. 27Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду». 28Цул тІаьхьа, ворхІ-бархІ де даьлча, Шеца Кипа а, Яхьъя а, Якъуб а эцна, Іийса доІа дан лам тІе хьалавелира. 29ДоІа дечу хенахь Цуьнан юьхь цІеххьана хийцаелира, духар чІогІа кІайделира, тІехь бІаьрг ца сацалуш. 30- 31Олаллин нур лепаш ши стаг дІахІоьттира Цунна юххе. И шиъ Муса-пайхамар а, Эли-ЯхІу-пайхамар а вара. Іийсаца къамел дира цу шиммо. Цара дуьйцура Іийсан, Ярушалаймехь, адам паргІатдаккхархьама, дуьнен чуьра дІакхалха дезарх лаьцна. 32Кипа а, цуьнан накъостий а чІогІа наб кхетта бара. Самабевлча, царна гира Іийсан а, Цуьнца лаьттачу шина стеган а Олаллин нуьран лепар. 33И ши стаг дІаваха воьлча, Кипас элира: «Устаз! Ма дика Іа вай кхузахь! Кхо кхалор ей вай Хьуний, Мусаний, Эли-ЯхІуний?» Цунна шена а ца хаьара ша хІун дуьйцу оцу хенахь. 34Кипа къамел дина а валале, марха тІе а еана, уьш дІахьулбелира цуьнан ІиндагІехь. Іийсан накъостий кхерабелира, цу мархина юкъахь Іийса а, Муса а, Эли-ЯхІу а нисвелча. 35Мархи юкъара аз хезира: «ХІара ву Ас хаьржина волу Сан КІант. Цуьнга ладогІалаш!» 36Аз дІатийча, царна Іийса ша лаьтташ гира. Мурдаша шайна гинарг къайладаьхьира, цу хенахь цхьаьнгге а ца дуьйцуш. 37ШолгІачу дийнахь, уьш лам тІера чубиссича, Іийсана дуьхьал еара адамийн йоккха тоба. 38Нахана юккъера цхьана стага чІогІа мохь туьйхира: «Устаз! Доьху Хьоьга, хьажахьа сан кІанте! Иза сан цхьаъ бен вац! 39Кест-кеста цунна чудолучу жино хьийзаво иза. КІант, мохь хьоькхуш, лаьттах веттало, багах чопаш оьхуш. Иштта цунна ницкъ бой, иза лазавой бен дІа ца долу и жин. 40Ас Хьан мурдашка дехнера жин эккхаде аьлла, амма цаьрга хІумма а дан ца делира». 41Іийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Сан шу? Схьавалаве хьайн кІант!» 42КІант, тІевогІучу хенахь, жино охьатуьйхира, лазар а даийтина. Амма Іийсас жине арадала аьлла омра а дина, кІант туо а вина, дега дІавелира. 43Массо а Делан боккхачу ницкъах чІогІа инзарваьлла вара. Нах Іийсас дечух дерригенах цецбевлла лаьттара. Оцу хенахь Цо Шен мурдашка элира: 44«Дика ладогІалаш, диц а ма делаш Ас шайга аьлларг: Адамийн КІант нехан кара лур ву». 45Амма мурдаш ца кхийтира Цо аьллачух. Ткъа оцу дешнийн маьІна Дала царах лачкъийна дара. Іийсага, и хІун ду аьлла, хатта уьш ца баьхьира. 46Мурдаша къовсам баьккхира, шайна юкъахь лакхарниг мила ву аьлла. 47Іийсас, церан дагара хууш, жима бер схьа а эцна, Шена юххе дІа а хІоттийна, 48элира: «Сан дуьхьа хІара бер тІеэцначо Со а тІеоьцу. Ткъа Со тІеоьцучо Со Ваийтинарг а тІеоьцу. Цундела шуна юкъахь уггар кІезиг верг а уггар лакхарниг ву». 49ТІаккха Яхьъяс элира Іийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цІарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гІиртира тхо». 50Іийсас жоп делира: «Сеца ма ве иза! ХІунда аьлча шуна дуьхьал воцург шуьгахьа ву!» 51Ша стигала хьалаоьцу волу хан тІекхача йоьлча, Іийсас сацам бира Ярушалайме ваха. 52Цо Шен геланчаш хьалха бахийтира цхьана шамранхойн юьрта, Шена оьшучунна кечам байтархьама. 53Амма оцу юьртарчу наха Іийса тІе ца ийцира, хІунда аьлча гуш дара Иза Ярушалайме воьдуш вуйла. 54И болх а гина, Цуьнан мурдаша Якъуба а, Яхьъяс а элира: «Эла! Хьуна лаахь, оха стигалара стелахаьштиг а тохийтина, хІаллакбойтур бу и нах». 55Амма Іийсас, юхавирзина, дихкира царна и дар. 56ТІаккха Іийса а, Цуьнан мурдаш а кхечу юьрта бахара. 57Уьш новкъахула богІучу хенахь, цхьана стага элира Іийсага: «Со Хьуна тІаьхьа хІуттур ву, Хьо миччахьа а водахь а». 58«Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Іан баннаш ду, ткъа Адамийн КІентан корта дІатовжо меттиг а яц», – аьлла, жоп делира цунна Іийсас. 59Кхечу стаге Цо элира: «Суна тІаьхьа схьавола!» – аьлла. Амма оцу стага дийхира: «Сан Эла! Пурба лохьа суна, цкъа, цІа а вахана, сайн да дІаволла». 60«Белларш беллачарна бита, ткъа ахь, Суна тІаьхьахІотта лууш хьо велахь, ваха а гІой, Делан Олалла кхайкхаде», – элира цуьнга Іийсас. 61Кхин цхьана стага элира Цуьнга: «Эла! Со Хьоьца вогІур вара, пурба лохьа суна цкъа цІахь болчаьрца Іодика ян», – аьлла. 62Іийсас жоп делира цунна: «Нахаран тІам схьа а лаьцна, юхахьоьжуш верг Делан Олаллина пайденна вац», – аьлла.

will be added

X\