Лака 8

1Цул тІаьхьа Іийса гІаланашкахула а, ярташкахула а чекхволура, Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ кхайкхош. Шен шийтта векал вара Цуьнца, 2кхин масех зуда а, Цо жинех а, цамгарех а тойина йолу: шена чуьра ворхІ жин схьадаьлла йолу Магдал-юьртара Марем а, 3ХІародан цІен чохь куьйгалла деш волчу Хьозан зуда Яхьани а, Шушан а, кхин дуккха а берш. Оцу зударша шайн хьола тІера дакъа луш гІо дора Іийсана. 4Іийса волчу дукха нах тІеоьхура маьІ-маьІІера. Цо царна цхьа хьекъале дустар далийра: 5«Цхьа ахархо шен кха тІе хІу таса араваьлла. Цо хІу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дІадиъна. 6Кхидолу буьртигаш тІулгаш долчу лаьтта тІе ийгира. Церан зІийдигаш гучуевлча, уьш якъаелира, хи а ца тоьъна. 7Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хІун зІийдигаш къайлаехира. 8Ткъа важа долу хІу дика латта долчохь нисделира. Хьала а девлла, дІадийначул бІозза сов ялта делира цара». И дийцар чекх а даьккхина, Іийсас чІоггІа элира: «Лергаш долчунна хІара хезийла!» 9Цуьнан мурдаша хаьттира Цуьнга, хІун маьІна долуш ду и дийцар аьлла. 10Іийсас элира: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечаьрга Ас ишттачу дустаршца дуьйцу, уьш „хьоьжуш боллушехь, царна хІумма а ца гархьама, ладугІуш боллушехь, дуьйцучух ца кхетийтархьама“. 11ХІара маьІна долуш ду и далийна дустар: буьртиг Делан дош ду. 12Новкъа йистехь эгна буьртигаш – уьш Делан дош хезаш берш бу. Амма схьадеанчу иблисо церан дегнашкара и дош дІахьо, уьш, цунах теша а тешна, кІелхьара ца бовлийтархьама. 13Ткъа тІулгаш тІе эгнарш – уьш, дош хезча, хазахетарца и тІеоьцурш бу. Амма шайн цхьа а орам боцуш, уьш цхьана ханна теша, ткъа зуьйш йолчу хенахь, уьш юьстахбовлу. 14Коканийн коьллаш юкъа эгна, кхиъалц стом ца белла буьртигаш – уьш дош хезнарш бу, амма юха дІа а бахана, дахаран гІайгІанех, хьолах, дегІана там лахарх Іехабелларш бу. 15Ткъа дикачу лаьтта тІе эгнарш – уьш, дош а хезна, дикачу, цІеначу даг чохь и лардеш, собаре хиларца пайден стом луш берш бу». 16«Цхьаммо стогар латийча, цунна тІехула кхаба ца хІоттайо, я маьнги кІел ца хІоттабо иза, амма чубогІучарна серло гун йолччу лакха хьалахІоттабо. 17ХІунда аьлча мел йоккха къайле а цхьанна ца хууш юьсур яц, мел чІогІа лечкъийнарг а гІара ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац. 18Цундела шайна хезачух лаций ойла елаш. ХІунда аьлча долчунна кхин а тІелур ду, ткъа доцучуьнгара шен ду моьттург а дІадоккхур ду». 19Іийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира, амма Цунна гонах дукха адам хиларна, тІе ца кхачалора уьш. 20Цхьаммо Цуьнга элира: «Хьан наний, вежарий бу арахь Хьо ган лууш». 21Іийсас жоп делира: «Сан наний, вежарий Делан даше ла а дугІуш, и кхочушдеш берш бу». 22Цхьана дийнахь Шен мурдашца хинкеманна тІе а хиина, Цо элира: «Іоман дехьа берда тІе девр ду вай». Уьш хи тІехула дІабахара. 23Хин кеманахь уьш богІучу хенахь, Іийсана наб кхетта. Іома тІехь чІогІа мох а баьлла, кеманна чу хи даьлла. Уьш кхерамечу хьолехь хилла. 24Мурдаша самаваьккхина Іийса: «Устаз! Устаз! Вай хІаллакьхуьлуш ду!» Цо, хьала а гІаьттина, мохе а, тулгІенашка а омра дира. Уьш совца а севцина, гонах тийналла дІахІоьттира. 25ТІаккха Цо хаьттира цаьрга: «Мичахь ду шун тешар?» Кхерабелла, цецбевлла вовшашка хоьттуш бара уьш: «Мила ву Иза? Цо хине а, мохе а омра до, цара ладугІу Цуьнга». 26Уьш Галилайна дуьхьалара берда тІехь Іуьллучу ГІарас цІе йолчу метте баьхкира. 27Іийса берда тІе ваьлча, Цунна дуьхьал гІалара жинаша хьийзош волу цхьа стаг веара. Иза, дукха хенахь дуьйна тІе хІума ца юхуш, нах дІабухкучу хьехаш чохь Іаш вара. 28- 29Іийса а гина, Цунна хьалха вуьйжира иза. Іийсас омра дира жине, оцу стагана чуьра арадала аьлла. Стага мохь тухуш элира: «ХІун оьшу Хьуна соьгара, Іийса, Веза Воккхачун КІант? Доьху Хьоьга, ма хьийзавехьа со». Жино дукха хенахь дуьйна хьийзош вара и стаг. ЗІенашца дІа а вихкина, ларвича а, уьш хеда а йой, жино бохург деш, цхьа а адам доцучу, яьссачу метте дІавоьдура иза. 30Іийсас хаьттира цуьнга: «ХІун ю хьан цІе?» Цо элира: «Эскар», хІунда аьлча дукха жинаш доьллера цунна чу. 31Цу жинаша дехар дира Іийсага, шаьш бух боцучу Іинах ма кхийсахьара аьлла. 32Циггахь лам тІехь бежаш хьакхарчийн боккха бажа бара. Жинаша дийхира Іийсага, шаьш царна чу довлийта аьлла. Цо царна пурба делира. 33Жинаш, стагана чуьра ара а девлла, хьакхарчашна чудевлира. Лекхачу берда тІера хи чу а лилхина, буха яхара хьакхарчий. 34Іуша, хилларг ган а гина, бевдда бахана дийцира и гІалахь а, юххерчу ярташкахь а. 35Хилларг хІун ду хьажа адамаш даьхкира. Іийсана тІебаьхкича, царна гира шена чуьра жинаш арадевлла стаг. ТІе хІума а юьйхина, метта а веана, Іийсан когашкахь Іаш вара иза. Схьабаьхкинарш чІогІа кхерабелира. 36Хилларг гиначара дийцира царна, жинаша талхийна стаг муха товира. 37Оцу ГІарасара мел болчу бахархоша, шаьш чІогІа кхерабелла хиларна, дехар дира Іийсага, шаьш а дитина, дІагІахьара Хьо аьлла. Иза хІордкемана тІе а хиина юхавирзира. 38Шена чуьра жинаш дІалаьхкинчу стага дехар дира Цуьнга, ша а ваийтахьара аьлла. Амма Іийсас дІавахийтира иза: 39«ЦІа а гІой, хьайна Дала мел дика дина дийца ахь», – аьлла. Цу стага дІавахана гІалахь бехачаьрга шена Іийсас динчу доккхачу диканах лаьцна дийцира. 40Дуккха а адам Іийсага хьоьжуш Іийра. Иза юхавеача, наха Цуьнга маршалла хаьттира. 41Гуламан цІа чохь куьйгалхо волу Яир веара Іийсана тІе. Гора а воьжна, дийхира цо, шен цІен тІе вагІахьара Хьо аьлла. 42ХІунда аьлча цуьнан цхьаъ бен йоцу, шийтта шо кхаьчна йоІ яра яла йоллуш Іуьллуш. Іийса дІавоьдуш Цунна гонах чІогІа дуькъа адам дара, Иза халла бен чекх ца валалуш. 43Оцу нахана юкъахь цхьа зуда яра шийтта шарахь цІий ца соцуш бала хьоьгуш, лоьрашна шен дерриг ахча а доьхкина, церан ян гІоле а йоцуш. 44ТІехьашхула тІе а еана, Іийсан бедарх кхозучу чечакхах куьг Іоьттира цо, оцу сохьта цуьнан дІаоьху цІий сецира. 45«Мила вара Сох куьг Іоьттинарг?» – аьлла, хаьттира Іийсас. Цхьаммо а даре ца дира. Кипас элира: «Устаз! Нах ма бу Хьуна гонах, цара дІаса ма тоьтту Хьо, ткъа Ахь хоьтту: „Мила ву Сох куьг Іоьттинарг?“» 46Амма Іийсас элира: «Сох цхьаммо куьг Іоьттира, хІунда аьлча Суна хаабелира Сайх дІакъаьстина ницкъ». 47Зуда, ша гучуяьллий а хиина, ехьош тІееана, Іийсана хьалха юьйжира. Массарна а хьалха дийцира цо, ша Цунах куьг хІунда Іоьттира а, шена оцу сохьта гІоле муха хилира а. 48ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Сан йоІ, хьан тешаро тойина хьо. Маьрша дІагІо хьайна». 49Іийса къамел дина а валале, гуламан цІийнан куьйгалхочун Яиран цІера геланча веара. «Хьан йоІ елла, – элира цо. – Устазана хало ян ца оьшу». 50Амма Іийсас, и къамел а хезна, элира Яире: «Кхера ма кхера, амма теша, тІаккха хьан йоІ толур ю». 51Яиран керта а веана, Цо цхьанна а чу ван пурба ца делира, Кипиний, Яхьъяний, Якъубаний, йоІан дений-нанний бен. 52Кертара адамаш оцу йоІана доьлхуш дара. «Ма делха, – элира Іийсас, – иза ца елла, иза йижина ю». 53Уьш Цунах бийла хІиттира, хІунда аьлча царна хаьара и йоІ еллийла. 54Іийсас, йоьІан куьг схьа а лаьцна, элира: «ХьалагІатта, йоІ!» 55ЙоІана чу са деара, иза цу сохьта хьалагІаьттира. Іийсас цунна яа хІума ло элира. 56Дай-наний чІогІа цецдаьлла дара. Амма Іийсас элира цаьрга, хилларг цхьаьнгге а ма дийца аьлла.

will be added

X\