Лака 7

1ЛадугІуш болчаьрга деш долу Шен къамел чекх а даьккхина, Іийса Къапарнам-гІали чу вахара. 2Цигахь цхьа римхойн эскарера тІемалойн хьаькам вара Іаш. Оцу хьаькаман цунна чІогІа дукхавезаш волу ялхо, цомгуш а хилла, вала воллуш Іуьллуш вара. 3Іийсах лаьцна шена хезча, И волчу жуьгтийн баккхий нах бахийтира цо дехарца, ван а веана, шен ялхо кІелхьарваккхахьара аьлла. 4Баккхий нах, Іийса волчу а баьхкина, Цуьнга деха хІиттира: «И хьаькам Ахь гІо дан хьакъ ву. 5Цунна вайн къам дукхадеза. Цо вайна гуламан цІа а дина», – аьлла. 6Іийса цаьрца и хьаькам Іаш волчу вахара. ЦІенна хІорш гергакхаьчча, хьаькамо шен накъостий дуьхьал бахкийтира Іийсага дІаала: «Эла! Хьайна хало ма е! Со хьакъ вац Хьо сан тхов кІел ван. 7ХІунда аьлча ас со Хьуна дуьхьал ван а хьакъ ца лору. Амма Ахь цхьа дош аьлча, сан ялхо толур вара. 8Иза суна дика хаьа, хІунда аьлча суна тІехь лаьтташ а ву хьаькам. Сан сайн карахь а бу тІемалой. Аса „Валол!“ аьлча, царах муьлхха а ваха веззачу дІавоьду. Вукхуьнга „Схьавоьл кхуза!“ аьлча, иза схьавогІу. Сайн ялхочуьнга „Иза де!“ олу, цо и гІуллакх до». 9Оцу дешнашка ла а доьгІна, чІогІа цецваьллачу Іийсас, юха а вирзина, Шена тІаьхьа богІучу нахе элира: «Ас боху шуьга, исраилхошна юкъахь а ца гина Суна оцу стеган санна Делах тешар». 10Хьаькамо бахкийтина нах цІа баьхкича, ялхо товелла карийра царна. 11Цул тІаьхьа дукха хан ялале Іийса Наин цІе йолчу гІала вахара. Цуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бахара Цуьнца цига. 12Оцу гІалин кевнна йистте кхаьчча, Кхунна дуьхьал адамийн йоккха тоба кхийтира. Уьш гІали чуьра велла кІант вахьаш богІуш бара. И велларг йисина Іачу зудчун цхьаъ бен воцу кІант вара. Оцу зудчуьнца гІалара схьадогІуш дукха адам дара. 13И зуда гина, цунах чІогІа къахийтира Везачу Элана. Цо элира цуьнга: «Ма елха!» – аьлла. 14Юха тІевахана барамах куьг Іоьттира Цо. Барам бахьаш богІу нах севцира. Іийсас элира: «КІант, хьоьга боху Ас: хьалагІатта!» 15Велларг, ден а велла, кІегар а хиина, вистхилира. Іийсас иза нене дІавелира. 16Массо а Деле болчу ларамах буьзира. Юха Далла хастамаш бан хІиттира уьш. Цхьаболчара бохура: «Веза пайхамар веана вайна юкъа». Вукхара бохура: «Дела веана Шен халкъана гІо дан». 17Іийсах лаьцна и хабар берриг ЯхІуд махкахула а, цунна гондахьа болчу мехкашкахула а дІасадаьржира. 18Яхьъян мурдаша дийцира цунна Іийсас динчух лаьцна. 19Яхьъяс, царах шиъ схьа а кхайкхина, Веза Эла волчу вахийтира Цуьнга хатта: «Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?» – аьлла. 20Вахийтинчу шиммо, Іийса волчу а веана, элира: «Нах хих чекхбохучу Яхьъяс дахкийтина тхо Хьоьга хатта: „Хьо вуй и ван везаш верг, я кхечуьнга хьежа деза тхо?“ – аьлла». 21Оцу хенахь Іийсас дукха нах тобора халчу цамгарех, вочу жинех, дуккха а бІаьрзечарна бІаьрса а лора. 22Цо элира ваийтинчу шинга: «Ваха а гІой, Яхьъяна дийца кхузахь шаьшшинна гиначух а, хезначух а лаций. БІаьрзечарна бІаьрса ло, астагІнаш нийса дІалела, ца йоьрзуш йолу чкъуран цамгар ерш цІанло цу цамгарх, къорачарна хеза, белларш денло, къечарна хаза кхаъ кхайкхабо. 23Декъала ву Сох шек воцург». 24Яхьъяс бахкийтина нах дІабахча, Іийса адамийн тобанна Яхьъях лаьцна дийца волавелира: «Шу яьссачу аренга стенга хьовса даханера? Мохо лесточу эрзе хьовса-м ца даханера шу? 25ХІан-хІа. Ткъа стенга хьажа даханера? Хаза хІума тІеюьйхинчу стаге хьажа дахнера? ХІан-хІа. Исбаьхьа бедарш юьйхина а, дезачу хьолахь болу а нах паччахьан гІаланаш чохь Іаш бу. 26Ткъа хьаьнга хьовса дахнера шу? Пайхамаре хьовса дахнера? ХІаъ, боху Аса шуьга. Яхьъя вукху пайхамарел лакхара ву. 27Цунах лаьцна Делан Йозанаш тІехь яздина ду: „Хьажал! Ас Хьуна хьалха Сайн геланча воуьйту. Цо Хьуна некъ кечбийр бу!“ 28Ас боху шуьга: кху дуьнен тІе бевллачарна юкъахь Яхьъял лакхара стаг вац. Амма Делан Олалла тІелаьцначарна юкъахь уггаре а лахарниг а цул лакхара ву. 29Яхьъяга ладугІуш хилла болчу наха, ял йоккхуш болчара а тІехь, Делан лаам тІе а лаьцна, Иза къобал а вина, Яхьъяга шаьш хих чекхбахийтира. 30Амма парушхошна а, Іеламчу нахана а, Делан лаам тІе а ца лаьцна, Яхьъяга шаьш хих бахийта ца лиира. 31Хьаьнца буста мегар бу таханлера нах? Хьанах тера бу уьш? 32Уьш базаран майданахь ловзучу берех тера бу. Цара боху вовшашка: „Оха шун дуьхьа шедаг лекхира, ткъа шу халха а ца девлира! Оха шуна гІийла эшарш лекхира, ткъа шу гІайгІане а ца хилира!“ 33Хих нах чекхбоху Яхьъя веара. Цо бепиг ца дуура, чагІар ца молура. Аш цунах лаьцна олура: „Иза жинаша хьийзош волу стаг ву“. 34Цул тІаьхьа Адамийн КІант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Аш Цунах: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагІа ву“, – олура. 35Амма Делера долу хьекъал бакъдо и схьаэцначу берриг а наха». 36Цхьана парушхочо ша волчу шуьне кхайкхира Іийсага. Іийса, и парушхо волчу а вахана, хІума юучу меттехь дІатаьІна, агІорваьлла Іара. 37Оцу гІалахь вон цІе йоккхуш, цхьа зуда яра, дукха къинош долуш. Іийса парушхо волчохь хьошалгІахь ву аьлла хезча, цига еара иза, мехалчу кхаби чохь хаза хьожа йогІуш долу, дегІан меженашна хьокху даьтта а дахьаш. 38Іийсана тІехьа, когашка дІа а хІоьттина, йоьлхуш, бІаьрхиш Цуьнан когаш тІе а Іенош, юха шен ехачу месашца уьш дІа а дохуш, Цуьнан когаш бакъа а беш, царах барташ бохура, царна тІе хаза хьожа йогІу даьтта дуьттура цо. 39И гина, Іийса хьошалгІа кхайкхинчу парушхочо шен дагахь ойла йира: «Нагахь санна и стаг пайхамар велахь, Цунна хьалхе дуьйна хиъна хир ду-кх, Шех куьйгаш Іуьттуш йолу зуда къинош летийна юйла». 40Юха Іийсас элира цуьнга: «ШамІа, хьоьга цхьа хІума ала лаьа Суна». Вукхо жоп делира: «Алахьа, Устаз!» – аьлла. 41«Цхьана стеган ши декхархо хилла, – волавелира Іийса. – Цхьаъ пхи бІе дато динари-ахча дала дезаш хилла цунна, важа шовзткъе итт. 42Я цхьаннан, я шолгІачун дІадала ахча ца хилла. ТІаккха ахча долчо, цу шинне геч а дина, и ахча дитина. Шина декхархочух ахчанан да алсам хьанна дукхавезар ву аьлла хета хьуна?» 43ШамІас элира: «Суна схьахетарехь, декхар алсам долуш гечдинчунна алсам везар ву-кх и», – аьлла. «Нийса боху ахь», – элира Іийсас. 44ТІаккха, зудчуьнгахьа дІа а вирзина, Цо ШамІе элира: «Хьуна гуш юй и зуда? Со хьан чу веача, ахь Суна когаш била хи а ца делира, ткъа цо шен бІаьрхишца Сан когаш башош, шен месашца уьш бакъийра. 45Со хьан чу ваьлча, ахь, Соьга маршалла хоттуш, барт ца баьккхира, ткъа и зуда, Со кхуза веачахьана, Сан когех барташ бохуш ю. 46Ахь Сан коьртах ур-атталла дораха зайтдаьтта а ца хьаькхира, ткъа цо Сан когаш тІе деза, хаза хьожа йогІу даьтта дуьтту. 47Ас боху хьоьга: цо оццул боккха безам гайтина, шен къиношна гечдина дела. Ткъа кІезиг гечдинчо кІезиг безам гойту». 48Іийсас цу зудчуьнга элира: «Хьан къиношна гечдина». 49Кхиболу хьеший ойла еш бара: «И мила ву, къиношна а гечдеш?» 50Іийсас цу зудчуьнга кхин а элира: «Хьан тешаро кІелхьаръяьккхина хьо. ДІаяло хьайна маьрша».

will be added

X\