Лака 6

1Цкъа шоьтан дийнахь кІа дийначу арахула схьавогІуш вара Іийса. Цуьнан мурдаш, кІен кенаш схьа а дохуш, хьекха а деш, буьртигаш дууш бара. 2И гиначу цхьаболчу парушхоша элира: «И хІун ду аш деш дерг? Дала кхоьллинчу шоьтан садоІучу дийнахь дан мегаш доцу гІуллакх хІунда до аша?» 3Іийсас царна жоп делира: «Аша ца дешна Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна? 4Иза Делан цІа чу а веана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла». 5КхидІа а Іийсас элира: « Адамийн КІант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тІехь а Эла ву». 6Цкъа кхечу шоьтан дийнахь, гуламан цІа чу а веана, нахана хьехам беш вара Іийса. Цигахь аьтту куьг заьІап долуш цхьа стаг вара. 7Парушхой а, Іелам нах а чІогІа Іийса тергалвеш бара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до я ца до хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. 8Іийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьІап долчу стаге: «Хьала а гІаттий, массарна хьалха дІахІотта». Важа, хьалха а ваьлла, дІахІоьттира. 9ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хІун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хІун дан мегаш ду? Стеган дахар кІелхьардаккха я иза хІаллакдан?» 10ТІаккха массаьрга а хьаьжна, цхьа а вист ца хилча, Цо элира куьг заьІап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза тоделира. 11Парушхой а, Іелам нах а, оьгІазлонна кхехка а кхехкаш, шайна юкъахь къамелаш деш бара, Іийсана хІун дийр дара бохуш. 12Ишттачу цхьана дийнахь лам тІе хьалавелира Іийса Деле доІа дан. Ерриг буьйса яьккхира Цо Деле доІанаш деш. 13ШолгІачу дийнахь Цо, Шен мурдаш схьа а кхайкхина, царна юкъара шийтта хаьржира. Царах Цо векалш элира. Уьш бара: 14ШамІа, шех тІаьхьа Іийсас Кипа аьлла цІе тиллинарг, цуьнан ваша Іандар, Якъуб, Яхьъя, Пилап, Барталамай, 15Маттай, ТІама, ХІалпайн кІант Якъуб, ШамІа, ша тІелаьцнарг тІевирззина кхочушдан гІертарг, 16Якъубан кІант ЯхІуд, иштта шех ЯхІуд-Искархо олу, тІаьхьа ямартхо хилларг а. 17Іийса Шен векалшца, лам тІера чувуссуш, нийсачу меттехь сецира. Цигахь Кхуьнан мурдаш а, кхин дуккха а нах бара ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а, хІордан йистерачу Цора а, ЦІадан а цІе йолчу гІаланашкара. 18Уьш Іийсага ладогІа а, шайна дарбанаш дайта а баьхкинера. Харцжинаша хьийзош болчу нахана дарба дира Цо. 19ХІора а Іийсах куьг Іотта гІерташ вара, хІунда аьлча Кхунах схьаболучу ницкъо царна дарба дора. 20Шен мурдашка а хьаьжна, Іийсас элира: «Дала декъала до шу, къенаш, хІунда аьлча Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь ду шу. 21Дала декъаладо шу, хІинца меца дерш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь дуьзна хир ду шу. Дала декъаладо шу, хІинца доьлхуш дерш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь доьлур ду шу. 22Дала декъаладо шу, нахана шу ца дезачу хенахь, цара шу лоьхкучу хенахь, шу сийсаздеш, цІе бехъечу хенахь, Адамийн КІантах шу тешна дела. 23И де тІекхаьчча, халхадийла, самукъане хила, хІунда аьлча йоккха ял хир ю шуна стигалшкахь. Иштта харцо лелош церан дай пайхамаршца а хилла. 24Амма къа ду шун, хьолахой, хІунда аьлча хІинца синтеме ду шу. 25Къа ду шун, хІинца дуьзнарш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь меца хир ду шу. Къа ду шун, хІинца доьлуш дерш, хІунда аьлча тІейогІучу хенахь шун бІаьргех хин тачанаш оьхур ду. 26Къа ду шун наха шух лаьцна диканиг олуш хилча, хІунда аьлча иштта харцпайхамарш церан дайша а хестийна». 27«Амма шуьга, Соьга ладугІучаьрга, боху Ас: Шайн мостагІий беза, шаьш ца дезачарна диканиг де, 28шайна неІалт кхайкхош берш декъалбе, шайна халахетар дечарах лаций доІанаш де. 29Хьайна цхьана бесни тІе тІара тоьхнехь, важа бесни кІел хІоттае. Нагахь санна цхьаммо хьан тІехулара бедар хьоьгара дІаяьккхинехь, цунна дуьхьало ма е бухалара коч хьоьгара дІайоккхуш. 30ХІора доьхуш волчунна цо доьхург дІало. Нагахь санна хьан долахь дерг цхьаммо дІаэцнехь, иза юха ма деха. 31Нахаца, уьш шайца хила ма-лаъара, хила. 32Нагахь санна шу дезаш берш шуна безча, шуна баркалла ца догІу. Къинош летийначарна а ма беза шаьш безарш. 33Нагахь аш шайна дика болх биначарна дика болх бинехь, шуна баркалла ца догІу. Къинош летийначара а ма до изза. 34Нагахь санна шайна схьалур дуй хуучу нахе бен аш духалург ца лахь, шуна баркалла ца догІу. Къинош летийначара а ма ло духалург, юха декхар схьаэцархьама. 35Амма аш кхечу тайпана дан деза: шайн мостагІий беза, диканиг де, духалург ло, схьадаларе а ца хьоьжуш, тІаккха шуна лун йолу ял еза хир ю: шу Веза Воккхачун бераш хир ду, хІунда аьлча Дела Ша а къинхетаме ву вочу а, шайна динчу диканна хама ца бечу а нахаца. 36Къинхетаме хила, стигалара шайн Да къинхетаме ма-хиллара». 37«Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Цхьа а бехке ма ве, Дала шу а бехке дийр дац. КъинтІерадовла нахана, Дела шуна а къинтІера вер ву. 38Нахана оьшург дІало, Дала шуна а лур ду шуна оьшург. Ластийча, дуьзна тІехула оьхучу сахь чохь лур ду шуна догІург. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах». 39ТІаккха Іийсас иштта цхьа хьекъале дустар далийра царна: «БІаьрзечуьнга бІаьрзениг дІавигалур вуй? И шиъ ший а ор чу вужур ма ву. 40Мурд шен устазал лакхара вац. Дешна ваьлча, дІанислур ву иза шен устазе. 41Хьайна уллохь волчун бІаьргара чамхалге хІунда хьоьжу хьо, хьайн бІаьргара хен а ца гуш? 42Муха эр ду ахь цуьнга: „Ваша, хьайн бІаьргара чамхалг дІаяккхийтахьа соьга“, хьуна хьайн бІаьргара хен гуш ца хилча? Шалхонча! Цкъа хьалха хьайн бІаьргара хен дІа а баккхий, хьайн бІаьрса тоделча, тІаккха вешин бІаьргара чамхалг дІаяккха». 43«Дикачу дитто вон стоьмаш ца ло, вочу дитто диканаш ца ло 44Дитт шен стоьмашка хьаьжжина девза. Массарна а хаьа, коканийн кулла тІера комарш ца гулйой а, хьаьрмак кулла тІера кемсаш ца йохий а. 45Дикачу стеган даг чуьра диканиг долу, вочу стеган даг чуьра вониг долу. Стеган даг тІехь дерг цуьнан матта тІехь а ду». 46«Нагахь санна аш Сох „Эла“ олуш делахь, тІаккха аш Ас бохург дан деза. 47ХІора Со волчу вогІуш верг, Сан дешнашка ладугІуш верг, уьш кхочушдеш верг – Ас гойтур ду шуна, и хьанах тера ву. 48Иза цІа дечу стагах тера ву. Оцу стага, кІоргга ахка а аьхкина, тархана тІехь бух боьттина. Хи, хьала а даьлла, оцу цІенна тІе хьаьдча, цо цІа меттах а ца даьккхина, хІунда аьлча иза дика дина долу дела. 49Ткъа важа, Соьга ла а доьгІна, Ас бохург ца динарг – иза лаьтта тІехь, боьттина бух а боцуш, цІа динчух тера ву. Хи, хьала а даьлла, пенаш тІе хьаьдча, и цІа доьхна дІадаьлла, цунах боккха барз бисина».

will be added

X\