1 Делан Синах вуьззина веара Іийса Йордан-хи тІера. Делан Сино Иза яьссачу метте дІавигира. 2 Цо шовзткъа де-буьйса даьккхира цу меттехь. Оцу шовзткъа дийнахь-бусий Иза волчохь иблис дара, ХІара зуьйш. Ерриг и хан йоккхуш Іийсас хІума ца йиънера. Эххар а мацвеллера Иза. 3 Иблисо элира Цуьнга: «Хьо Делан КІант велахь, хІокху тІулге бепиг хила ала». 4 Іийсас жоп делира: «„Деккъа баьпках вузарх лаьтташ дац стеган дахар“, – аьлла, яздина ду». 5 Юха, лаккхарчу метте хьала а ваьккхина, бІаьрган негІар тухучу ханна дуьненахь мел йолу пачхьалкхаш гайтира Цунна иблисо. 6 ТІаккха иблисо элира: «Хьуна лур ду ас оцу пачхьалкхашна тІехь олалла дар а, церан сийлалла а, хІунда аьлча иза дерриг а Дала сайна даларна, сайна луучунна дІадала йиш ю сан. 7 И дерриг Хьан хир ду, нагахь санна Ахь суна, Далла санна, Іибадат дахь». 8 Амма Іийсас элира: «Яздина ду: „Везачу Далла бен ма де Іибадат, Цунна бен гІуллакх а ма де!“» 9 Иблисо Іийса Ярушалайме а вигина, Делан цІийнан тхов буьххье хьалаваьккхира. «Хьо Делан КІант велахь, – элира иблисо, – кхузара чукхоссало. 10 Яздина ма ду: „Дала шен маликашка Хьох лаьцна омра дийр ду, Хьо леррина ларве“ – аьлла. 11 Кхин а яздина ду: „Цара Хьо шайн куьйгаш тІехь дІахьур ву, тІулгах ког ца тасаболуьйтуш“». 12 Амма Іийсас цунна жоп делира: «„Хьайн Веза Дела зе ма гІерта“, – аьлла, яздина ду». 13 Іийса зийна а даьлла, иблис дІадахара, юха шен аьтто баллалц. 14 Іийса, Делан Синан ницкъ Шеца болуш, Галилай-махка юхавеара. Цунах лаьцна берриг махкахь дуьйцуш дара. 15 Церан гуламан цІеношкахь нахана хьеха волавелира Иза. Массара а хеставора Иза. 16 Ша кхиинчу Назарт-ГІала веара Іийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь, гуттар а Ша ма-варра, жуьгтийн гуламан цІа чу веара Иза, Дала делла Йозанаш деша. 17 Цунна схьаделира ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро яздина, хьарчийна тептар. И схьа а даьстина, оьшу меттиг схьа а лехна, дІадийшира Цо: 18 «Везачу Элан Са дагца ду Сан. Цо со къобалвина дела, мискачу нахана Шех лаьцна хаза кхаъ бан. Цо со хаам бан ваийтина: чубоьхкинарш паргІат а бохур бу, бІаьрзечарна серло а лур ю. Со ваийтина ву Іазапехь берш мукъабаха, 19 Везачу Эло Ша нахана дика болх бен йолу хан дІахаийта». 20 И дешна а ваьлла, тептар дІа а хьарчийна, цІа чохь гІуллакх дечу стаге дІаделира Цо. Юха Іийса охьахиира. Чохь верг массо а Кхуьнга схьахьоьжуш вара. 21 Іийсас элира: «Тахана кхочушхилла хІокху тептар тІехь яздинарг, шуна иза хезачу хенахь». 22 Массо а, ХІара къобалвеш, цецваьллера Цуьнан багара схьадолучу дикачу дешнех. Наха вовшашка хоьттура: «Юсупан кІант ма ву Иза?» – бохуш. 23 ТІаккха Іийсас элира: «Аша эр ду Соьга, олуш ма-хиллара: „Лор, айхьа-хьайна дарба де“. Цу тІе а доьгІна, аш ала мега: „Тхуна хезнера Къапарнамехь хилларг. Кхузахь, Хьо кхиинчу гІалахь, изза де“, – аьлла». 24 Юха Іийсас тІетуьйхира: «Ма-дарра бакъ ду: ша схьаваьллачу махкахь пайхамар тІеоьцуш ца хилар. 25 Баккъал боху Ас шуьга: ЭлияхІу-пайхамаран заманахь дукха бисина Іаш зударий бара Исраилехь. Цу хенахь кхаа шарахь догІа а ца деана, мацалла хІоьттинера берриг а махкахь. 26 Амма оцу зударшна цхьанна а тІе ца веанера ЭлияхІу, цхьаъ йоцучунна. Иза ЦІадан-махкара Сарпатера йисина Іаш йолу зуда яра. 27 Дуккха а дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолуш нах бара Исраилехь ЭлишаІ-пайхамар волчу хенахь. Амма оцу нахах даьІнех цхьа сирийхо НаІаман воцург цхьа а цІан ца велира». 28 И дешнаш хезча, оцу цІа чохь волу массо а, оьгІазвахана, 29 хьалаиккхира. Цара Іийса гІали чуьра араваьккхира. И гІала тІехь лаьттачу лома йистте схьа а валийна, Иза Іинна чукхосса гІерташ бара уьш. 30 Амма Іийса, нахана юккъехула а ваьлла, Шен некъахула дІавахара. 31 Галилай-махкарчу Къапарнам цІе йолчу гІала веара Іийса. Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана хьехамаш бора Цо. 32 Массо а, цецволий, Цо дечу къамеле ладоьгІуш Іара, хІунда аьлча шатайпа ницкъ болуш дара Цуьнан къамел. 33 Гуламан цІа чохь жинаша талхийна цхьа стаг вара. Оцу стага мохь хьаькхира: 34 «ХІей, Хьан хІун гІуллакх ду тхоьца Назартара Іийса? Тхо хІаллакдан веана Хьо? Суна хаьа Хьо мила ву – Делан Везаниг!» – бохуш. 35 Іийсас омра дира жине: «ДІасаца! Цунна чуьра арадала!» – аьлла. Цу нахана юккъехь и стаг охьа а тоьхна, цунна чуьра жин араделира, цу стагана зен а ца деш. 36 Массо а наха, чІогІа цецбевлла, вовшашка хоьттура: «И хІун хьехам бу? Жинаш, Цуьнан омре ладугІий, стагана чуьра арадовлу. Царна тІехь олалла до Цо», – бохуш. 37 Іийсах лаьцна оцу махкахь массо а меттехь дуьйцуш дара. 38 Іийса, гуламан цІа чуьра ара а ваьлла, ШамІа волчу цІа вахара. ШамІин стуннана дагар долуш Іуьллуш яра. Іийсага цунна дарба де аьлла, дехнера. 39 Оцу зудчунна тІехула а хІоьттина, дагаре дегІах дІакъаста аьлла, омра дира Цо. Дагар дІаделира, и зуда, хьала а гІаьттина, кхарна хьошалла дан йолаелира. 40 Сарахь, малх чубузучу хенахь, цомгуш болу массо а нах балийра Іийсана тІе. Царна хІоранна тІе куьйгаш а дохкуш, дарба дира Цо. 41 Дукхахдолчу адамех жинаш дІакъаьстира: «Хьо Делан КІант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Іийсас царна иза ала ца магадора, хІунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла. 42 ШолгІачу дийнахь, Іуьйранна, цхьа а адам доцучу метте вахара Иза. Амма нах Иза леха хІиттира, ткъа И волчу а баьхкина, уьш Иза сацо гІерташ бара, шаьш долчуьра дІацавахар а доьхуш. 43 Амма Іийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна хаза кхаъ баржош, кхечу меттигашка а кхача везаш ву Со, хІунда аьлча Со оцу балхана ваийтина ву». 44 ЯхІуд-махкахь тайп-тайпанчу меттигашка а воьдуш, гуламан цІеношкахь нахана хьехамаш бора Цо.