Лака 3

1Тибар паччахь волу пхийтталгІа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхІуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХІарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цІе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш, 2динан коьрта дай бара Іанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кІанте Яхьъяга Делера хаам хилира. 3Цул тІаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тІехь болчу махкахула вогІура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тІе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», – бохуш. 4Цуьнан хьехамех лаьцна ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро яздина: «Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду: „Везачу Элана некъ кечбе! Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш! 5ХІора тогІи хьалаюзур ю, хІора лам а, гу а охьахедар бу. Харц некъаш нислур ду, доьхнарш шарлур ду. 6Массарна а гур ду Дала адамаш кІелхьардахар!“» 7Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кІорнел а чІогІа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тІедогІучу къематан дийнах кІелхьардовла деза аьлла, хаам? 8Шу Далла тІедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахІим ву“, – алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Іохкучу тІулгех а ИбрахІимна тІаьхье ян. 9Орамашна тІехула диг хьалаайина ду: хІора шена тІе пайден болу стом ца латтош долу дитт, хада а дой, цІера юккъе кхуссу». 10«Ткъа хІун де оха?» – бохуш хоьттура наха. 11Яхьъяс жоп лора: «Шен ши коч йолчо цхьа а йоцучунна цхьаъ дІало, шен яа хІума йолчо изза де». 12Ял йоккхуш берш а богІура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! – хоьттура цара, – оха хІун дан деза?» 13«Нахера совнаха ял ма яккха», – бохура цо цаьрга. 14ТІемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хІун дан деза?» Яхьъяс жоп делира: «Нуьцкъах нахера хІуманаш схьа ма яха, бехке воцург бехке ма ве, шайн алапах тоам бе». 15Адам цхьана хІумане сатуьйсуш Іара, массеран дагахь дара: « Дала леррина Къобалвинарг вуй теша Яхьъя?» 16Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогІур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дІадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цІерца а дахчор ду шу. 17Цуьнан карахь кІа ору баьхьа бу, хьаьттахь долу кІа, цІан а дина, цІа чу схьагулдархьама. Ткъа кегаш цкъа а дІайовш йоцучу цІера юкъахь ягор ю Цо». 18Оцу дешнашца а, кхин дуккха а кхидолчу тІедожоршца а халкъе хазачу кхоах лаьцна хаамаш бора Яхьъяс. 19Цу хенахь Яхьъяс бехке вира махкана тІехь куьйгалла деш волу ХІарод, шен вешин зуда ХІародад ялийна аьлла а, кхин а цуьнгара даьлла зуламаш бахьанехь а. 20ХІарода шегара девллачу зуламашна тІе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира. 21Схьавеанарг массо а хих чекхвоккхуш, Іийса а ваьккхира. Иза доІа дан хІоьттира – стигал еллаелира. 22Іийсана тІе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КІант! Хьоьца бу Сан лаам!» 23Іийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча. Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кІант вара, ткъа Юсуп Іелин кІант вара, 24Іела Маттатан вара, Маттат Левин вара, Леви Мелхин, Мелхи Яннайн, Яннай Юсупан, 25Юсуп Маттит-ЯхІун, Маттит-ЯхІу Амосан, Амос Нахьуман, Нахьум Элсин, Элси НагІайн, 26НагІай Махьатан, Махьат Маттит-ЯхІун, Маттит-ЯхІу ШамІин, ШамІа Юсахан, Юсах Йовдин, 27Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран, 28Нера Мелхин, Мелхи Адин, Ади Къосаман, Къосам Іелмадин, Іелмади Іаьран, 29Іаьр ЮшаІан, ЮшаІ ЭлиІазаран, ЭлиІазар Йораман, Йорам Маттатан, Маттат Левин, 30Леви ШимІин, ШимІа ЯхІудан, ЯхІуд Юсупан, Юсуп Йонаман, Йонам Элъякъиман, 31Элъякъим Мелин, Мели Минадин, Минади Маттетан, Маттет Натин, Ната Даудан, 32Дауд Юшаян, Юшай Іабадин, Іабади БоІазан, БоІаз Салманан, Салман Нахьшонан, 33Нахьшон Іамминадабан, Іамминадаб Адманан, Адман Раман, Рам Хьацранин, Хьацрани Парасан, Парас ЯхІудан, 34ЯхІуд Якъубан, Якъуб Исхьакхан, Исхьакх ИбрахІиман, ИбрахІим ТІахьиран, ТІахьир Нахьиран, 35Нахьир СерагІан, СерагІ Рахьун, Рахьу ПалагІан, ПалагІ Іебаран, Іебар Селахьан, 36Селахь Къаиман, Къаим Арпахшадан, Арпахшад Шимин, Шима Нохьин, Нохьа ЛемакІан, 37ЛемакІ Матушалахьан, Матушалахь ХІанохан, ХІанох Ярадан, Ярад Махьаллалан, Махьаллал Къаиман, 38Къаим Эношан, Энош ШатІин, ШатІа Адаман, ткъа Адам – Делан кІант вара.

will be added

X\