Лака 24

1Іуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, кІиранан хьалхарчу дийнахь, шаьш кечдина хьакхарш а эцна, зударий къубба йолчу бахара. 2Къуббанна тІетовжийна тІулг дІакарчийна карийра царна. 3Чоьхьа бевлча, царна Іийса-Элан дегІ ца карийра. 4Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хІоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг. 5Кхерабелла, бертал ийгира зударий. Шина стага элира цаьрга: «Дийнаниг беллачарна юкъахь хІунда лоьху аш? 6Иза кхузахь вац, Иза денвелла! Дагадаийта Ша Галилайхь волуш Цо шуьга аьлларг: 7„ Адамийн КІант къинош летийначу нехан кара дІалур ву, жІарах дІа а тухур ву, амма кхозлагІчу дийнахь денлур ву“». 8ТІаккха царна дагадеара Іийсан и дешнаш. 9Къубба йолчуьра юха а баьхкина, и дерриг цхьайтта векална а, кхечу мурдашна а дийцира цара. 10Шайна гинарг векалшна дуьйцучаьрца бара Магдалера Марем а, Яхьани а, Якъубан нана Марем а, кхиболу зударий а. 11Амма зударша дийцинчух цхьа а ца тийшира. Церан дешнаш даьсса хийтира. 12Ткъа Кипа, хьалагІаьттина, ведда къубба йолчу вахара. Чухьаьжначу цунна ша-ша яьхна Іохкуш кІадинан кескаш карийра. Иза юхавеара, хиллачух чІогІа цец а вуьйлуш. 13Цу дийнахь цигахь хиллачех ши стаг вара Ярушалаймера цхьайтта чаккхарма генахь йолчу Іаммас-эвла воьдуш. 14Цу шиммо оцу хиллачу хІуманех лаьцна дуьйцура. 15Юха и шиъ къамел деш схьавогІуш, тІевеана Іийса цаьрца дІаволавелира. 16Дала цу шина стагана Іийса ца вовзийтира. 17Іийсас хаьттира цаьрга: «ХІун дуьйцуш ву шуьшиъ новкъахула вогІуш?» Важа шиъ сецира, гІайгІане яххьаш а йина. 18Царах цхьамма, цуьнан цІе Кхалайп яра, элира: «Хьо, схьагарехь, Ярушалаймехь цхьаъ ву-кх хІокху деношкахь хІун ду ца хууш виснарг?» 19«Ткъа хІун хилла?» – хаьттира Іийсас. «Назартарчу Іийсаца доьзна хилларг, – жоп делира цара. – Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хІуманаш Дийриг вара И. 20Динан коьртачу дайша а, тхан хьаькамаша а вен кхел а яйтина, жІарах дІатохийтира Иза. 21Тхо чІогІа тешна дара Цо Исраил-мохк ПаргІатбоккхург хиларх. Цу тІе, хІинца кхозлагІа де а ду и дерриг а хилла. 22Амма тхуна юкъара цхьаболчу зударша цецдаьхна тхо. ХІокху Іуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, къубба йолчу бахача, 23Іийсан дегІ ца карийра царна. Схьабаьхкинчу цара дийцира тхуна, шайна хьалха цхьана суьртехь хІиттинчу маликаша Иза дийна ву боху аьлла. 24Цул тІаьхьа тхан накъостий бахара уьш хиллачу къубба тІе, зударша ма-дийццара карийра дерриг а, амма Іийса царна цигахь ца гира». 25ТІаккха Іийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! 26Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?» 27Муса-пайхамарна тІера дІаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тІехь аьлларг царна дийцира Іийсас. 28Уьш цхьана юьрта йисте кхаьчча, Іийсас Ша кхин а дІаваха воллу сурт хІоттийра. 29Амма цара дехарш дира Цуьнга: «Тхоьца сацахьа, де суьйренгахьа а лестинера», – аьлла. Іийса цаьрца сацархьама цІа чу вахара. 30ХІума яа буьйлалуш Иза бепиг, схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, цаьрга дІакховдо вуьйлира. 31Дала цу шина стагана Іийса вовзийтира. Амма Іийса царна ца гуш хилира. 32Уьш вовшашка хетта буьйлабелира: «Вай новкъа догІуш, къамел деш а, Цо Делан Йозанан маьІна дуьйцуш а дегнаш айаделла догуш дацара вайн?» – бохуш. 33Сихха хьалагІаьттина, и шиъ Ярушалайме вахара. Цигахь царна гулвелла цхьайтта векал а, цаьрца берш а карийра. 34Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамІина хьалха хІоьттинера!» 35Юха кху шиммо дийцира шайца новкъахь хиллачух а, Цо бепиг кагдечу хенахь, шайна Іийса вовзарх а лаьцна. 36Церан къамел чекх а ца даьллера, Іийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», – аьлла, вистхилча. 37Уьш, кхерабелла, дІасевцира, шайна гуш дерг гІаларт ду моьттуш. 38Ткъа Цо бохура: «Шу кхера хІунда делла? Шеко хІунда йогІу шу дегнаш чу? 39Хьовсал Сан куьйгашка а, Сан когашка а. ХІара Со ву! Куьг Іоттал Сох, схьахьовсал. ГІалартан дегІ а, даьІахкаш а ца хуьлу, ткъа Сан, шуна ма-гарра, дегІ ду». 40Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира. 41Амма уьш цецбевлла а, хазахетта а ца тешара гучух. ТІаккха Іийсас хаьттира: «Яа хІумма а юй шун?» 42Цара беттина чІара белира Цунна. 43Цо, схьа а эцна, биира иза царна хьалха. 44«ХІара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тІехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тІехь а, Забурана тІехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо. 45Цул тІаьхьа церан хьекъал кІаргдира Цо, Делан Йозанах уьш дика кхетийтархьама. 46Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагІчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла. 47Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тІера дІадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тІедерза аьлла. 48Шу оцу хІуманийн тешаш хилла дІахІуьттур ду. 49Сан Дас лур ду аьлларг Ас дІакхочуьйтур ду шуна, амма, лакхара шайна чу ницкъ боссалц, шу гІалахь совца деза». 50Цаьрца Ярушалаймера ара а ваьлла, Бет-ХІине кхаччалц дІавахара Иза. Куьйгаш хьала а айина, уьш декъалбира Цо. 51Юха, уьш декъал а беш, царна гена а волуш, стигала хьалаваьккхира Иза. 52Мурдаш, Цунна сужде а бахана, корта а тоьхна, доккхачу хазахетарца Ярушалайме юхабаьхкира. 53Цу дийнахь дуьйна, Далла хастамаш беш, гуттар а Делан цІийнан кертахь бара уьш.

will be added

X\