Лака 23

1Цул тІаьхьа берриг а церан гулам, хьала а гІаьттина, Іийса а эцна, Пулатана тІе бахара. 2Цигахь Иза бехке ван хІиттира уьш: «Тхуна хІара стаг нах карзахбохуш вуьйла хиъна. Кхо паччахьна ял ма ло боху, Ша Дала Леррина Къобалвинарг ву боху, ткъа иза паччахь ву бохург ду». 3Пулата хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?» Іийсас жоп делира: «Ахь а боху-кх иза». 4ТІаккха Пулата динан коьртачу дайшка а, халкъе а дІахаийтира: «И стаг бехке ван цхьа а бахьана дац сан». 5Амма цара юх-юха а бохура: «Шен хьехамашца халкъ берриг а ЯхІуд-махкахь меттахдаьккхина Кхо. Вола Галилайхь волавелла, ткъа хІинца кхуза а кхаьчна». 6И дешнаш а хезна, Пулата хаьттира: «ХІара стаг галилайхо ву?» – аьлла. 7Ткъа шена Іийса ХІародан куьйга кІел болчу махкара вуй хиъча, цо Иза цу хенахь Ярушалайме веана волчу ХІародана тІе хьажийра. 8Іийса гича, чІогІа самукъаделира ХІародан, хІунда аьлча дукха хенахь дуьйна Иза ган лууш ша волу дела. Цунна Іийсах лаьцна дукха хІуманаш хезнера, цундела Цуьнгара цхьа тамашийна болх ган лууш вара иза. 9Цо Іийсага дуккха а хеттарш дира, амма Вукхо цхьа а жоп ца делира. 10Динан коьрта дай а, Іелам нах а бара цигахь, шайн ма-хуьллу Іийса бехке веш. 11ХІарода а, цуьнан тІемалоша а, бела а бийлина, доггах Іийса сийсаз а вина, Цунна тІе дезачу, лепачу кІадин оба а кхоьллина, Иза Пулат волчу дІахьажийра. 12ХІинццалц схьа ши мостагІа хилла волу Пулат а, ХІарод а цу дийнахь ши доттагІа хилира. 13Пулата динан дайшка а, хьаькамашка а, халкъе а, схьа а кхайкхина, 14элира: «ХІара стаг, халкъ карзахдоккху аьлла, валийна аш суна тІе. Шуна хьалха ас Цуьнга барт хаьттина, амма аш Цуьнан бехк беш тІедожийнарг суна гучу ца дели. 15ХІародана а ца карийна Цуьнан бехк болуш хІумма а, цундела цо юхаваийтина Иза. Шуна ма-гарра, Цо хІумма ца дина Иза вен бахьана хиллал. 16Ас, вай деш ма-хиллара, шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза». 18Амма массо а цхьаьний маьхьарий хьекха буьйлабелира: «Ве Иза! Барраб тхуна схьахеца!» – бохуш. 19(ГІалахь нах карзахбахарна а, стаг верна а чувоьллина вара Барраб.) 20Пулата, Іийса дІахеца лууш, кхин цкъа а хаьттира халкъе. 21Амма хьоькхуш маьхьарий дара: «ЖІарах дІатоха Иза! ЖІарах дІатоха Иза!» – бохуш. 22Пулата кхозлагІа а хаьттира: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хІума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза!» 23Амма цара чІогІа маьхьарий хьоькхура, Иза жІарах дІатоха бохуш. Церан маьхьарий бахьана долуш, Пулат царна къарвелира. 24Цо сацам бира церан лаам кхочушбан. 25Цара ма-деххара, стаг вийна а, адам карзахдаьккхина а волу зуламхо дІа а хецна, церан лаам кхочушбе аьлла, омра дира цо. 26Іийса дІавуьгучу хенахь тІемалоша шен кха тІера вогІу Къуринара ШамІа цІе йолу цхьа стаг схьалецира. ЖІаран бІогІам цуьнга ги а боллийтина, Іийсана тІаьххье дІабахьийтира цара. 27Іийсана тІаьхьа дукха адам догІура, царна юкъахь Цунах къахеташ боьлху зударий а бара. 28Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: «Ярушалайман йоІарий, Сох ма делха, шайх а, шайн берех а делха. 29Цхьа хан йогІур ю наха олуш: „Ирс долуш бу бер ца хуьлурш а, бер цкъа а даза берш а, цкъа а дакхоза берш а“. 30ТІаккха наха бохур ду лаьмнашка: „Тхуна тІе эгийша!“ гунашка: „Тхо дІахьулдейша!“ 31ТІе гІа даьллачу къоначу диттаца и болх беш хилча, декъачу диттах хІун хир ду?» 32Іийсаца вен вуьгуш ши талорхо а вара. 33«Туьта» олучу метте схьабаьхкира уьш. Цигахь Іийса жІарах дІатуьйхира, ши талорхо а – цхьаъ Цунна аьтту агІор, важа аьрру агІор дІатуьйхира. 34Іийсас бохура: «Дада, гечдехьа кху адамашна, шаьш хІун деш ду ца хаьа-кх кхарна». ТІемалоша, кхаж а тосуш, Іийсан тІеюху хІуманаш йийкъира. 35Нах, дІа а хІиттина, хьоьжуш лаьттара. Хьаькамаш Цунах боьлура: «Кхиберш кІелхьарбохура Цо! ХІинца Ша кІелхьарваккха, нагахь Иза Дала леррина Къобалвинарг велахь!» 36ТІемалой а бара уллохь лаьтташ, бела а боьлуш. Цара Іийсага кемсийн къонза кховдийра: 37«Хьо кІелхьарваккха, нагахь Хьо жуьгтийн къоман Паччахь велахь!» – аьлла. 38Іийсана тІехула дІатоьхначу уьнна тІехь яздина дара: «ХІара жуьгтийн къоман Паччахь ву», – аьлла. 39ЖІарах дІатоьхначу цхьана талорхочо Іийса сийсазвеш бохура: «Хьо Дала Леррина Къобалвинарг вац? Хьуо а, тхо а кІелхьардаха!» 40ШолгІачо шен накъост сецавора: «Делах ца кхоьру хьо? Изза таІзар дац хьуна динарг а? 41Вайшинна дина таІзар нийса, догІуш дина ду, ткъа кху стеган цхьа а бехк бац». 42Цо элира Іийсага: «Іийса, со дагаваийталахь, Айхьа Хьайн Олалла кхочушдеш». 43ТІаккха Іийсас элира цуьнга: «Билггала боху хьоьга: тахана Соьца ялсаманехь хир ву хьо». 44Дийнан делкъахан еара. Лаьтта тІе цІеххьана бода беара, иза кхаа сахьтехь лаьттира. 45Малх лаьцнера. Делан цІийнан уггар езачу чоьнна дуьхьал оьллина долу кирхьа юккъехула декъаделира. 46Іийсас чІогІа мохь туьйхира: «Дада! Сайн са Хьан кара дІало Ас!» Иза а аьлла, Іийса кхелхира. 47Дерриг иза гиначу тІеман хьаькамо, Далла хастам а бина, элира: «И стаг билггала Делан лаамехь вара!» 48Хьовса баьхкина нах, дерриг а хилларг гича, чІогІа халахеташ, гІайгІанца некха тІе куьйгаш а детташ, юхабирзира. 49Амма Іийса вевзарш, Галилайра дуьйна Цунна тІаьхьа баьхкина зударий а тІехь, геннара хьоьжуш лаьттара. 50Юсуп цІе йолуш цхьа стаг вара цигахь. Иза кхеташона юкъахь а волуш, Делан лаамехь, дика стаг вара. 51Цо Іийсана йина кхел къобал ца йинера. ЯхІуд-махкахь йолчу Рамат цІе йолчу гІалара вара иза. Делан Олалла тІекхачаре сатуьйсура цо. 52Пулат волчу а веана, Іийсан дакъа схьадийхира Юсупа. 53Цо дакъа, жІара тІера схьа а даьккхина, кІади юкъа а хьарчийна, ломах яьккхинчу къубба чу диллира. Цу къубба чу цхьа а дакъа диллаза дара. 54Иза пІераскан де дара – Далла лерина шоьтан денна кечам бо хан тІейогІуш яра. 55Галилайра дуьйна Іийсаца баьхкина зударий а бахара Юсупна тІаьхьа. Іийсан дакъа къубба чу дуьллуш гира царна. 56Цара, цІа а баьхкина, хаза хьожа йогІу даьтта а, хьакхарш а кечдира. Шайна тІедиллина ма-хиллара, Далла леринчу шоьтан дийнахь садаьІира цара.

will be added

X\