Лака 22

1Шех « Пасахь » олу совсазчу баьпкан деза де дара тІекхочуш. 2Динан коьрта дай а, Іелам нах а аьтто лоьхуш бара Іийса хІаллакван, амма уьш халкъах кхоьрура. 3ТІаккха ЯхІудана-Искархочунна чу иблис дуьйлира. ЯхІуд Іийсан шийтта векалх цхьаъ вара. 4Цо, динан коьртачу дайшна а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькамашна а тІе а вахана, Іийса царна дІаваларх лаьцна къамел дира. 5Самукъадаьлла, цунна ахча дала барт хилира церан. 6ЯхІуд иза схьаэца реза хилира. Іийса царна дІавала аьтто лоьхура цо, Цунна уллохь халкъ доцучу хенахь. 7Совсазчу баьпкан деза де тІекхечира. Цу дийнахь Пасахьан Іахар бен безаш бара – яа хІума кечъян. 8Іийсас Кипий, Яхьъяй вахийтира: «Ваха а гІой, шиммо а вайна Пасахьана дууш долу суьйренан пхьор кечде», – аьлла. 9«Мичахь кечдан лаьа Хьуна иза?» – аьлла, хаьттира цара. 10Цо элира: «ГІала чу вулуш, кхаби чохь хи дахьаш вогІу стаг дуьхьалкхетар ву шуна. Цунна тІаьххье иза вахханчу цІа чу гІо. 11ХІусамдега эр ду аша: „Устазо хоьтту: Шен мурдашца Пасахьан суьйренан пхьор даа чоь мичахь ю?“ 12Цо шуна лакха тІехь кечйина йоккха чоь гойтур ю, цу чохь кечам бийр бу аш». 13Цара, дІа а бахана, Цо ма-бохху дерриг кара а дина, Пасахьана кечам бира. 14Хан тІекхаьчча, Іийса а, Цуьнан векалш а шуьнна гонах гулбелира. 15Іийсас элира цаьрга: «Сайн бала тІелацале, хІара Пасахьан Іахар чІогІа шуьца баа лиънера Суна. 16Ас боху шуьга: хІара Пасахь Ас дуур дац, Иза Делан Олаллехь кхочушхиллалц». 17Іийсас, чагІаран кад схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, элира: «Схьа а эций, шайна юкъахь декъа хІара. 18Ас боху шуьга: кемсех даьккхина долу кхин цхьа а малар Аса мер дац, Делан Олаллин де тІекхаччалц». 19Цо, бепиг схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, мурдашка дІаделира: «Сан дегІ ду хІара, шун дуьхьа дІалун долу. Со дагалацархьама, иштта делаш». 20Шаьш пхьор диина девлча, Іийсас, чагІаран кад схьа а эцна, элира: «Шун дуьхьа Іанор долчу Сан цІийца бинчу керлачу бертан кад бу хІара. 21Суна ямарта волчун куьг а ду Сайчунна уллохь стоьла тІехь. 22Адамийн КІантаца хиндерг билгалдаьккхина ма-хиллара хир ду, амма декъаза ву Цунна ямарта верг». 23ТІаккха уьш вовшашка хетта буьйлабелира, Іийсана ямарта верг мила ву бохуш. 24Цул тІаьхьа мурдаш къийса буьйлабелира, шайна юкъахь коьртаниг мила ву аьлла. 25Іийсас элира цаьрга: «Кхечу къаьмнийн паччахьаша шайн адамаш тІехь олалла до, Іедал карахь долу нах кхечарна комаьрша хета, 26амма шу иштта хир дац. Мелхо а, шуна юкъахь лакхара верг жиманиг санна хила, ткъа хьаькам верг – ялхо санна хила. 27Коьртаниг мила ву: стоьла улло хиина юуш верг я цунна оьшург тІеяхьаш, гІуллакх деш верг? Юуш верг вац? Ткъа Со шуна юкъахь ялхо санна ву. 28Шу Сан массо а халонех Соьца чекхдевлла, 29Ас олалла ло шуна, Сан Дас иза Суна ма-даллара. 30Сан Олалла долчохь дууш а, молуш а хир ду шу Сан стоьла тІехь. Исраилан халкъана юкъарчу шийтта тайпанна кхел а еш, шу паччахьийн гІанташна тІе охьаховшор ду Ас». 31Везачу Эло элира: «Ва ШамІа! Иблис шу, кІа санна, дІасакхийсина хила лууш ду, 32амма хьох Ас доІа дина, хьан Делах тешар лагІ ца далийта. Ахь-айхьа, хьо Далла тІе юхавирзича, хьайн вежарийн Делах тешар чІагІделахь». 33Кипас жоп делира: «Эла! Со Хьоьца набахте ваха а, вала а кийча ву!» – аьлла. 34Амма Іийсас элира: «Ас боху хьоьга, Кипа, тахана Іуьйранна нІаьна кхайкхале, кхузза Сох дІакъаьстар ву хьо, Со хьайна ца вевза аьлла». 35Юха Цо хаьттира мурдашка: «Ас шу бохча а, тІоьрмаг а, мачаш а йоцуш дахийтича, хІумма а оьшурий шуна?» «Ца оьшура», – элира цара. 36«ХІинца, шайн делахь, бохча а схьаэца, тІоьрмаг а схьаэца, шайн тур дацахь, коч йохкий а, тур эца. 37Яздина ду: „Иза зуламхойх дІатуьйхира“. Ас боху шуьга: иза Соьца хир ду. Дерриг а Сох яздинарг хІинца кхочушхуьлуш ду». 38Цара элира: «Эла! Хьажахьа, тхоьгахь ши тур ду», – аьлла. «Тоьар ду цунах лаьцна», – жоп делира Іийсас. 39Гуттар а Ша ма-ваххара, Зайт-диттийн лам тІе вахара Іийса. Мурдаш а бахара Цуьнца. 40Шаьш дІакхаьчча, Іийсас элира: «ДоІа де, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта». 41Ша а царна тІулг кхоссал йолчу метте дехьа а ваьлла, гора а воьжна, доІа дан хІоьттира: 42«Дада! Хьайн лаам белахь, и къаьхьа кад Суна юххехула чекхбаккхахьа! Делахь а, Сан лаамца доцуш, Хьан лаамца хуьлийла дерриг а». 43Стигалара деанчу малико дог чІагІдира Цуьнан. 44Халачу хьолехь кхин а чІогІа доІа дан хІоьттира Іийса. Цуьнан хьацар, цІийн тІадамаш санна, лаьтта оьгура. 45ДоІа дина а ваьлла, мурдашна тІевахара Иза. ГІайгІано дог дохийна, гІелбелла, бийшина Іохкуш карийра Цунна уьш. 46«Шу дийшина хІунда Іохку? – хаьттира Іийсас – ХьалагІовтта, доІанаш де, шаьш къилахь долчу лаамашна кІел ца дисийта». 47Іийсан къамел чекх ца даьллера, адамийн тоба гучуяьлча. Хьалха ваьлла вогІура шийта векалан тобанан юкъахь хилла ЯхІуд. Иза Іийсана тІевеара – Цунна барт баккха. 48Іийсас хаьттира: «ЯхІуд, барт а боккхуш, ямарта волуш ву хьо Адамийн КІантана?» 49Іийсаца болчара, гІуллакх муха ду а гина, хаьттира: «Эла, тарраш схьаэца оха?» – аьлла. 50Царах цхьаммо тур тоьхна динан коьртачу ден ялхочун аьтту лерг даьккхира. 51Амма Іийсас элира: «Собар де, тоьар ду!» Цо, куьг Іоьттина, лерг тодира цу стеган. 52Юха Ша лаца баьхкинчу динан коьрта дайшка а, Делан цІийнан гІаролхойн хьаькамашка а, баккхийчаьрга а элира Цо: «Талорхо лаца доьлхуш санна, таррашций, хьокханашций ара ма девлла шу! 53ХІора дийнахь шайца Со Делан цІийнан кертахь волуш, Суна тІе куьг ма ца ойура аш. Амма хІинца ерг шун хан ю, иблисан бодане ницкъ баьржина хан». 54Цара Іийса, схьа а лаьцна, динан коьртачу ден цІа чу вигира. Кипа, царна гено тІаьхьа а хІоьттина, вахара. 55Гулбелларш, кертахь цІе а латийна, бохлуш хевшина Іаш бара. Кипа а вара царна юкъахь хиъна Іаш. 56Цхьана йоІана-ялхочунна гира иза цІера юххехь Іаш. Леррина Кипе а хьаьжна, цо элира: «И стаг а вара Цуьнца». 57Амма Кипас элира: «Зуда, суна ца вевза Иза». 58Жимма тІаьхьо цхьаммо, хІара гина, элира: «Хьо а ву царах цхьаъ». «ХІан-хІа, вац», – жоп делира Кипас. 59Кхин цхьа сахьт хан яьлча, кхин цхьаммо а, тІедожош, элира: «ХІара билггала хилла Іийсаца, хІунда аьлча хІара а галилайхо ву». 60Кипас дуьхьало йира: «Стаг, ахь хІун дуьйцу ца хаьа суна», – аьлла. Цуьнан къамел чекх а далале, нІаьна кхайкхира. 61Веза Эла, юха а вирзина, нийсса Кипина тІе хьаьжира. ТІаккха дагадеара цунна Везачу Элан дешнаш: «Тахана нІаьна кхайкхале, Со кхузза дІатосур ву ахь». 62Кипа, кертара ара а ваьлла, доггах вилхира. 63Іийса ларвеш болу нах Цунах боьлуш, Цунна етташ бара. 64Цара, Цуьнан бІаьргаш дІа а боьхкий, тоха а тухий, хоттура: «Хьо пайхамар велахь, дийцал, хьан тоьхна Хьуна?» 65Кхин дуккха а Иза сийсазвеш долу хІуманаш дуьйцура цара. 66Іуьйранна хьалххе шайн кхеташоне гулбелира баккхий нах. Царна юкъахь бара динан коьрта дай а, Іелам нах а. Уьш болчу валийра Іийса. 67«Хьо Дала Леррина Къобалвинарг велахь, нийсса тхоьга схьаала», – бохура цара. Іийсас элира: «Ас шуьга Со И ву алахь, шу тешар дац. 68Нагахь Ас шуьга хаттахь, аш а Суна жоп лур дац. 69Амма хІинца дуьйна дІа Адамийн КІант Нуьцкъалчу Далла аьтту агІор хиъна Іийр ву». 70Уьш массо а хетта буьйлабелира: «Хьо Делан КІант ву ткъа?» Цо жоп делира: «Аш шаьш а боху-кх Со ву». 71ТІаккха цара элира: «Кхин хІун тоьшаллаш оьшу кхузахь? Цуьнан багара схьадаьлла иза хези-кх вайна!»

will be added

X\