Лака 21

1Іийсана гира хьалдолчу наха Делан цІийнан кертахь сагІа гулдечу хазнина чу сагІина хІума луш. 2Цхьа йисина Іаш йолу къен зуда а гира Цунна. Цу зудчо ши жима цІестан ахча охьадиллира. 3«Бакъдерг боху шуьга, – элира Іийсас, – хІокху йисина Іачу къен зудчо сагІина делларг массара деллачул а деза ду. 4Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа цо шен таро йоццушехь, шена юучунна хІумма а ца дуьссушехь, дерриг а охьадиллина». 5Цхьаболчу Іийсан мурдаша тидам бира Делан цІа дезачу мехалчу тІулгех а, Далла деанчу совгІатех а кечдина хилар. Амма Іийсас элира: 6«Цхьа хан йогІур ю, хІара шуна гуш дерг дерриг а дохош, тІулга тІехь тІулг а ца буьтуш». 7Мурдаша хаьттира: «Устаз! Маца хир ду иза? ХІун билгало хир ю и хиндерг тІекхачаран?» 8Цо элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча Сан цІарца дукха нах богІур бу: „Со ву Иза“ я „Хан тІекхочуш ю“, – бохуш. Царна тІаьхьа ма хІитталаш. 9ТІемах я гІаттамах шайна хІума хазахь, кхера ма лолаш. И дерриг цкъа хьалха хир ду, амма чаккхе иштта сиха хир яц». 10Іийсас кхидІа а дуьйцура: «Халкъана дуьхьал халкъ гІоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. 11МаьІ-маьІІехь чІогІа мохк бегор бу, мацалла а хир ю, ун а хир ду, инзаре а, кхераме а хІуманаш хир ду, стигалара тамашийна билгалонаш а хир ю. 12Амма и хІуманаш хилале, шу дІа а лоьцур ду, лаьхкина а лелор ду. Со бахьана долуш, гуламан цІеношкахь кхел а йина, набахте чу а духкуш, паччахьийн а, куьйгалхойн а кара дІа а луш, лелор ду шу. 13ТІаккха царна тоьшалла дан йиш хир ю шун. 14Хаа ду шуна, хьалхе дуьйна шаьш ала дезачун ойла ма елаш. 15Ас шуна лун долчу дешнашна а, хьекъална а дуьхьало ян ницкъ кхочур бац шун довхойн. 16Дайша-наноша а, вежарша а, гергарчара а, доттагІаша а ямартло йийр ю шуна, цхьаберш бойур а бу шух. 17Сан цІе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу. 18Амма кхера ма кхералаш, шун кортош тІера цхьа мас а галъер яц. 19Собаре хилахь, шайн синош кІелхьардохур ду аша». 20«Ярушалайм эскарша го бина гича, хаалаш, и йохо хан гергакхаьчна хилар. 21ТІаккха ЯхІуд-махкахь берш лаьмнашка бовда беза, гІалахь берш цу чуьра арабовла беза, гІалина арахь берш чу ца богІуш совца беза, 22хІунда аьлча уьш „таІзаран денош“ хир ду, Делан Йозанашкахь мел яздинарг кхочушхилийтархьама. 23Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. Инзаре боккха бала буссур бу кху лаьтта тІе, Дела оьгІазгІур ву кху халкъана. 24Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дІаяллалц». 25«Малха тІехь, батта тІехь, седарчаш тІехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хІордан тулгІенийн гІовгІано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду. 26Лаьтта тІе буьссу болчу баланех кхоьруш, са лоьцуш хир бу нах, стигалшкахь мел дерг меттахдер йолу дела. 27ТІаккха гур ву царна Шен ницкъаца а, доккхачу сийлаллица а „мархи тІехула вогІу Адамийн КІант“. 28И хила доьлча, хьала а гІовттий, шайн кортош хьалаайа, хІунда аьлча шун кІелхьардахар герга кхаьчна». 29Іийсас иштта масална цхьа дустар далийра царна: «Хьовсал комарийн дитте а, массо кхечу дитташка а. 30Царна тІе гІаш девлча, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 31Иштта ду кхузахь а, и хІуманаш хила доьлча, хаа ду шуна Делан Олалла гергга дуйла. 32Бакъдерг боху шуьга: хІара адамийн тІаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а. 33Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац». 34«Варелаш, тІехъюучу хІумане, маларе, дахаран хьашташка шайн дегнаш дІа ма лецийталаш, хІунда аьлча оцу дийно дІалоцур ду шу, 35цІеххьана цхьаъ лаца йинчу кІелочо санна. Дуьнен чуьра массо а адамна тІекхочур ду и де. 36Гуттар а сема хила, доІанаш де, мел хила безаш болчу баланех чекхдовла шайн ницкъ хилийтархьама, Адамийн КІантана хьалха хІитта кийча хилархьама». 37Дийнахь Іийсас Делан цІа долчу кертахь хьехамаш бора, ткъа сарахь Зайт-диттийн лам тІе а воьдий, цигахь буьйса йоккхура. 38Іуьйранна хьалххе Цуьнга ладогІа адамаш догІура Делан цІа лаьттачу керта.

will be added

X\