Лака 20

1ТІаьхьо, Іийса Делан цІийнан кертахь хаза кхаъ кхайкхош волуш, Цунна тІебаьхкира динан коьрта дай а, Іелам нах а, баккхий нах а. 2«Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» – аьлла, хаьттира цара. 3Іийсас жоп делира: «ХІинца Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар: 4Яхьъяна хих нах чекхбаха елла бакъо стигалара яра я адамашкара яра?» 5ТІебаьхкинарш вовшийн барт бан хІиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хІунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 6Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, наха вайна тІулгаш кхуьссур ду, хІунда аьлча уьш тешна бу Яхьъя пайхамар хиларх». 7Цара жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла. 8Іийсас элира: «ТІаккха Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг». 9Юха Іийсас нахана цхьа хьекъале хІума дийцира: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла. Уьш лело белхалошка дІа а елла, дуккха а ханна цІера ваьлла хилла иза. 10Кемсаш хуьлучу хенахь шен ялхо вахийтина цо белхалошна тІе, гулбинчу стоьмех цхьа дакъа да шена аьлла. Амма белхалоша ялхо, етта а йиттина, ваьсса цІа хьажийна. 11ХІусамдас кхин цхьа ялхо а вахийтина, амма цара, етта а йиттина, сийсаз а вина, хІумма а ца луш, дІахьажийна иза а. 12Цо кхозлагІа ялхо вахийтина. Белхалоша йиттина, цІийх а вуьзна, эккхийна иза а. 13ТІаккха хІусамдас аьлла: „ХІун дан деза ас? Сайн хьоме кІант вахийта веза ас, цуьнга мукъана а ларам хир бац теша церан?“ 14Амма шайна тІевеана и кІант гича, белхалойн сацам хилла: „Иза хинволу хІусамда ву. Вай иза вен веза, тІаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“. 15Кемсийн бешара ара а ваьккхина, вийна цара иза. Ткъа хІинца хІун дийр ду царна хІусамдас? 16Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дІалур ю-кх кемсийн беш». ЛадугІучара элира: «Иза иштта ма хуьлийла!» 17Іийсас, леррина цаьрга а хьаьжна, элира: «ХІун маьІна долуш ду Делан Йозанан дешнаш: „ГІишло еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг хилла, дІахІоьттина“? 18Муьлхха а оцу тІулга тІе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тІулг цхьанна тІе боьжча, цо хьошур ву». 19И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, цу сохьта Іийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Іеламчу наха а. Амма уьш нахах кхоьрура. 20Цара Іийса леррина тергалвора, Цунна тІе шайн мотт бетта нах а оьхуьйтуш. Муьлххачу даша тІехь ваьлла а Иза галвалахь, мехкан куьйгалхочун Іедале дІаваларе сатуьйсуш, и мекара нах гонах хьийзара Цунна, шаьш диканаш бу а моттуьйтуш. 21Цкъа хаьттира мотт беттачара: «Устаз! Хьан дешнаш а, хьехамаш а нийса буй хаьа тхуна. Стаге ца хьожуш, Ахь нийса хьоьху Далла лууш дерг. 22Алахьа, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?» 23Церан мекарло гуш, Іийсас элира: 24«Схьагайтал Суна дато динари-ахча . Хьенан сурт ду кху тІехь диллинарг, хьенан цІе ю язйина?» «Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара. 25ТІаккха Цо жоп делира цаьрга: «Делахь, паччахьна паччахьна доггІург дІало, Далла – Далла доггІург». 26Нахана хьалха цхьана а хІуманна тІехь Иза лаца а ца велла, Цуьнан жоьпах цецбевлла, дІасевцира мотт беттарш. 27Іийсана тІе садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара хаьттира Цуьнга: 28«Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна, нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тІаьхье меттахІотто. 29ВорхІ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан. 30Иштта хилла шолгІачу вешина а. 31КхозлагІчо ялийна иза, иштта ворхІе а велла уьш, цхьа а бер доцуш. 32Эххар и зуда а елла. 33Масала, уьш денбелча, хьенан зуда хир ю иза, ворхІангахь а иза марехь хилла хилча?» 34Іийсас жоп делира: «Кху дуьнен чохь зударий а балабо, маре а боьлху. 35ТІейогІучу хенахь беллачуьра денбала хьакъ берш зударий балош я маре боьлхуш хир бац. 36Деллачуьра ден а делла, уьш Делан бераш ду. Маликех тарделла, уьш кхин лийр дац. 37Ткъа белларш билггала денлург хилар Муса-пайхамаро гайтира коканийн колл йогучу хенахь. Мусас Везачу Элах „ИбрахІиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела“ аьлла. 38Амма Дела беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву, хІунда аьлча Цунна гергахь массо а дийна ву!» 39И хезча, цхьаболчу Іеламчу наха элира: «Дика жоп делира Ахь, Устаз!» – аьлла. 40Кхин цхьа а Цуьнга хаттар дала ца хІуттура. 41Юха Іийсас хаьттира: « Дала леррина Къобалвинарг Даудан КІант ву хІунда олу? 42Дауда забура тІехь ша ма-аллара: „Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла: Суна аьтту агІор охьахаа, 43Аса Хьан мостагІий Хьан когашка охьабахккалц“. 44Нагахь Дауда Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кІант муха хуьлу Иза?» 45Массо а Іийсага ладугІуш вара, ткъа Цо Шен мурдашка элира: 46«Іеламчу нахах ларлолаш. Уьш деха духарш духий лела, базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахета царна, гуламан цІа чохь а, той долчохь а баьрччехь Іан лаьа царна. 47Цара бисина Іан зударий шайн цІенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доІанаш а до. Амма иштта болчарна луьра таІзар хир ду».

will be added

X\