IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Лака 2 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Оцу деношкахь Август цІе йолчу паччахьера омра делира, Рим-пачхьалкхера массо а адам дІаязде аьлла.   2  Сири-махкахь Куьрна мехкан куьйгалхо волчу хенахь, адамийн дуьххьарлера дІаяздар дара иза.   3  Цундела хІора а ша схьаваьллачу гІала вахара дІаязвала.   4  Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гІалара ЯхІуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гІала, хІунда аьлча иза Даудан цІийнах схьаваьлла вара.   5  Иза, доьзалхочух йолу а, шеца захало дийцина йолу а Марем а эцна, дІаязвала воьдуш вара.   6  Уьш Байтлахамехь болуш доьзалхо дуьнен чу волу хан тІекхечира.   7  Марема кІант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дІа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хІунда аьлча царна хьешан цІа чохь меттигаш ца кхаьчнера.   8  Оцу махкахь арахь буьйсанна шайн жаш лардеш Іуй бара.   9  ЦІеххьана царна хьалха Везачу Элан малик хІоьттира, Везачу Элера долчу нуьраца уьш серла а бохуш. ЧІогІа кхерабелира Іуй.   10  Малико элира цаьрга: «Кхера ма лолаш! Со шуьга массо а адам даккхийден долу хаза кхаъ бахьаш деана!   11  Тахана Даудан гІалахь дуьнен чу ваьлла шу кІелхьардохург, Веза Эла волу Дала леррина Къобалвинарг.   12  ХІара билгало ю шуна: ДІахьарчийна Бер карор ду шуна хьаьвди чохь».   13  ЦІеххьана маликана улло стигалара вуно доккха маликийн эскар доьссира. Цара, Далла хастамаш а беш, бохура:   14  «Лакхарчу стигалшкахь Далла хастам бу! Дуьнен тІехь Дела реза волчу адамашна машар бу!»   15  Маликаш стигала хьаладевлча, Іуша вовшашка элира: «Байтлахаме а дахана, цигахь хІун хилла хьовса деза вай, вайга Везачу Эло баийтинарг хІун хаам бу».   16  Уьш цига сихонца бахара. Царна карийра Марем а, Юсуп а, хьаьвданахь Іуьллу Бер а.   17  Бер гиначу цара дийцира, Цунах болу шайга бинчу хаамах лаьцна.   18  Массо а ладугІуш верг цецваьллера Іуша дийцинчунна.   19  Ткъа Марема дерриг а хезнарг шен даг чохь латтадора.   20  Іуй юхабирзира, Далла хастам а беш, хІунда аьлча царна хезнарг а, гинарг а малико цаьрга ма-аллара хиллера.   21  БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо везаш вара. Цуьнан цІе Іийса тиллира. И цІе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра.   22  Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара, церан цІена хуьлу Іадатан хан тІекхаьчча, Марем а, Юсуп а, Іийса а эцна, Ярушалайме деара Иза Везачу Элана хьалха хІотто.   23  ХІунда аьлча Везачу Эло товрат тІехь тІе-ма-диллара: «Муьлхха а дуьххьарлера боьрша бер Везачу Элана лерина хила деза».   24  Цул сов, ши кхокха я къоркхокха, бен а бейтина, сагІа даккха дезара, Везачу Эло товратехь ма-аллара.   25  Цу хенахь Ярушалаймехь ШамІа цІе йолуш цхьа стаг вара. Иза чІогІа Делах кхоьруш а, дика лелаш а, Исраилан халкъана синтем хиларе сатуьйсуш а стаг вара. Делан Са а дара цуьнца.   26  Цунна Делан Синера хаам бара, Везачу Эло леррина Къобалвинарг галлалц, иза лийр вац аьлла.   27  Делан Сино валийра иза Делан цІийнан керта. Мареммий, Юсуппий, жима Іийсай цига баьхкича, Іийсана тІехь, Дала товратахь тІе ма-диллара, гІуллакх дан,   28  ШамІас, Іийса куьйгаш тІе схьа а эцна, Далла хастам а беш, элира:   29  «ХІинца, Айхьа ма-аллара, садалар атта долуш, Хьайн лай волу со дІахецахьа, Хьалдолу Эла,   30  хІунда аьлча сан бІаьргашна гира адамаш кІелхьардоху дерг,   31  Ахь массо а халкъашна хьалха кечдина долу.   32  Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю, Хьан Исраилан халкъан сий а ду!»   33  Дай-наний чІогІа цецдаьллера шайн кІантах лаьцна ШамІас дийцинчух.   34  ШамІас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира: «ХІара бер Дала къобалдина ду, Исраилан халкъана юкъара дукхахберш хІаллакьхилархьама а, кІелхьарбахархьама а. ХІара Бер Дала елла билгало хир ю, амма Кхунна резабоцурш а хир бу.   35  Иштта, дукхачу адамийн дагахь дерг гучудер ду. Амма хьан дог, тур чекхдаьккхича санна, баланехь хир ду».   36  Кхузахь яра Ашаран цІийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоІ Іайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхІ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза.   37  Важа йолу хан йисина Іаш яьккхинера цо. ХІинца цуьнан дезткъе диъ шо дара. Иза, Делан цІийнан кертара дІа ца йолуш, дийнахь а, буса а Далла марханашца а, доІанашца а гІуллакх деш яра.   38  Оцу хенахь царна тІееана, цо, Далла баркалла а бохуш, Ярушалайм паргІатъяккхаре сатуьйсучу нахе оцу Берах лаьцна дуьйцура.   39  Юсуп а, Марем а Везачу Эло тІедиллина гІуллакх дина а даьлла, шайн Галилай-махкарчу Назарт-гІала юхадирзира.   40  Ткъа Бер, де дийне мел дели, синца чІагІлуш а, хьекъал тІекхеташ а, кхуьуш дара, Дела дика а дара Цуьнца.   41  ХІора шарахь цуьнан да-нана Пасахь олучу дезачу дийнахь Ярушалайме доьдура.   42  Иштта КІентан шийтта шо кхаьчча а, дезчу дийнахь Ярушалайме, лам тІе хьалабевлира уьш, шайн Іедалехь ма-хиллара.   43  Дезде чекхдаьлча, уьш цІа богІуш, Іийса Ярушалаймехь висира. Дений-нанний иза ца хиира.   44  Царна моьттура Иза кхечаьрца схьавогІуш ву. Цхьана дийнахь некъ бинчул тІаьхьа, Иза гергарчаьргахь а, бевзачаьргахь а леха буьйлабелира уьш.   45  Иза ца карийча, Ярушалайме юхабаьхкира уьш, Иза лоьхуш.   46  Кхо де даьлча, карийра царна Иза Делан цІийнан кертахь. Іеламчу нахана юкъахь Іаш вара Иза, цаьрга ладоьгІуш а, хеттарш деш а.   47  Массо а ладугІуш берш цецбуьйлура Цуьнан кхетамах а, Цо лучу жоьпех а.   48  Да-нана цецдаьллера, Иза цигахь а гина. Нанас хаьттира Цуьнга: «КІант, хІара хІун ду ахь тхоьца деш дерг? Хьан да а, со а чІогІа сагатдеш, Хьо лоьхуш лелаш ма ду».   49  «Аш хІунда лоьху Со? – хаьттира Цо. – Шуна ца хаьара, Со Сайн Да волчохь хила везаш вуйла?»   50  Амма уьш ца кхийтира Цо аьллачу дешнех.   51  Иза цаьрца Назарте схьавеара. Цара бохург деш, царна муьтІахь вара Иза. Ткъа нанас дерриг а хилларг шен даг чохь латтадора.   52  Іийса воккха хуьлуш а, хьекъалца совволуш а вара. Цунна Дела а, нах а реза бара.