IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Лака 19 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Цул тІаьхьа Іийса Ерихон-гІалахула чекхволуш вара.   2  Цу гІалахь вехаш вара ял гулъечеран хьаькам а волуш, хьал долуш цхьа стаг. Цуьнан цІе Закай яра.   3  Закайна чІогІа лаьара Іийса ган, амма дегІана жима волу дела, нахана тІехула ца хьажалора иза.   4  Ведда хьалха дІа а вахана, цхьана комарийн дитта тІе хьалавелира иза, тІехволу Іийса гархьама, хІунда аьлча Іийса цигахула дІаваха везаш вара.   5  Закай волчу метте тІевеана, хьала а хьаьжна, Іийсас элира: «Закай, сихха чувосса! Хьо волчохь саца веза Со тахана».   6  Вукхо, сиха чу а воьссина, хазахетарца тІеийцира Іийса шен хІусамехь.   7  И дерриг гина, резабоцучара вовшашлахь шабарш дора: «Къинош летийначу стеган хІусаме хьошалгІа веа-кх Иза».   8  Закайс, хьала а гІаьттина, элира Везачу Эле: «Эла! Ас сайн ах бахам къечарна дІалур бу, нагахь ас цхьана хІумана тІехь стаг левинехь, цунна хилла зе доьазза меттахІоттор ду!»   9  Іийсас элира: «Тахана къинхетам боьссина кху хІусаме, хІунда аьлча иза а ИбрахІиман кІант ву.   10  Адамийн КІант дайнарг каро а, кІелхьардаккха а веана ма ву».   11  ЛадугІучарна Іийсас цхьа хьекъале хІума дийцира. Иза Ярушалаймана уллохь волу дела, халкъана моттаделира Делан Олалла хІинццехь гучудаьлла хир ду.   12  Іийсас дийца долийра: «Паччахьан цІийнах волу цхьа стаг хилла генарчу махка ваха араволуш, цу махкахь шен паччахьан бакъонаш чІагІ а йина, вухаверзархьама.   13  Ша дІавахале, шен ялхой схьа а кхайкхина, цаьрга итт дашо ахча а делла, аьлла цо: „Со вухавале, хІара ахча пайда хуьлучу гІуллакхна хьажаде“.   14  Амма оцу махкарчу нахана ца везара и стаг. Цара цунна тІаьххье хьадалчаш бахийтира, шайн лаам дІахаийта: „Тхуна ца лаьа и стаг тхайн паччахь хила“, – аьлла.   15  Паччахь а хилла, ша вухавеача, цу стага схьакхайкхийтира шен ялхошка. Цаьрга, шен ахчанах хІун пайда хилла аьлла, хаьттира цо.   16  Хьалхарчу ялхочо, ван а веана, элира: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано итт дашо ахча пайда бина“, – аьлла.   17  ХІусамдас аьлла цуьнга: „Дика ду, хьо дика ялхо ву. Хьо кІезигчу хІуманна тІехь тешаме хиларна, хьан куьйгалла кІел итт гІала ло ас“.   18  ШолгІачо аьлла: „Эла! Хьан цхьана дашо ахчано пхи дашо ахча пайда бина“.   19  „Хьо пхеа гІалина тІехь куьйгалла дан хІоттаво ас“, – аьлла цуьнга паччахьо.   20  Схьавеана, кхозлагІчо аьлла: „Эла! ХІара ду хьан дашо ахча, со хьох кхоьру дела, йовлакха юкъахь Іалашдинера ас иза, хІунда аьлча хьо къиза стаг ву: айхьа дІа ца йиллинчуьра хІума схьаоьцу ахь, айхьа дІа ца дийначуьра ялта хьокху ахь“, – аьлла.   22  Паччахьо элира цуьнга: „Айхьа-хьайна кхел йи ахь, мекара ялхо! Хьуна хаьара со къиза стаг вуйла: айса дІа ца йиллинчуьра хІума схьаоьцуш а, айса дІа ца дийначуьра ялта хьокхуш а.   23  Со цІа вале оцу ахчанах суна пайда хІунда ца бира ахь, тІе са а йоккхуш иза юхалург делла а?“ – аьлла.   24  ТІаккха уллохь лаьттачаьрга элира цо: „Схьаэца цуьнгара дашо ахча, дІало иза итт дашо ахча пайда бинчунна“, – аьлла.   25  Ялхоша элира: „Эла! Цуьнгахь итт дашо ахча долуш ма ду“, – аьлла.   26  Паччахьо жоп делира: „Ас боху шуьга: долчунна кхин а тІелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дІадоккхур ду.   27  Ткъа аса шайна тІехь паччахьалла дан ца лууш хилла болу сан мостагІий, схьа а балабай, хІокху меттехь, суна хьалхахь байа“, – аьлла».   28  Шен дийцар чекх а даьккхина, Ярушалайме боьдучу новкъахула мурдашна хьалхаваьлла вахара Іийса.   29  Зайт-диттийн ломан басенашкахь Іохкуш йолу Бет-Паг а, Бет-ХІина а гІаланашна тІекхочуш, Шен мурдех шиъ вахийтира Цо, царна тІе декхар а диллина:   30  «Шайна хьалха лаьттачу юьрта дІагІо. Шу юьрта чу довллушехь, цхьа а стаг тІе а хааза, дІайихкина къона вир карор ю шуна, схьа а ястий, иза кхуза схьаялае.   31  Цхьамма шайга хаттахь: „Схьа хІунда йосту аш иза?“ – аьлла, „Элана оьшу хІара“, – эр ду аш».   32  ДІабаханчу мурдашна, Іийсас ма-аллара, карийра дерриг а.   33  Цара вир схьайостучу хенахь, хІусамдайша хаьттира: «Вир схьа хІунда йосту аш?» – аьлла.   34  Кхара жоп делира: «ХІара Элана оьшу», – аьлла.   35  Мурдаша, вир схьа а ялийна, цунна тІе шайн тІехулара бедар а кхоьссина, Іийса тІехаийра.   36  Иза новкъа вогІуш, цара шайн бедарш Цунна хьалха некъа тІе охьатуьйсура.   37  Зайт-диттийн лам тІера некъ охьабоьрзучу меттехь берриг мурдаш самукъадаларца, мохь туххуш Далла хастамаш бан буьйлабелира, шайна мел гина тамашийна гІуллакхаш бахьана долуш:   38  «Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш волу Паччахь! Стигалахь барт бу, лакхахь хастам бу!» – бохуш.   39  Нахана юкъара цхьаболчу парушхоша элира Іийсага: «Устаз! Совцабе Хьайн мурдаш!» – аьлла.   40  Цо жоп делира царна: «Билггала боху шуьга: нагахь уьш совцахь, тІулгаша а маьхьарий деттар ду».   41  Уьш Ярушалаймана улло кхаьчча, гІала а гина, Іийсан бІаьргех хи делира.   42  Цо элира: «Маржа-яІ! ХІокху дийнахь мукъана а хьайна чохь бартехьа болу некъ хилийта хІун оьшу хьуна хиъча! ...Амма тахана лачкъийна ду-кх и хьан бІаьргех.   43  Цхьа денош догІур ду, мостагІаша го а тесна, баьрзнаш а дина, хьо юкъа а йоьллина, массо а агІор хьо къовлуш.   44  ТІулга тІехь тІулг а ца буьтуш, йохор ю хьо, хьан бахархой а бойур бу. И дерриг хир ду, хьайна чу Веза Эла воьссина хан хьуна ца хаар бахьана долуш».   45  Делан цІийнан керта а веана, цигара мах беш болу нах дІалахка волавелира Іийса.   46  «Яздина ду, – бохура Цо цаьрга, – „Сан цІа доІанан цІа хир ду“, – аьлла, ткъа аш кхунах зуламхойн бен бина».   47  Іийсас хІора дийнахь Делан цІийнан кертахь хьоьхура. Динан коьрта дай а, Іелам нах а, баккхий нах а Іийса хІаллакван лууш бара.   48  Амма церан аьтто ца болура, хІунда аьлча дерриг адам гуттар а Цуьнца дара, хІора Цуьнан даше ладугІуш.