Лака 18

1Гуттар а доІанаш деш, догйовха хилийтархьама, Іийсас Шен мурдашна цхьа хьекъале хІума дийцира: 2«Цхьана гІалахь вехаш цхьа кхелахо хилла. Иза Делах ца кхоьруш а, нахах эхь ца хеташ а стаг хилла. 3Оццу гІалахь ехаш йисина Іаш йолу зуда а хилла. Денна а кхелахочунна тІе а оьхуш, цуьнга дехарш деш хилла цо: „Сан довхочуьнца болчу къовсамехь нийсонна тІе кхачаехьа со“, – бохуш. 4Цхьа хан яллалц цунна накъосталла ца деш Іийначу кхелахочо эххар а ойла йина: „Делах ца кхерахь а, нахах эхь ца хетахь а, 5оцу зудчунна гІо дан деза ас, хІора дийнахь схьа а оьхуш, цуьнга со хьийза ца вайта“, – аьлла». 6Везачу Эло аьлла: «Ойла елаш оцу харц кхелахочо дуьйцучух лаций. 7Дийнахь а, буса а Шега кхойкхуш болу, Ша хаьржина болу нах нийсонна тІе кхачор бац Дала? Церан дуьхьа сихлур вац Иза? 8Ас боху шуьга: Цо, хьем ца беш, нийсоне кхочуьйтур бу уьш. Амма Адамийн КІант дуьнен чу веача, карор буй теша Цунна Шех тешаш болу нах?» 9Шайх тоам а бина, кхечарах ца бешачу нахана цхьа хьекъале хІума дийцира Іийсас: 10«Ши стаг вахана Делан цІа чу доІа дан: цхьаъ – парушхо, важа – ял гулъеш верг. 11Парушхочо, дІа а хІоьттина, доІа деш хилла: „Дела! Хастам бу Хьуна, талорхой, харцончаш, нахаца леларш я хІара ял гулъеш верг санна со ца хиларна. 12КІирнах шозза марха а кхобу ас, сайн тІедогІучу хьолах уьтталгІа дакъа нахана сагІина а ло ас“, – бохуш. 13Гено лаьтташ вара ял гулъеш верг. Стигала ши бІаьрг хьала хьажо а ца ваьхьаш, шен некха тІе буй а бетташ, бохура цо: „Дела! Къинхетам бехьа сох, къинош летийначу стагах“, – бохуш. 14Билггала боху шуьга, цу шиннах геч а дина цІа ваханарг ял гулъеш верг ву. ХІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». 15Іийса волчу кегий бераш а даладора, Цуьнга, уьш декъалдеш, царна тІехула куьйгаш лацийта. И гиначу мурдаша берашца болу нах човхабора. 16Амма Іийсас, бераш Шена тІе а кхайкхина, элира мурдашка: «ХІара бераш тІедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хІунда аьлча Делан Олалла тІелаьцнарш уьш санна бу. 17Билггала боху шуьга: беро санна, Делан Олалла тІе ца лоцуш верг цкъа а Делаца хир вац». 18Цхьана хьаькамо хаьттира Іийсага: «Дика Устаз! Ас хІун дан деза Дела волчохь цкъа а чекхдер доцу дахар кхачийтархьама?» 19«Сох „дика“ хІунда олу ахь? – хаьттира Іийсас. – Цхьа а вац дика, цхьа Дела воцург. 20Дала тІедехкина гІуллакхаш хьуна хууш ма ду: „Нахаца ма лела, адам ма де, къола ма де, харц тоьшалла ма де, дай-наний лара“?» 21«Беран хенахь дуьйна и дерриг кхочушдеш схьавогІуш ву со», – аьлла хьаькамо. 22И хезча, Іийсас элира: «Кхин цхьа хІума дан деза ахь: хьайн долахь дерг дерриг дІа а дохкий, къечарна дІасадекъа, тІаккха стигалахь жовхІар хир ду хьан. Цул тІаьхьа, схьа а волий, Суна тІаьхьахІотта». 23Хьаькам гІайгІане вуьйжира и хезча, хІунда аьлча иза чІогІа хьал долуш стаг вара. 24Іийсас, цуьнга хьаьжча, иза гІайгІане вожар а гина, элира: «Мел хала ду хьал долчу стагана Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хила. 25Эмкална механ Іуьргахула чекхъяла атта ду, хьал долчу стагана Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь хуьлучул». 26И дерриг хезначара хаьттира: «КІелхьара мила ваккхалур ву ткъа?» 27Іийсас жоп делира: «Адамашка ца далун дерг Деле далур ду». 28ТІаккха Кипас элира: «Тхо ду-кх, дерриг а дитина, Хьуна тІаьхьахІиттинарш». 29Іийсас элира: «Билггала боху шуьга: Делан Олалла кхайкхоран дуьхьа шен цІа а, да-нана а, зуда а, бераш а, йиша-ваша а дитинчунна 30хІинца а алссам дерг хир ду, ткъа тІейогІу йолчу заман чохь Делаца долу цкъа а чекхдер доцу дахар а хир ду». 31Шен шийтта векал юьстах а кхайкхина, Іийсас элира цаьрга: «Вай хІинца Ярушалайм лаьттачу хьаладовлуш ду, цигахь дерриг кхочуш хир ду Адамийн КІантах пайхамарша дІаяздинарг. 32Иза кхечу къаьмнех болчу нахе дІалур ву. Уьш Цунах боьлуш, Иза хьийзош, Цунна тІе шеташ етташ хир бу. 33Цара Цунна шед еттар ю, тІаьххьара вуьйр а ву, амма кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». 34Цо дийцинчух векалш ца кхийтира, Цуьнан дешнийн маьІна царна къевлина дара. 35Іийса Ерихон-гІали улло кхочучу хенахь, некъа йистехь сагІа доьхуш Іара цхьа бІаьрзе стаг. 36Уллохула тІехдовлучу адамийн гІовгІа а хезна, цо хаьттира: «И хІун ду?» – аьлла. 37Цунна жоп делира: «Назартера Іийса ву и тІехволуш верг», – аьлла. 38ТІаккха бІаьрзечо мохь хьаькхира: « Даудан кІант Іийса! Къинхетам бехьа сох!» – аьлла. 39Хьалха богІучу наха чехавора иза, гІовгІа ма е бохуш. Амма цо кхин а чІогІа мохь беттара: «Даудан кІант! Къинхетам бехьа сох!» – бохуш. 40Іийсас, саца а сецна, и стаг Шена тІевалавайтира. Иза тІекхаьчча, хаьттира цуьнга: 41«Соьгара хІун оьшу хьуна?» – аьлла. БІаьрзечо дийхира: «Эла! Са гуш хила лаьара суна», – аьлла. 42Іийсас элира цуьнга: «Са гуш хила хьайна! Хьан тешаро кІелхьарваьккхи хьо». 43Цу сохьта бІаьрзечун са схьадеара. Иза Іийсана тІаьхьа вахара, Далла хастамаш а беш. И дерриг гина нах даггара Далла хастамаш бан хІиттира.

will be added

X\