Лака 16

1Шен мурдашна Іийсас кхин цхьа хьекъале дийцар далийра: «Цхьана хьалдолчу стеган бахаман дола деш урхалхо хилла. Цхьаммо аьлла цу хьолахочуьнга, цуьнан бахам урхалхочо байина дІабоккхуш бу аьлла. 2Урхалхо тІе а кхайкхина, хІусамдас хаьттина: „И хІун ду суна хьох лаьцна хезаш дерг? ДІа а гІой, хьайн балхах жоп дала кечам бе, кхин дІа хьоьга урхалла ца дойту ас“, – аьлла. 3ТІаккха урхалхочо ойла йина: „Ас хІун дан деза? ХІусамдас со балхара дІавоккхуш ву. Латта ахка ваха сан ницкъ бац, сагІа деха эхь хета. 4ХІа! Суна хаьа хІун дан деза, кхузара дІаваьккхича кхечу меттехь со тІеэцийта“. 5Цхьацца кхойкхуш, шен хІусамден декхархой тІекхайкхина цо. Хьалхарчуьнга хаьттина: „Хьо мел декхарийлахь ву сан хІусамдена?“ 6Вукхо жоп делла: „БІе черма зайтдаьтта“. Урхалхочо аьлла цуьнга: „ХІара хьайн декхар тІеяздина кехат схьа а эций, сихха охьахаий, дІаязде: шовзткъе итт“. 7Юха кхечуьнга хаьттина: „Хьо мел дала дезаш ву сан хІусамдена?“ Цо аьлла: „Эзар гали кІа“. Урхалхочо аьлла: „Хьайн декхаран кехат схьа а эций, дІаязде: бархІ бІе гали“. 8ХІусамдас хастийна тешаме воцу урхалхо, сел кхетаме иза хиларна. Бан а бу хІокху заманна хьакъ болу нах Делан нуьрехь болчу нахал кхетаме, шаьш санна болчаьрца гІуллакх догІуш. 9Ас боху шуьга, харц дуьненан хьолах пайда а оьцуш, шайна доттагІий лаха. Юха, и хьал шух дуьсур долчу хенахь, Дала Шен даим лаьттачу цІа чохь тІеоьцур ду шу. 10КІезигчу хІуманна тІехь тешаме верг доккхачунна тІехь а тешаме ву, ткъа кІезигчунна тІехь тешаме воцург доккхачунна тІехь а вац. 11Нагахь шу дуьненан хьал гулдеш тешаме ца хиллехь, стигалахь бакъдолу хьал шух хьан тешор ду? 12Неханиг шух тешна дита мегаш ца хилча, шуниг хьан лур ду шуна? 13Шина хІусамдена гІуллакх далур дац цхьана ялхочуьнга. Цунна цхьа хІусамда везар ву, важа везар вац, я цхьанна хьесталур ву, ткъа вукхунах вешар вац. Цундела цхьаьний – Далла а, хьолана а ялхой хилалур дац шу». 14Ахча дукха дезаш болу парушхой и дерриг а хаза а хезаш, Іийсах боьлуш бара. 15Ткъа Цо элира цаьрга: «Шу нахана хьалха диканаш хила гІерташ ду, амма Далла хаьа шун дагахь дерг. Адамашна мехала хетарг Далла боьха хета. 16Товрат-хьехамаш а, пайхамарша яздинарг а Яхьъя-пайхамар гучуваллалц лелла, ткъа цу хенахь дуьйна Делан Олаллех лаьцна болу хаза кхаъ а кхайкхош бу. Массо а чІогІа Делан Олалла тІелаьцначарна юкъахь хила лууш а ву. 17Амма стигалний а, латтаний а атта хир ду дІакъовладала, товрат-хьехамаш тІера цхьа сиз дІадовчул. 18ХІора, шен зуда а йитина, кхин ялош верг ямарта волуш ву, и санна ямарта йитина зуда ялош верг а ву». 19Юха Іийсас дийцира: «Вехаш хилла цхьа хьалдолу стаг. Деза а, хаза а духар тІе а духий, хІора дийнахь той а хІоттадой, сакъоьруш хилла цо. 20Ткъа цуьнан кевнна йисттехь Іуьллуш, ЛаІзар цІе йолуш сагІадоьхург хилла, дерриг дегІ дІалаьцна даьІнаш а долуш. 21Хьолахочун стоьла тІера охьаэгна юьхкаш йиъна а, хІума яа лууш хилла цунна. ЖІаьлеша, тІе а догІий, цуьнан даьІнашна тІе мотт хьоькхуш хилла. 22Эххар а сагІадоьхург велла. Маликаша ИбрахІимна юххе, баьрччехь йолчу метте, дІаваьхьна иза. Хьолахо а велла, иза дІавоьллина. 23Жоьжахатин цІергахь Іазапехь воллуш, дІахьаьжначу хьолахочунна геннахь ИбрахІим а, цунна уллохь ЛаІзар а гина. 24Мохь а тухуш, дехар дина хьолахочо: „Ва сан да ИбрахІим! Къинхетам бехьа сох. ЛаІзар ваийтахьа, шен пІелг хи чу а Іоьттина, сан мотт шелбайта, хІокху цІергахь чІогІа холчохь ву-кх со!“ – аьлла. 25Амма ИбрахІима аьлла: „Сан кІант! Дагадаийта, хьо муха Іаш вара. Хьуна дерриг а диканиг кхаьчнера хьайн дахарехь, ткъа ЛаІзарна – дерриг вониг. ХІинца цунна кхузахь синтем хилла, ткъа хьо баланехь ву. 26Цул сов, хьуна а, тхуна а юкъахь чІогІа кІорга Іин даьккхина. Нагахь кхузара цхьанна хьуна тІеван лиъча а, иза дІавалур вац, цигара цхьа а кхуза сехьа а валалур вац“. 27ТІаккха аьлла хьолахочо: „Ас доьху хьоьга, ЛаІзар вахийтахьа сан ден хІусаме, 28сан пхи ваша ма ву. Цаьрга дІахоуьйтур дара цо кхузахь дерг, хІара Іазап хьега уьш кхуза ца кхачийта“. 29ИбрахІима аьлла цуьнга: „Церан Мусан а, кхечу пайхамарийн а деза йозанаш ду, цара яздинчуьнга ладогІа дезаш ма бу уьш!“ 30Хьолахочо жоп делла: „ХІан-хІа, дада ИбрахІим! Нагахь веллачех цхьаъ шайна тІевеача, лелийначунна дохко а бевлла, Далла тІебоьрзур бара уьш“. 31ТІаккха ИбрахІима аьлла цуьнга: „Нагахь Мусага а, кхечу пайхамаршка а ла ца догІахь, веллачуьра денвеллачух а уьш тешар бац“».

will be added

X\