IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Лака 15 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Іийсага ладогІа дуккха а адамаш: ял гулъешберш а, къинош летийнарш а тІеоьхура.   2  Парушхой а, Іелам нах а резабоцуш, гІовгІа еш бара: «ХІокху стага къинош летийна адамаш тІе а оьцу, цаьрца хІума а йоу», – бохуш.   3  ТІаккха Іийсас царна цхьа хьекъале дустар далийра.   4  «Мила ву шух, шайн бІе уьстагІ юкъара цхьаъ байча, важа безткъе ткъайоьсна эрна арахь а битина, байнарг лохур боцуш, иза карабаллалц?   5  Ткъа иза карийча, самукъадаьлла, белшаш тІе а биллина, цІа бахьар бу.   6  ДоттагІий а, лулахой а схьа а кхайкхина, уьстагІ болчо эр ду: „Даккхийде вай цхьаьна, суна сайн байна уьстагІ карийна!“   7  Масала, дохковала бахьана доцуш, Делан лаамехь а волуш везткъе ткъайоьсна стаг ву. Ас боху шуьга, оцу нахана чул, къинош а летийна, юха дохковаьлла, Далла тІевирзинчу цхьана стагана алсам баккхийбийр бу стигалшкахь берш».   8  «Масала, цхьана зудчун драхма цІе йолу итт дато ахча ду. Царах цхьаъ дайча, стогар а латийна, чохь нуй а хьоькхуш, леррина и лохур ма ду цо, иза карадаллалц.   9  Ткъа иза карийча, доттагІий а, лулахой а схьа а кхайкхина, цо эр ду: „Даккхийдейша соьца: суна дайна ахча схьакарийна!“   10  Ас боху шуьга, лелийначунна дохко а ваьлла, Далла тІевирзинчу цхьана стагах а Делан маликийн самукъадалар иштта хуьлу».   11  Кхин а дийцира Цо: «Цхьана стеган ши кІант хилла.   12  Жимах волчу кІанта шен дега аьлла: „Дада! Хьайн бахамах суна догІу дакъа схьалохьа“. Дас шина кІантана бекъна бахам.   13  Дукха хан ялале, жимах волу кІант, шен дерг вовшах а тоьхна, генарчу махка вахана. Цигахь, сакъоьруш, шен хьал эрна дайина цо.   14  Ткъа шадерриг и дайина ваьлча, цу махкахь чІогІа мацалла хІоьттина. Иза таро йоцуш висна.   15  ТІаккха вахана цу махкарчу цхьана стагана чухІоьттина иза. Вукхо хІара хьакхарчий яжо вахийтина шен аренашка.   16  Мацалло бІарзвина, хьакхарчаша бууш болу акха стоьмаш биина а, шен гай юзо лууш хилла хІара, амма цхьаммо а кхунна уьш луш ца хилла.   17  Метта а веана, цо элира: „Мел дукха ялхой бу сан ден цІахь, церан массеран а шортта яа хІума ю, ткъа со кхузахь мацалла леш ву!   18  ДІавахана, сайн да волчу юха а вирзина, ас эр ду цуьнга: Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас!   19  ХІинца со хьакъ вац хьан кІант ву со ала, хьайн белхало вай, дІаэцахьа со“.   20  Хьала а гІаьттина, шен да волчу вахара иза. КІант геннахь схьавогІуш дена гира. Цунах къахетта, ведда тІе а вахана, иза маравоьллина, цунна барт баьккхира дас.   21  Ткъа кІанта элира цуьнга: „Дада! Далла хьалха а, хьуна хьалха а къа латийна ас. ХІинца со хьакъ вац хьан кІант ву со ала“.   22  Амма дас шен ялхошка элира: „Тоьлла йолу бедар схьа а яй, тІейоха цунна, пІелгах мухІар а долла, кога мачаш а юха.   23  Юстийна йолу старгІа схьа а ялаяй, урс хьакха: той хІоттор ду вай.   24  ХІунда аьлча хІара сан кІант веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“. Уьш сакъера буьйлабелира.   25  Воккхах волу кІант оцу хенахь кха тІехь вара. ЦІа вогІуш, шайн бахамна гергакхаьчча, цунна лоькху эшарш а, хелхаран мукъамаш а хезира.   26  Цхьа ялхо схьа а кхайкхина, цо хаьттира: „ХІара хІун ду?“   27  Ялхочо элира цуьнга: „Хьан ваша цІа веана. Хьан дас старгІа ейтина, хІунда аьлча иза могуш-маьрша юхавирзина дела“.   28  Воккхах волу кІант, оьгІазвахана, чу ван ца лууш вара. Дас, ара а ваьлла, чувола аьлла, дийхира цуьнга.   29  Амма цо элира дега: „Со хьуна вецаш волу мел дукха хан ю, ахь аьллачунна тІера ког а ца баьккхина ас, амма ахь суна буьхьиг а ца елла, соьга сайн доттагІашца сакъерийта.   30  Ткъа шен хьал мехкаршца сакъоьруш хаьхкина волу хьайн кІант цІа веача, цунна юстийна старгІа йийна ахь“.   31  Амма дас элира воккхах волчу кІанте: „Сан кІант! Хьо гуттар а соьца ма ву, сан долуш дерг шадерриг а хьан ма ду.   32  ХІинца вай самукъадаьлла хила ма деза, хьан ваша веллачуьра денвелла, вайначуьра карийна“».