Лака 14

1Цкъа шоьтан дийнахь парушхойн цхьа куьйгалхо волчу хІума яа ваханера Іийса. Чохь берш леррина хьоьжура Цо дечуьнга. 2Цигахь Цунна дуьхьал нисвелира цхьа стаг. Иза, чкъура кІел хи а хІоьттина, оцу цамгарх чІогІа бала хьоьгуш вара. 3ТІаккха Іийсас хаьттира Іеламчу нахе а, парушхошка а: «Далла леринчу шоьтан дийнахь дарба дан бакъо ю я яц?» 4Уьш бист ца хилира. Іийсас, цунах куьг а Іоьттина, цомгушчунна дарба а дина, иза дІавахийтира. 5Ткъа вукхаьрга Цо хаьттира: «Нагахь шун кІант я, масала, сту гІуна чу боьжча, сихха дахана иза хьалабоккхур бац аш, Далла леринчу шоьтан де делахь а?» 6Церан Кхуьнга ала хІумма а дацара. 7Іийсас тидам бира хьошалгІа кхайкхина нах баьрччехь йолу меттигаш дІалаца гІертар. Цо тІаккха царна цхьа хьекъале хІума дийцира: 8«Хьо цхьанхьа зуда ялийначу метте кхайкхина велахь, баьрчче хаа ма гІерта, хІунда аьлча хьол лоруш волу стаг а кхайкхина хила там бу цига. 9ТІаккха хьо а, иза а кхайкхинчу хІусамдас, тІе а веана, хьоьга эр ду: „ХІокху стагана меттиг ло“, – аьлла. Нахана хьалха юьхьІаьржачу а хІоьттина, уггар йистера меттиг дІалаца езар ю хьан. 10Хьо хьошалгІа кхайкхинчу хІусамехь неІарера меттиг дІалаца, хІусамдега, хьайна тІе а веана, алийта: „ДоттагІа! Вало, хьуьлла баьрчче хаа“, – аьлла. ТІаккха вукху хьешашна хьалха хьан ларам хир бу, 11хІунда аьлча хІора ша лакхара хеташ верг, лах а вина, кІезиг хетар ву, ткъа ша кІезиг хеташ верг лакхаваьккхина хир ву». 12Цул тІаьхьа Ша кхайкхинчу хІусамдега Іийсас элира: «Айхьа нах хІума яа чукхойкхуш, хьайн доттагІий а, вежарий а, гергара нах а, хьалдолу лулахой а ма кхайкха, хІунда аьлча церан таро ю хьо чукхайкха а, шайна дина дика юхадан а. 13Айхьа шун хІоттош, къенаш, заьІапнаш, астагІнаш, бІаьрзенаш кхайкха. 14Хьо декъала хир ву, хІунда аьлча церан хьуна иза юхадан таро яц. Делан лаамехь болу нах денлучу дийнахь, юхалур ду хьуна иза». 15И хІума хезча, чохь болчех цхьаммо элира: «Декъала ву Делан Олалла тІелаьцначарна юкъахь кхачанах кхеттарг!» 16ТІаккха Іийсас дийцира: «Цхьана стага доккха той а хІоттийна, дуккха а хьеший кхайкхина. 17Той дІадоло хан тІекхаьчча, шен ялхо вахийтина цо шуьне кхайкхинчаьрга дІаала: „Схьадуьйла, дерриг а кийча ду“, – аьлла. 18Амма хьеший, цхьаъ санна, бехказа бийла хІиттина. Хьалхарчо аьлла: „Ас латта эцна, вахана цуьнга хьажа дезаш ву со, доьху хьоьга, къинтІера валахь суна“. 19ШолгІачо аьлла: „Ас пхи шуьста эцна, и стерчий дІа а доьжна, мега ца мега хьажа воллура со. Суна къинтІера валахь“, – аьлла. 20КхозлагІчо аьлла: „Ас зуда ялийна, цундела вогІийла дац сан“, – аьлла. 21Вухавеанчу ялхочо хІусамдега и дерриг дІааьлла. ТІаккха оьгІазваханчу хІусамдас шен ялхочуьнга буьйр дина: „Хьада, чехкка гІалин урамашкахула а, майданашкахула а чекхвалий, схьабалабе кхуза къенаш, заьІапнаш, бІаьрзенаш, астагІнаш“. 22Юха а веана, ялхочо аьлла: „ХІусамда! Ахь ма-аллара, дерриг а ас кхочушдина, амма кхин а меттиг ю цІа чохь“. 23ТІаккха хІусамдас юха а тІедожийна ялхочунна: „Ваха а гІой, гІалара аравалий, новкъахь а, керташкахь а гинарг схьавалаве, сан цІа хьешех дуьззина хилийта. 24Амма, ас боху шуьга, хьалха кхайкхинчех цхьаъ хир вац сан тойнехь“». 25Іийсаца йогІуш адамийн йоккха тоба яра. Цо, юха а вирзина, элира цаьрга: 26«Стаг Суна тІаьхьахІоьттина схьаван а, Сан мурд хила а йиш йолуш вац, Со шен дел а, ненал а, зудчул а, берел а, вежарел а, йижарел а, ур-атталла дахарал а лараме хеташ иза вацахь. 27Шен баланийн мохь схьаэца реза а воцуш, Суна тІаьхьавогІург Сан мурд хила йиш йолуш вац. 28Масала, шух цхьаъ бІов ян лууш ву. Охьа а хиина, шен хин йолу харж лорур яц цо, гІишло чекхъяккха ахча тоьар ду дац хьажа? 29Цо, бух а боьттина, дІаерзо ницкъ а ца кхаьчна, гІишло йолийначохь йитича, массо а и гуш верг воьлур ма ву цунах. 30Цара бохур дара: „ХІокхо гІишло йолийначохь чекх а ца яккхалуш йитира“, – бохуш. 31Я, масала, цхьа паччахь ву тІом бан кечлуш. Цкъа, охьа а хиъна, ойла йийр ю цо, шен итт эзар стаг волчу эскарца ткъа эзар стагаца тІевогІучунна дуьхьало ялур ю, я яц аьлла. 32Нагахь шен ницкъ кхочур бац аьлла, цунна хетахь, мостагІа генахь волччуьра, цо векалш бохуьйтур бу машар боьхуш. 33Делахь, шен долахь долчух дерригенах шух хІора ца къастахь, Сан мурдаш хила йиш яц шун. 34Туьха дика хІума ю, амма цуьнан чам дІабаьлча, стен хуьлуьйтур ду иза юха а дуьра? 35Иза я лаьттах а, я кхеллех а тоха пайденна дац, дІакхоссан бен. Лергаш долчунна хІара хезийла!»

will be added

X\