IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Лака 13 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Оцу хенахь цхьана наха, тІе а баьхкина, Іийсана дийцира Делан цІийнан кертахь байинчу галилайхойх лаьцна. Пулата и омра далар бахьана долуш, оцу нехан цІий цара сагІа доккхуш яйинчу бежанийн цІийца эделлера.   2  Іийсас элира баьхкинчаьрга: «Иштта байина болу и нах вукху галилайхойл къинош сов долуш бара-м ца моьтту шуна?   3  ХІан-хІа, – боху Ас шуьга, – амма нагахь санна шу, дохко а девлла, Далла тІе ца дерзахь, уьш санна, шу а хІаллакьхир ду.   4  Шуна моьтту хир ду, Шилонан бІов тІе а йоьжна, велла волу берхІитта стаг Ярушалаймехь болчу вукху нахал бехке вара?   5  ХІан-хІа, – боху Ас шуьга, – амма шу, дохко а девлла, Далла тІе ца дерзахь, уьш санна хІаллакьхир ду».   6  Іийсас цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана стеган кемсийн бешахь дІадийна инжиран дитт хилла. Цкъа, ван а веана, оцу дитта тІехь стоьмаш бу бац хьаьжча, уьш ца карийна цунна.   7  ТІаккха кемсаш лелош волчу шен белхалочуьнга аьлла цо: „КхозлагІа шо ду со кху дитте хьоьжу, амма стоьмаш ца латийна кху тІе. Охьа а тохий, дІадаккха хІара, кхуьнга эрна меттиг дІа а ца лоцуьйтуш“, – аьлла.   8  Амма белхалочо жоп делла цуьнга: „ХІусамда! Кхин цхьана шарахь а дитахьа хІара. Ас, го а аьхкина, кхелли а йиллина, болх бийр бара.   9  ХІун хаьа, юха шарахь стоьмаш лато а ма мега кху тІе? Ткъа ца латадахь, и дитт дІадоккхуьйтур ду ахь“, – аьлла».   10  Цхьана гуламан цІа чохь шоьтан дийнахь хьехам беш вара Іийса.   11  Букара хьаьвзина, букъ хьала ца нислуш, цхьа зуда яра цу чохь, берхІитта шарахь шеца жинийн цамгар йолуш.   12  И ган а гина, тІекхайкхина, Іийсас элира цуьнга: «Йиша! Хьо хьайн цамгарх паргІатъяьлла», – аьлла.   13  Цо куьйгаш лецира зудчунна тІехула. Важа оцу сохьта хьаланисъелира, тІаккха Далла хастамаш бан хІоьттира.   14  И дерриг гина, гуламан цІийнан хьаькамо, Далла леринчу шоьтан дийнахь Іийсас дарба дарна реза воцуш, чубаьхкинчу нахе элира: «Ялх де ду болх бан дезаш. Оцу деношкахь дуьйла шайна дарба дайта, Далла леринчу шоьтан дийнахь а ца догІуш», – аьлла.   15  Везачу Эло, жоп луш, элира цуьнга: «Шалхончаш! Шайн сту я вир, хьаьвдех схьа а достий, Далла леринчу шоьтан дийнахь хи мала ца дуьгу аш?   16  БерхІитта шарахь иблисо йихкина латтийна ИбрахІиман тІаьхьенах йолу хІара зуда Далла леринчу дийнахь шен буржалех паргІатъяла мегаш яц?» – аьлла.   17  Цо и аьлча, Цунна дуьхьалболчу нахана эхь хийтира. Ткъа чохь берш самукъадаьлла, хазахеташ бара Іийсас и тамашийна гІуллакхаш дарх.   18  Цул тІаьхьа Іийсас хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Муха ду иза?   19  Иза стага шен бешахь дІадийначу уггар жимачу хІуьнах тера ду. Цу хІуьнах, хьала а даьлла, дитт хилла. Стигаларчу олхазарша баннаш дина цуьнан гаьннаш тІехь».   20  Кхин цкъа а хаьттира Іийсас: «Кхин стенца дуста мегар ду Делан Олалла?   21  Иза морзанах тера ду. Зудчо, бод хьакхош, кхаа сахь чохь схьаэцначу демах тоьхна иза. Морза, массанхьа а кхочуш, демах дІаийна».   22  ГІаланашкахула, ярташкахула чекхвуьйлуш, Ярушалайме воьдуш вара Іийса. Шен новкъахь нахана хьехам бора Цо.   23  Цкъа цхьаммо хаьттира Цуьнга: «Эла! Иштта кІезиг бу теша кІелхьарбовлуш берш?» Іийсас элира гулбеллачаьрга:   24  «Готтачу неІарехула чекхдовла хьовса, хІунда аьлча, Ас боху шуьга чубаха гІиртинчех, дукхахберш чекхбовлалур бац.   25  ХІусамдас неІ дІакъевлича, шу арахь дуьсур ду. И неІ етташ, дехар дийр ду аш: „Эла! ДІаеллахьа тхуна“, – бохуш. Амма Цо эр ду шуьга: „Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа“.   26  ТІаккха аш эр ду: „Оха Хьоьца яа а йиинера, мала а меллера, Ахь тхан урамашкахь хьехамаш а бинера тхуна“, – аьлла.   27  Амма Цо эр ду: „Ас боху шуьга, Суна шу а ца девза, шу мичара даьхкина а ца хаьа. Шу массо а харцончаш ду, дІадовла Суна юххера!“   28  Цигахь белхар а, цергаш хьекхор а хир ду. Шуна гур бу Делан Олалла тІе а лаьцна, Далла уллохь болчарна юкъахь ИбрахІим а, Исхьакх а, Якъуб а, берриш пайхамарш а, ткъа шу цигара лохкур ду.   29  Малхбалехьара, малхбузехьара, къилбаседехьара, къилбехьара баьхкинчу наха хиндолчу тойнехь, Делан Олаллехь, шайн меттигаш дІалоцур ю.   30  Амма кхузахь цхьаболу тІаьххьара хилларш цигахь хьалхара хир бу, цхьаболу хьалхара хилларш тІаьххьара хир бу».   31  Оцу хенахь Іийсана тІевеанчу масех парушхочо элира: «Кхузара дІаваьлла, кхечу метте ваха веза Хьо – ХІарод ву Хьо вен гІерташ», – аьлла.   32  Іийсас жоп делира: «Даха а гІой, цхьогало санна, зулам деш волчуьнга дІаала: „Ас жинаш дІа а лохкур ду, нахана дарбанаш а дийр ду тахана а, кхана а, ткъа кхозлагІчу дийнахь Сайн болх чекхбоккхур бу“.   33  Делахь а, хІуъа хилахь а, Сан тахана а, кхана а, лама а лела деза, хІунда аьлча пайхамар Ярушалаймал арахьа вала йиш йолуш вац.   34  Ва Ярушалайм! Пайхамарш бойу ахь, хьайна тІебахкийтиначарна тІулгаш детта ахь. Мел чІогІа лиънера-кх Суна хьан бераш гулдан, олхазаро шен кІорнеш тІома кІел гул ма-ярра, амма хьуна ца лии иза.   35  ХІинца билггала шун ЦІа Дала дІатесна ду. Ас боху шуьга, шуна Со гур вац, цхьа хан а еана, аш аллалц: „Декъала ву Везачу Элан цІарах вогІуш верг!“»