1 Цу хенахь эзарнаш адамаш гулделира, вовшашна тІеттІатеІара уьш. Іийса цкъа хьалха шен мурдашка къамел дан волавелира: «Парушхойн муьстачу бедах – шалхаллех ларлолаш. 2 Мел къайлаха дерг а гучудер ду, мел хьулдинарг а хоуьйтуш хир ду. 3 Аша боданашкахь аьлларг серлонгахь хезар ду. Аша цІа чохь цхьаьнга лере аьлларг тхевнаш тІера кхайкхор ду». 4 «Ас боху шуьга, Сан доттагІий, стаг вен ницкъ болчух ма кхера, дегІ хІаллакдарал сов цуьнга кхин хІумма а далур дац. 5 Ас эр ду шуьга хьанах кхера веза: шу кхера деза стеган са схьа а эцна, иза жоьжахатин цІерга кхосса ницкъ Болчух. Билггала боху шуьга, Цунах кхера! 6 Пхеа хьозанах ши шай бен доккхур дуй те? Амма Далла царах цхьа а диц ца делла. 7 Ткъа шун коьртара массо чо а багарбина бу шуна! Цундела ма кхералаш: дуккха а хьозанел деза ду шу!» 8 Кхин дІа а Іийсас бохура: «Ас боху шуьга: Со нахана хьалха къобалвеш верг Адамийн КІанта Делан маликашна хьалха къобалвийр ву, 9 амма Со нахана хьалха дІатеснарг Аса а дІатосур ву Делан маликашна хьалха. 10 Адамийн КІантана дуьхьал дош а аьлла, дохковаьллачунна гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац. 11 Шаьш гуламан цІа чу, я хьаькамашна, я Іедална тІе далийча, са ма гатде шаьш ала дезачух а, жоп муха дала дезарх а, 12 Делан Сино оцу хенахь ала дезарг Іамор ду шуна». 13 Нахана юкъара цхьана стага элира Іийсага: «Устаз! Сан веше тхан дех диснарг соьца декъа алахьа!» – аьлла. 14 «ЛадогІахьа, Со хьан хІоттийна шун кхелахо, бахам бекъа бакъо а елла?» – хаьттира цуьнга Іийсас. 15 Цул тІаьхьа Цо элира массаьрга а: «Варелаш! БІаьрмециг ма хилалаш. Стеган дахар цуьнан хьолах лаьтташ дац шуна, иза мел дукха делахь а». 16 ТІаккха Цо цхьа хьекъале хІума дийцира царна: «Цхьана хьал долчу стеган шортта ялта кхиъна хилла. 17 „Ас хІун дан деза? – ойла йина цо. – Сан хІара ялта чудилла меттиг ма яц“. 18 Юха цо аьлла: „Ас дера деза, сайн шира ялта чудуьллу сайранаш дІа а даьхна, даккхий керланаш дан. Царна чу дерриг ялта а, кхийолу хІума а хоьур ю. 19 ТІаккха айса-сайга ала мегар ду: хьан хьал дуккха а шерашна тоьар долуш ду, са а даІа, даа а даа, мала а мала, самукъа а даккха“. 20 Амма Дала элира цуьнга: „Сонта стаг! Тховса буса хьан дахар хедар ду. Хьанна дуьсур ду ахь хьайна кечдинарг?“ – аьлла. 21 Дела волчохь хазна а ца гулъеш, шена хьал вовшахтухучунна хІоранна а изза хир ду». 22 ТІаккха Іийсас элира Шен мурдашка: «Цундела боху Ас шуьга, шайн дахаран дуьхьа юучунна са ма гатде, шайн дегІан дуьхьа духарна са ма гатде. 23 ХІунда аьлча юучул деза дахар ду, духарал деза дегІ ду. 24 ДІахьовсал къийгашка: я дуьйш яц, я хьокхуш яц, церан сайранаш а, я ялта чудерзо меттиг а яц, амма Дала кхобу уьш. Ткъа шу оцу олхазарел мел мехала ду! 25 Сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана хьаьнга дахдалийталур дара шуьга? 26 Оццул кІезигниг а далуш ца хилча, кхечунна стенна сагатдо аш? 27 Ойла ел, муха кхуьуш ду петІамат-зезагаш: уьш къахьоьгуш дац я бедарш тега кІадеш еш дац, амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. 28 Нагахь тахана тІедолу, ткъа кхана пешахь догу долу арара зезагаш а Дала иштта хаза кечдеш хилча, шаьш мел хаза кечдийр ду аьлла хета шуна, Делах кІезиг тешаш дерш?! 29 Цундела ма леха яа а, мала а шайна хІун хир ю – цунна са ма гатде. 30 Цу дерригенна а сагатдо оцу дуьненан кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. 31 Уггар хьалха Делан Олалла лаха, важа дерриг а Дала шуна лур ду». 32 «Ма кхера, шу кІезиг а, гІийла а делахь а, шуна тІехь Іу ву. Шун Ден, хазахетарца, шуна Олалла дала сацам хилла. 33 Шайн бахамаш дІа а бухкуш, мискачарна сагІа ло. Лелийча тишлур доцу бохчанаш кечде шайна, лахлур йоцу хазна гулъе стигалахь: цигахь цунна тІе къу а кхочур вац, нецано иза юур а яц. 34 Шун хазна йолччохь, шун дог а хир ду». 35 «Юкъ а ехкий, гуттар а гІуллакх дан кийча хила, шайн стогарш а латийна хилийта, 36 зуда ялийначу сакъера ваханчуьра шайн хІусамда цІа варе хьоьжучу ялхойн санна. ХІусамдас, цІа а веана, неІ тоьхча, цунна иза оцу сохьта дІаелла кийчча хир бу уьш. 37 Декъала бу, хІусамда цІа кхаьчча, сема болу ялхой. Билггала боху шуьга, цо ша а, ялхойн духар а дуьйхина, уьш шуьнна гонах а ховшийна, оьшург тІе а дахьаш, царна гІуллакх дийр ду. 38 Декъала бу, шена гІуллакх дан кийча а болуш, хІусамдена карийна ялхой, буьйса юкъал тІехъяьлча иза цІа веача а. 39 Амма хаалаш, нагахь санна хІусамдена къу маца вогІур ву хууш хиллехь, цо шен цІа чохь къола дойтур дацара. 40 Шу а хила деза кийча, хІунда аьлча Адамийн КІант шу Цуьнга ца хьоьжучу хенахь вогІур ву». 41 ТІаккха Кипас хаьттира: «Эла! Иза тхуна я массарна а дуьйцу Ахь?» – аьлла. 42 Везачу Эло жоп делира: «Ас дуьйцур ду шуна тешаме а, хьекъале а урхалхо мила ву цІа чохь: иза, хІусамдас вукху ялхошна тІехь куьйгалла дан а хІоттийна, царна шен хеннахь юург луш верг ву. 43 Декъала ву иза, шена тІедиллина гІуллакх деш а волуш, цуьнан хІусамда цІа кхаьчча. 44 Бакъдерг боху шуьга: хІусамдас иза берриг шен бахамна тІехь куьйгалхо хІоттор ву. 45 Амма, масала, и ялхо: „Сан хІусамда кеста цІа вогІий ца хаьа“, – аьлла, ойла а йина, кхечу ялхошна етта а йиттина, дууш, ваххалц молуш Іийр ву. 46 Цунна дагахь а доцучу, иза цІа варе ца хьоьжучу хенахь, хІусамда цІа кхочур ву. ХІусамдас иштта ялхо, тур тоьхна, шина декъе воькъур ву, Делах ца тешачу нехан дакъа цунна кхочуьйтур ду. 47 Шен хІусамден лаам а хууш, цо бохург дан а ца динчу, дан а ца гІиртинчу ялхочунна чІогІа еттар ю, 48 ткъа ларамаза гІалат даьллачунна кІезиг таІзар дийр ду. Дуккха а кхаьчначуьнгара дуккха а хоттур ду, дуккха а хІума шех тешна дитинчунна тІехь доккха декхар ду». 49 КхидІа а Іийсас бохура: «Со дуьнен чу цІе таса веана, хІинцале и цІе марсаяьлла йогуш хила лаьара Суна! 50 Амма баланийн хІордах чекхвала везаш ву Со, иза хиллалц синтем бац Суна! 51 Шуна моьтту хир ду, Со дуьнен чу машар бахьаш веана? „ХІан-хІа! – боху Ас шуьга, – Декъадалар дахьаш веана!“ 52 ХІинца дуьйна иштта хир ду: пхеа стагах лаьтта доьзал бекъалур бу, кхоъ шинна дуьхьал, шиъ кхаанна дуьхьал хир ву. 53 Да кІантана дуьхьал, кІант дена дуьхьал, нана йоІана дуьхьал, йоІ-нанна, марнана несана дуьхьал, нус марнанна дуьхьал хир ю». 54 Юха Іийсас бохура нахе: «Малхбалехь марха гича, догІа догІур дуй хаьа шуна, иза иштта хила а хуьлу. 55 Ткъа къилбехьара мох хьаькхча, йовхо хир ю олу аш, иза а нийса хуьлу. 56 Шалхончаш! Стигалан а, лаьттан а билгалонаш хаьа шуна, ткъа таханлерчу заманан билгалонаш къасто хІунда ца хаьа шуна?» 57 «Шайна гІолехь долчун ойла хІунда ца йо аш? 58 Шаьш довхочуьнца кхел ян доьлхуш, новкъахь цуьнца берта даха хьовса, хІунда аьлча цо шу кхелахочунна тІе далор ду, кхелахочо гІароле дІалур ду, юха шу набахте кхуьссур ду. 59 Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тІаьххьарчу шайнна тІекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дІаделла а бен».