Лака 11

1Цкъа Іийса Ша кхаьчначу цхьана меттехь доІа деш вара. Иза доІа дина ваьлча, мурдех цхьаммо дийхира: «Эла! Тхуна а Іамадехьа доІа дан, Яхьъяс шен мурдашна ма-Іамадарра». 2Іийсас элира цаьрга: «Шаьш доІа дечу хенахь иштта ала: „Дада! Хьан цІе сийлахь хуьлда! Хьан Олалла тІекхочийла! 3ХІора дийнахь даъал напха лохьа тхуна. 4Тхан къиношна гечдехьа, тхайна декхарийлахь болчарна оха ма-гечдарра. Хьарам лаамна кІел ма дахийтахьара Ахьа тхо“». 5Юха Іийсас элира цаьрга: «Масала, шун цхьаннан доттагІа ву. Буьйсанан юккъехь и волчу а дахана, аш цуьнга боху: „ДоттагІа! Бухалург кхо хьокхам лохьа суна, 6со волчу доттагІа кхаьчна, сан цунна яла хІумма а яц“. 7ТІаккха шун доттагІчо ала мега: „Со Іадда вита, сан неІ дІакъевлина ю, со а, бераш а дІадийшина ду. Сан, хьала а гІаьттина, хьуна хьокхам бала йиш яц“. 8Ас боху шуьга, нагахь шун доттагІалла лерина цо шуна хьокхам ца лахь, аш, юха ца довлуш, кхин а, кхин а иза бехча, цо, хьала а гІаьттина, шуна иза лур бу. 9Цундела Ас боху шуьга: „Деле деха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна, 10хІунда аьлча хІора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неІ тухучунна – схьайоьллуьйту. 11Муьлхачу дас лур бу шен кІантана лаьхьа, цо чІара боьхуш хилча? 12Муьлхачу дас лур ю шен кІантана дІаьвше гезг, цо хІоа доьхуш хилча? 13Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шайн Дас муххале а доьхучунна Шен Деза Са лур дуйла хоуьйла шуна“». 14Цкъа Іийсас стеган мотт сацош долу жин эккхийра. Жин арадаьлча, стаг къамел дан хІоьттира. Юххехь лаьттарш чІогІа цецбевллера. 15Цхьаболчара бохура: «Жинийн эла волчу БаІал-Зебулин олаллица жинаш лохку Цо адамашна чуьра». 16Ткъа вукхара Іийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла. 17Амма церан ойланаш хуучу Іийсас элира: «Муьлхха а екъаелла йолу пачхьалкх хІаллакьхила хьаьхна ю. Ткъа юкъахь барт боцу доьзал бухур бу. 18Нагахь иблис шена гонах болчаьрца бертахь дацахь, муха лаьттар ду цуьнан олалла? Ас и шуьга боху, БаІал-Зебулан ницкъаца Ас жинаш дІадоху бохуш, аш кхайкхадо дела. 19Нагахь Ас, аша ма-баххара, жинаш БаІал-Зебулин гІоьнца дІалохкуш хилча, шун наха хьенан ницкъаца лохку уьш? Уьш шун кхелахой хир бу! 20Ас Делан ницкъаца лохку жинаш, ткъа иза Делан Олалла шуна схьакхаьчна хиларан билгало ю. 21Нагахь шен цІа лардеш волу стаг онда а, герзаца а велахь, цуьнан бахамна кхераме хІумма а дац. 22Амма нагахь, цул онданиг тІе а летта, и эшавахь, хІусамден бІобулуш хилла долу герз схьа а даьккхина, бахам дІахьур бу. 23Соьца воцург Суна дуьхьал ву. Соьца нах схьагулбеш воцург уьш дІасабекъаболуьйтуш ву». 24«Харцжин стагах дІакъаьстича, иза хи доцучу яьссачу аренгахула долалой лелаш хуьлу, тІетовжа меттиг а ца карош. ТІаккха цо олу: „Со арадаьллачу цІа чу юхадоьрзур ду со“. 25Амма и стаг волчу юхадеъча, ша Іийна меттиг нуй хьаькхна а, цІанйина а карайо цунна. 26ТІаккха доьдий, цо шеца ворхІ харцжин даладо, шел дуккха а вон долу. Уьш, цу стагана чохь шайн хІусам а юьллий, даха ховшу. Эххар а оцу стеган хьал юьххьенца хиллачул а вон хуьлу». 27Іийса къамел деш а волуш, нахана юкъара цхьана зудчо мохь туьйхира: «Декъала ю Хьо кийрахь лелийна а, Хьуна накха белла а йолу зуда!» 28Амма Іийсас элира: «Кхин а декъала бу, Делан даше ла а дугІуш, иза кхочушдеш берш». 29Дукха адам дара Іийсана гонах гулделла, тІетеІаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хІинцалера тІаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. 30Нунав-гІалара бахархошна Юнус-пайхамар санна, хІинцалерчу тІаьхьенна Адамийн КІант а билгало хилла дІахІуттур ву. 31Къилбехьарчу зуда-паччахьо, хІокху тІаьхьенца ден а елла, Дала кхел ечу дийнахь и нах бехке бийр бу, хІунда аьлча иза цхьана дуьненан маьІІера йогІура Сулим-паччахьан хьекъале къамеле ладогІа. Ткъа кхузахь Верг Сулим-паччахьал веза ву. 32Къематан дийнахь Нунав-гІалара бахархоша, беллачуьра ден а белла, уьш бехке бийр бу, хІунда аьлча уьш Юнуса бина хаам бахьана долуш дохкобевлла, ткъа шуна хьалха Верг Юнусал лакхара ву». 33«Цхьаммо а ца хІоттабо латийна стогар иза ца гунболчу метте я кхаби кІел. Мелхо а хІора чувогІучунна серло гун йолччу лакха хІоттабо. 34Хьан бІаьргаш – хьан дегІан серло ю. Нагахь хьан бІаьргашна са дика гахь, хьан дегІ серлонах дуьзна хир ду. Ткъа нагахь хьан бІаьргаш дика бацахь, дегІ а боданах дуьзна хир ду. 35Хьайн дегІера серлонах бода ца хилийта хьажалахь. 36Нагахь хьан дегІ серлонах дуьзна делахь, цуьнан цхьа а меже боданехь яцахь, иза дерриг а, латийна стогар санна, серло луш хир ду». 37Іийса, къамел дина ваьлча, цхьана парушхочо ша волчу хІума яа чукхайкхира. ЦІа чу а ваьлла, хІума юучу меттехь агІорвелира Іийса. 38Парушхо цецвелира, Цо хІума яале куьйгаш ца дилча. 39Амма Эло цуьнга элира: «Аша, парушхоша, тІехулара кад-Іайг дикка цІандахь а, бухалара бІаьрмециг а, къиза а ду шу. 40Сонтанаш! ТІехуларниг Кхоьллинчо ца кхоьллина бухаларниг а? 41Шайн долахь дерг къечаьрца декъа, тІаккха дерриг а нийса хир ду шун. 42Къа ду шун, парушхой ! Аша шайн долахь долчух уьтталгІа дакъа, ур-атталла кертара хас-стоьмех а, сагІина дІалуш ду, ткъа нийсо а, Деле болу безам а бицбелла шуна. Ткъа аш иза а, важа а – ший а дан деза. 43Къа ду шун, парушхой! Гуламан цІа чохь баьрччехь Іан лаьа шуна, базаран майданашкахь массара а шайга маршалла хатта лаьа шуна. 44Баьрзнаш шарделлачу кешнех тера ду шу. Царна тІехула нах лела, уьш мел телхина ду а ца хууш». 45Цхьана Іеламчу стага элира: «Устаз! Оцу дешнашца тхуна а халахетар ма до Ахь!» – аьлла. 46Іийсас жоп делира: «Шун а ду къа, Іелам нах! ХІунда аьлча дІа ца бахьлун мохь нахана тІе буьллу аш, ткъа шаьш пІелга тІе пІелг а ца туху гІодархьама. 47Къа ду шун, хІунда аьлча шайн дайша байинчу пайхамаршна зиярташ деш ду шу. 48И болх барца аш тоьшалла до, шайн дайша динарг шаьш къобалдеш хилар: цара пайхамарш бойура, ткъа аш зиярташ хІиттадо. 49Цундела Шегахь бен доцучу хьекъалца Дала аьлла: „Ас уьш болчу пайхамарш а, векалш а бохуьйтур бу, амма цара цхьаберш бойур бу, вуьш балехь бахкор бу“. 50ХІокху тІаьхьене дуьне кхоьллинчхьана Іанийна долу массо а пайхамаран цІий хоттур ду: 51Хьабулна тІера Делан цІенний, сагІа доккхучу кхерчаний юккъехь вийначу Закри-ЯхІуний тІе кхаччалц. Билггала боху шуьга, аш жоп лур ду дериггенах а. 52Къа ду шун, Іелам нах! Делан Йозанах хаарш чохь долчу цІийнан догІа нахера схьадаьккхина аш. Амма я шаьш а ца дахана шу оцу цІа чу, я нах а ца бахийтина аш». 53Іийса цигара дІавахча, Іелам нах а, парушхой а, оьгІаз а бахана, тайп-тайпана хаттарш луш тІаьхьабевлира Цунна, 54муьлххачу даша тІехь лаьцна а, Иза лаца гІерташ.

will be added

X\