IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

Лака 10 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Цул тІаьхьа Іийсас Шен мурдашна юкъара кхин а кхузткъе шийтта стаг хаьржира. Шел хьалха шишша цхьаьна Ша ваха везачу гІаланашка а, ярташка а дІахьовсийра Цо уьш.   2  Цо элира цаьрга: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тІелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кІезиг бу. Ялта долчу Дега деха иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий.   3  ДІадуьло! Берзалойн арданга юкъа Іахарий санна, дІадохуьйту Ас шу.   4  Шайца я бохча а, я тІоьрмаг а, я мачаш а схьа ма эца, новкъахь маршалла хоттуш цхьаьнцца а совца а ма совца.   5  Шаьш чоьхьадевллачу цІа чохь цкъа хьалха ала: „Машар хуьлда хІокху хІусамехь!“   6  Нагахь санна цу чохь Іаш волу хІусамда машар безаш стаг велахь, аш кховдийна машар цуьнгахь буьсур бу, нагахь вацахь – шун машар шуна тІе юхабоьрзур бу.   7  Оцу цІа чохь Іе, шайна схьаделларг даа а дууш, мала а молуш, хІунда аьлча къахьоьгуш долу шу хьакъ ду нахера ял схьаэца. ХІусамаш ма хийца.   8  Шаьш гІала а дахана, цигахь тІеэцахь, шайна елларг яа,   9  цомгуш нах тобе, ткъа хаам бе цаьрга: „Делан Олалла юххе кхаьчна шуна!“   10  Шаьш тІе ца эцначу гІалахь, урамашкахула дуьйла а лой, ала:   11  „Шун гІалахь тхан мачаш тІе йиллина чан а шуна юха дІаегайо оха. Амма хаалаш, кху гІалара бахархой: Делан Олалла гергакхаьчна шуна!“   12  Ас боху шуьга: къематан дийнахь Седам-гІалара нахана атта хир ду оцу гІалара нахана чул».   13  «Декъаза ю хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю хьо, Бет-Саида-гІала! Нагахь санна Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а шу долчохь хилла тамашийна хІуманаш хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара.   14  Цундела Цорарчу а, ЦІаданарчу а нахана къематан дийнахь шуна чул дуккха а атта хир ду.   15  Ткъа хьо, Къапарнам-гІала, хьо язйина стигала хьалайоккхур ю моьтту хьуна? Йоккхур яц, жоьжахатин цІерга кхуссур ю».   16  ТІаккха Шен мурдашка Іийсас элира: «Шуьга ладугІуш волчо Соьга ладугІу, шу тІе ца оьцучо Со тІе ца оьцу. Ткъа Со тІе ца оьцучо Со Ваийтинарг а тІе ца оьцу».   17  Іийсас вахийтина кхузткъе шийтта мурд юхавеара, самукъадаьлла, воккхавеш. «Эла, – бохура цара, – жинаша а оха бохург до, Хьан бакъонан цІарах оха омра дича».   18  Іийсас элира: «Иза бакъ ду, Суна хааделира стигалара, гІорасиза а хилла, стелахаьштиг санна, чудеана иблис.   19  Ас шуна ницкъ белла, кхерам боцуш, шайтІанашна тІе, лаьхьанашна а, дІаьвше гезгашна а санна, ког баккха, шайн мостагІчун ницкъ хьаша. Шуна зене цхьа а хІума дац.   20  Амма жинаш шаьш карадерзорах даккхий ма де, шайн цІераш Дала стигалшкахь дІаязъярх даккхийде».   21  Оццу хенахь Делан Сино хазахетарх кийра буьзначу Іийсас элира: «Аса сий до Хьан, Сан Да, стигаллий, Латтий карахь долу Веза Эла, хьекъалчараххий, Іилма долчараххий и хІума къайла а даьккхина, бер санна, догцІеначарна Ахьа иза дІаделларна. ХІаъ, Сан Да, иза Хьан лаамца хилла ду!   22  Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна. Цхьанна а ца хаьа КІант мила ву, Дена бен, цхьанна а ца хаьа Да мила ву, КІантана бен а, Да гайта КІанта хаьржинчу нахана бен а».   23  Юха, мурдашка дІа а вирзина, цаьрга шайгга элира Цо: «Дала декъалдина нах ду шу, хІунда аьлча шайн бІаьргашца хІара дерриг а го шуна.   24  Ас боху шуьга: дуккха а пайхамарш а, паччахьаш а лууш бара хІара шуна гинарг ган, амма иза царна ца гина. Царна лиънера шуна хезаш дерг хаза, амма царна иза ца хезна».   25  Юха, хьалха а ваьлла, цхьана Іеламчу стага Іийсага хаттар дира, Иза зерхьама. «Устаз, – хаьттира цо, – ас хІун дан деза, Дела волчохь хедар доцу дахар сан хилийтархьама?»   26  «Товрат тІехь хІун ду яздина? – дуьхьал хаьттира Іийсас а. – Хьо муха кхета цунах?»   27  Вукхо жоп делира: «„Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца, дерриг а хьекъалца веза“, „Хьо санна веза хьайна уллораниг а“».   28  «Нийса жоп делира ахь, – элира цуьнга Іийсас, – иштта дан а де ахь, тІаккха хьо Дела волчохь вехар ву».   29  Амма Іеламчу стага бехказа валархьама хаьттира: «Ткъа мила ву суна уллораниг?»   30  Цунна жоп луш Іийсас дийцира: «Цхьа стаг хилла Ярушалаймера Ерихоне охьавогІуш. Новкъахь цунна тІе талорхой летта. Некъахочунна тІера хІуманаш схьа а яьхна, цунна вала воллалц етта а йиттина, и охьатесначохь а витина, дІабахана уьш.   31  ТІаьхьо цу новкъа схьавогІуш хилла цхьа динан да. Новкъахь Іуьллу и стаг а гина, некъан дехьа агІор а ваьлла, тІехваьлла дІавахана иза.   32  Изза дина цхьана левихочо, юьстахо а ваьлла, дІавахана иза а.   33  Юха лазийнарг Іуьллучу метте кхаьчна араваьлла лелаш волу шамранхо. И стаг а гина, оцу пекъарх къахийтира цунна.   34  Цо, тІе а вахана, даьттанца а, чагІарца а цуьнан чевнаш йила а йилина, дІайихкина. Юха лазийнарг шен вира тІе а хаийна, некъахоша садоІучу цІийне а валийна, цуьнан цигахь терго еш, иза Іалаш а вина цо.   35  ШолгІачу дийнахь, ша дІавоьдуш, хьешан цІийнан хІусамдена ши динари ахча а делла, цо аьлла: „ХІокхуьнга хьажалахь, со юхавогІуш, ас хьан хилла харж меттахІоттор ю хьуна“.   36  Мила вара оцу кхааннах талархоша лазийначу стагана уллораниг, хьуна моттарехь?»   37  Іеламчу стага жоп делира: «Цунах къинхетам бинарг вара-кх». Іийсас тІаккха элира цуьнга: «ДІа а гІой, иштта де ахь а».   38  Шайн новкъахула богІуш, цхьана юьрта кхечира Іийса а, Цуьнан мурдаш а. Цигахь Марта цІе йолчу зудчо шен хІусамехь тІеийцира уьш.   39  Оцу зудчун Марем цІе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугІуш Іара.   40  Ткъа Марта, дуккха а яа хІума кечъян гІерташ, хьаьддий, еддий лелаш яра. ТІееана, Іийсага элира цо: «Эла! И сан йиша, хІара болх берриг а суна тІе а тесна, Іаш хилар нийса доцийла ца го Хьуна? Суна гІо де алахьа цуьнга», – аьлла.   41  «Маржа яІ, Марта, – элира Іийсас, – хьо дуккха а хІуманашна гІайгІа бан гІерташ ю,   42  ткъа оьшушдерг цхьаъ бен дац. Марема диканиг хаьржина, иза цуьнгара цхьаммо а дІадоккхур дац».