Лака 1

1Лоруш волу Теапил, Тхуна юкъахь кхочушхиллачу хІуманех лаьцна дийцар хІинцале а дукха нах яздан гІиртира. 2Тхуна а оцу хІуманех лаьцна ма-дарра дийцина, уьш ган а гина, цул тІаьхьа Делан Дош адамашна юкъахь дІасадаржочу наха. 3И хезнарг дерриг леррина талла а теллина, хьоьга цунах лаьцна ма-дарра яздийр дара аьлла, сацам хилла сан, 4айхьа Іамийнарг хьуна билггала бакъ дуй хаийтархьама. 5ЯхІуд-махкахь ХІарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхІун цІе йолчу тобанах а волуш, Закри цІе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цІе йолуш зуда яра цуьнан, АхІаронан тІаьхьенах схьаяьлла. 6И шиъ Везачу Эло тІедиллина гІуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цІена а дара. 7Церан бераш дацара, Элисат доьзалхо ца хуьлуш хиларна. Ший а ханна доккха а дара и шиъ. 8Цкъа шайна юкъахь Закри волчу динан дайн тобанан рагІ кхечира Везачу Элана гІуллакх дан. 9Динан дайн Іедалехь ма-хиллара, кхаж тесира. Иштта Закрина кхаж белира Везачу Элан цІа чохь хаза хьожа йолу хІума яго. 10Цу хенахь оцу цІенна хьалха дукха адам гулделлера, шаьш гуттар а ма-дарра, цхьаьна ламаз дан. 11Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогІу хІума ягочу кхерчана аьтту агІор дІахІоьттира иза. 12Иза гина Закри чІогІа кхеравелира. 13Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доІанна жоп делла: Элисата кІант вийр ву хьуна. Цуьнан цІе ахь Яхьъя туьллур ю. 14Цунах чІогІа воккха а вийр ву хьо. Дукха нахана хазахетар хир ду иза дуьнен чу валарна. 15ХІунда аьлча иза Везачу Элан бІаьргашна хьалха чІогІа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагІар а, кхин йолу вахош йолу хІуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза. 16Дукха исраилхой церан Везачу Далла тІеберзор бу цо. 17Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхІу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тІе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хІиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хІотторхьама». 18Закрис хаьттира малике: «Со муха тешар ву ахьа бохучух? Со къена ву, сан зуда а хан яьлла ю». 19Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со. 20ХІинца дуьйна хьан мотт соцур бу, и дийцинарг кхочуш хиллалц. Хьан мотт сацар хьо сан дешнех ца тешарна хир ду, ткъа ас дийцинарг шен хенахь билггала хир долуш ду». 21Адамаш арахь Закрига хьоьжуш дара, иза Везачу Элан цІа чохь хьеваларна цец а дуьйлуш. 22Закри, араваьлча, вист ца хилалора, цундела куьйга эшарца дийца дийзира цуьнан. Массо а кхийтира, цунна Делан цІа чохь сурт хІоьттинийла. 23Далла гІуллакх деш долу денош чекхдевлча, Закри цІа вирзира. 24Дукха хан ялале цуьнан зуда Элисат доьзалхочух хилира. Пхеа баттахь адамех лечкъаш лийлира иза. 25Цо бохура: «ХІара суна Везачу Элера ду! Со хенара йоллушехь, сох къинхетам а бина, нахана хьалха со юьхькІайчу хІоттийна Цо». 26Элисат доьзалхочух йолу ялхалгІа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цІе йолчу гІала 27Марем цІе йолу йоІстаг йолчу. Дауд-паччахьан тІаьхьенах волчу Юсупца захало дийцина яра Марем. 28Иза йолчу а деана, малико элира: «Маршалла ду хьоьга, Дала хьуна диканиг динарг! Веза Эла хьоьца ву!» 29И дешнаш бахьана долуш, Марем синтем байна яра, цо ойла йора, хІун маьІна долуш ду и маршалла бохуш. 30Малико бохура: «Ма кхера, Марем! Дала хьуна диканиг дина! 31Хьо берах хир ю, ахь кІант вийр ву, цуьнан цІе Іийса а туьллур ю ахь. 32Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, 33гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». 34«Иза муха хир ду, – хаьттира Марема, – со хІинца а йоІстаг ма ю?» 35Малико жоп делла: «Хьуна тІе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дІахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КІант а эр ду. 36Хьан гергара йолчу Элисата а кІант вийр ву, ша ханна йоккха елахь а. Цунах, иза доьзалхо хуьлуш яц бохуш, дуьйцура, ткъа иза ялхалгІа бутт бу доьзалхочух йолу. 37Деле дан а ца луш хІумма а ма дац!» 38«Со Делан лай ю, – элира Марема, – ахь ма-бохху, дерриг и хуьлийла соьца». Юха малик дІадахара иза йолчуьра. 39Масех де даьлча, Марем сихонца ЯхІуд-мехкан ламанца йолчу цхьана юьрта яхара. 40Закрин цІа чу а яьлла, Элисате маршалла хаьттира цо. 41Элисатна Мареман маршалла хезча, цуьнан кийрара бер тохаделира. Оццу хенахь Элисат Делан Синах юьзира. 42Цо элира чІоггІа: «Зударшна юкъахь декъала ю хьо! Хьан кийрара бер а ду декъала! 43Соьгара хІун диканиг даьлла теша, сан Элан нана со йолчу ярна? 44Хьан маршалла хезча, сан кийрара бер хазахетта тохаделира. 45Декъала ю Дала бохург кхочушхиларх тешнарг!» 46ТІаккха Марема элира: «Сан даго къобалво Веза Эла, 47Цунна со кІелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза, 48хІунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кІезиг хиларан тидам бина Цо! ХІинца массо а тІаьхьенаша сох декъалниг эр ду, 49хІунда аьлча Нуьцкъалчо суна сийлахь гІуллакхаш дина дела. Цуьнан цІе еза ю! 50Цуьнан къинхетам тІаьхьенашкара тІаьхьенашка Цунах кхоьручарах бу! 51Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гІуллакхаш кхочушдина, Цо, баржийна, дІасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш, 52паччахьаш шайн гІанташкара биссийна, ткъа миска нах Цо айина. 53Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна, хьалдерш хІума ца луш дІабахийтина. 54- 55Цо гІо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана. Цуьнан дагахь дара ИбрахІимна а, цуьнан тІаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан, вайн дайшка Цо ма-аллара». 56Марем, кхаа баттахь гергга Элисат йолчохь хьошалгІахь а Іийна, цІа еара. 57Хан тІекхаьчча, Элисата кІант вира. 58Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугІуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара. 59БорхІалгІачу дийнахь кІант хадо баьхкинарш цуьнан цІе шен ден санна Закри тилла дагахь бара. 60Амма нанас элира: «ХІан-хІа! Цунах Яхьъя эр ду». 61Цуьнга элира: «И цІе йолуш шун гергара цхьа а ма вац!» 62Цара куьйга эшарца дега хаьттира, цунна кІентан цІе хІун тилла лаьа аьлла. 63Закрис, цхьа жима у а дехна, массо цец а воккхуш, яздира: «Цуьнан цІе Яхьъя ю». 64Оцу сохьта цуьнан мотт паргІат а баьлла, цуьнга Дела хестош хабар дийцаделира. 65Лулахой ларамах буьзира. Хиллачух лаьцна массанхьа а ламанца болчу ЯхІуд-махкахь дуьйцуш дара. 66Массо а, и хезнарш, шайн дагахь а, вовшийн а хоьттуш бара: «Воккха хилча мила хир ву теша и кІант?» – бохуш. ХІунда аьлча Везачу Элан ницкъ бара Яхьъяца. 67Цуьнан да Закри, Делан Синах а вуьзна, Делера болу хаам бан волавелира: 68«Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина. 69Шен ялхочун Даудан тІаьхьенах волу нуьцкъала стаг ваийтина Цо вай кІелхьардаха, 70Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара. 71Цо кІелхьардохуш ду вай вешан мостагІех а, вай цадезачеран куьйгех а. 72Цо вайн дайх къинхетам а бина, Шен беза барт дагахь латта а бина – 73вайн дега ИбрахІиме йина чІагІо. Дала ИбрахІиме ваІда дина, 74вай мостагІех кІелхьардохур ду аьлла, цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гІуллакх дайтархьама, 75дуьненахь йоккху хан Цунна хьалха цІена а, дика а яккхийтархьама. 76Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду, хІунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогІуш хир ву, Цунна некъ кечбеш, 77Цуьнан халкъана церан кІелхьардовлар къиношна гечдарца дуйла хоуьйтуш. 78Вайн Делера болу кІорга безам бахьана долуш, лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогІур ву, 79Іожаллин боданехь Іаш берш серлабахархьама а, машаран новкъа вайн когаш бахархьама а». 80Жима бер доккха хуьлуш а, синан доьналлица чІагІлуш а дара. Иза акхачу, адам кІезиг долчу меттехь Іаш дара, Исраилан халкъана гІуллакх даллал ша хиллалц.

will be added

X\