ЯхІуда 1

1Дала леррина къобалвинчу Іийсан лено, Якъубан вашас, ЯхІуда Дала тІекхайкхинчу а, Да волчу Далла безачу а, Дала леррина къобалвинчу Іийсас ларбечу а нахе: 2Делан къинхетам а, синпаргІато а, безам а совболийла шуна юкъахь. 3Хьоменаш! Вайн массеран а кІелхьардовларх яздан кІорга лаам боллушехь, шуьга, цкъа массо а ханна Дала Шен нахана делла долу дин чІагІдарехьа къийсам латтабе аьлла, яздан дезаш хийтира суна, 4хІунда аьлча шуна уллохь хІилланца нисбелла цхьа Іеса нах. Дукха хенахь дуьйна Делан Йозанашкахь дІаяздина ду, Дала царна кхел йийр ю аьлла. Вайн Делан маьхза долчу диканах лаьцна болу кхаъ харцахьа берзийна цара, шайн маьттаза лелар бакъдархьама. Ткъа цхьаъ бен воцу вайн Хьалдолу а, Веза а Эла, Дала леррина къобалвина Іийса, тІе ца оьцу цара. 5Шуна иза хууш делахь а, шуна дагадаийта лаьа суна, Везачу Эло Мисар-махкара Шен халкъ арадаккхар а, амма тІаьхьо халкъана юкъара Шех цатешнарш хІаллакбар а. 6Иштта шуна дагадан деза, шайн даржана реза ца хилла а, шайн хІусам дІатесна а долу маликаш, гуттаренна а йолчу ханна буржалш а тоьхна, боданехь латтадо Цо доккхачу къематдийнахь кхел ярхьама. 7Дагахь латтаде иштта, и маликаш санна, телхина яра Седам а, Іамор а, царна гонахара гІаланаш а. Маьттаза хІуманаш лелийна йолу а, боьха гІуллакхаш лело лууш йолу а уьш гуттаренна а йогуш йолчу цІеран таІзаран кхелана йитина ю кхечарна масална. 8Иштта сатийсаре бевллачу кху наха шайн догІмаш а бехдо, хьаькамаш а ца лору, стигалан сийлаллин бахархой а емалбо. 9Мусан докъах лаьцна ша иблисаца къуьйсучу хенахь коьртачу Микаал-малико, Іоттар еш бехке хІума ала а ца даьхьна, иштта аьлла: «Везачу Эло таІзар дойла хьуна». 10Амма кху наха шайна цахуург емалдо. Шайн амалшка хьаьжжина, шаьш, луьра дийнаташ санна, кхета хІуманаш бахьана долуш цара шаьш хІаллакбо. 11Къа ду церан, хІунда аьлча Кхаиман новкъахула боьлхура уьш, БалиІам санна, кхаьънашка марзбелира уьш, Кхорахь санна, гІевттира уьш, ткъа иза санна, хІаллак а хир бу уьш. 12Шун бертан пхьорашкахь цу наха шу юьхьІаьржачу хІиттадо. Эхь ца хеташ, шуьца шуьнехь Іаш бу уьш, амма шайн бен бала хир бац церан. Мохо лело, догІа доцу мархаш ю уьш, стом боцу гуьйренан дитташ ду, шаьш лаьттах орамашца схьадахарна шозза делла долу. 13Шайн эхьечу гІуллакхийн чопа тІеяьлла йолу хІордан буьрса тулгІенаш ю уьш, кхерста седарчий ду уьш, гуттар а лаьттачу Іаьржачу боданехь меттиг кечйина долу. 14Адаман ворхІалгІачу тІаьхьенах волчу ХІаноха а Делера болу хаам бина царах: «Веза Эла ву Шен дагар ца даллал дукха долчу дезачу маликашца вогІуш 15массарна а кхел ян а, адамашна юкъара Іеса нах цара дина Іеса гІуллакхаш бахьанехь а, Далла дуьхьал аьлла кІоршаме дешнаш бахьанехь а уьш бехке бан а». 16Цхьана а хІуманна реза а боцуш, шайн вочу лаамашка хьаьжжина а лелаш, хамталлаш еш болу нах бу уьш. Дегала дешнаш ду церан багахь. Шайн аьттонна нахана хьестало уьш. 17Амма аша, хьоменаш, дагахь латтаде вайн Везачу Элан, Дала леррина къобалвинчу Іийсан векалша хир ду аьлларг. 18Цара бехира шуьга, тІаьхьарчу хенахь богІур бу шайн Іесачу лаамашка хьаьжжина лелаш, кхаьрдаш болу нах. 19Шу вовшах а къоьстуьйтуш, шайн синойн лаамашна тІаьхьабевлла лела нах бу уьш. Цаьрца Делан Са дац. 20Ткъа аша, хьоменаш, шайн уггар дезачу динехь чІагІ а луш, Делан Синан гІоьнца доІанаш а деш, 21Делан безамехь шаьш Іалашде, вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас, Шен къинхетамца Дела волчохь хедар доцу дахар даларе а хьоьжуш. 22Шеко йолуш болчаьрца къинхетаме хила, 23вуьш, цІергара схьа а бохуш, кІелхьарбаха, ткъа кхечаьрца, лар а луш, къинхетаме хила, амма церан хьарамчу сино сийсазйина бедар ма еза. 24Шу охьаэгарх лардан а, цІена а долуш, доккхачу хазахетарца Шен сийлаллина хьалха хІотто а ницкъ бу Делан. 25Цхьаъ бен воцучу а, вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула вай кІелхьардохучу а Далла сий а, паччахьалла а, ницкъ а, олалла а хуьлийла, азалера дуьйна а, хІинца а, абаденналц а. Амин .

will be added

X\