Яхьъя 9

1ТІаккха чекхволучу Іийсана ша вичхьана дуьйна бІаьрзе хилла волу цхьа стаг гира. 2Іийсан мурдаша хаьттира Цуьнга: « Рабби ! Хьан къа латийна дела бІаьрзе ву те и стаг, цо ша я цуьнан дас-нанас?» 3Іийсас жоп делира: «Я цо, я цуьнан дас-нанас ца латийна къа, ткъа цунна тІехь Делан нуьцкъалаллин гІуллакхаш гайтархьама хилла иза. 4Де мел ду дан деза вай Со Ваийтинчо тІедехкина гІуллакхаш. ТІейогІуш буьйса ю, тІаккха цхьаьнгге а хІумма а далур дац. 5Со дуьненахь мел ву, дуьненна елла серло ю Со». 6И дешнаш аьлла, лаьтта туй а кхоьссина, цуьнца цхьа поппар бира Іийсас. ТІаккха и поппар бІаьрзечун бІаьргех хьаькхира Цо. 7Цул тІаьхьа бІаьрзечуьнга элира Іийсас: «Вало, нах луьйчуш болчу Шилон (иза „вахийтинарг“ бохург ду) олучу Іома тІе а гІой, хьайн юьхь йила». Цу стага, вахана, цигахь шен юьхь йилира, тІаккха бІаьрса а гуш, иза цІа вирзира. 8Лулахоша а, и стаг сагІа доьхуш шайна гиначу наха а бохура: «ХІара вац и, охьахиъна, сагІа доьхуш хилларг?» 9Цхьаболчара бохура: «И стаг ву-кх иза». Вукхара олура: «Цунах тера ву и». Ткъа цо ша элира: «Со ву иза». 10ТІаккха хаттарш дора цуьнга: «БІаьргаш схьа муха беллабелира хьан?» – бохуш. 11Цу стага дуьхьал жоп делира: «Іийса цІе йолчу Стага, поппар а бина, и сан бІаьргашна тІе а хьаькхна, элира соьга: „Нах луьйчучу Шилон олучу Іома тІе а гІой, хьайн юьхь йила“. Аса, вахана, юьхь йилира, тІаккха сан бІаьргашна са гира». 12ТІаккха цуьнга элира: «Мичахь ву Иза?» Стага жоп делира: «Ца хаьа суна», – аьлла. 13И хьалха бІаьрзе хилла стаг парушхошна тІевигира. 14Ткъа Іийсас, поппар а бина, бІаьрзениг товина де Далла лерина шоьтан де дара. 15ТІаккха парушхоша а хаьттира: «БІаьрса муха деана хьуна?» – аьлла. Цу стага жоп делира: «Иштта, цхьа поппар а бина, сан бІаьргашна тІебиллира Цо иза. ТІаккха ас юьхь йилира, ткъа хІинца суна бІаьрса го». 16ТІаккха парушхойх цхьаболчара элира: «Делера вац и Стаг, Цо Далла лерина шоьтан де ца лору дела». Вукхара олура: «Шена тІехь къинош долчу стага муха гойтур ю иштта тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш?» Парушхошна юкъахь къовсамаш бевлира. 17Юха а бІаьрзе хиллачуьнга хаьттира: «Ахь хІун эр ду Цунах лаьцна, хІунда аьлча Цо хьан бІаьргашна са ма гайтина?» Цу стага элира: «Иза пайхамар ву». 18ТІаккха динан куьйгалхой ца тийшира и стаг, хьалха бІаьрзе а хилла, хІинца цуьнан бІаьргашна са гуш хиларх. Цундела цу стеган дай-наний шайна тІекхайкхира цара. 19Парушхоша хаьттира цаьрга: «ХІара вуй аша вичхьана а бІаьрзе хилла ву боху шун кІант? Ткъа хІинца бІаьрса муха го цунна?» 20Цу дас-нанас, жоп луш, элира цаьрга: «Тхуна хІара кІант тхайн вуй хаьа, иза веш дуьйна а бІаьрзе хилла хилар а хаьа. 21Ткъа хІинца цунна бІаьрса муха го а ца хаьа тхуна, я цунна са Гайтинарг мила ву а ца хаьа. ХІара ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цо ша дийца деза-кх шех лаьцна». 22Иштта жоп делира цуьнан дас-нанас, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна. ХІунда аьлча куьйгалхоша барт бинера, нагахь хьаъа а Іийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла ларахь, иза гуламан цІийнах дІакъасто. 23Цундела элира цу стеган дас-нанас: «Иза ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цуьнга шега хатта аша», – аьлла. 24ТІаккха, шозлагІа а и бІаьрзе хилларг схьа а кхайкхина, цара элира цуьнга: «Тхуна-м хаьа и Стаг къинош долуш вуй. Ткъа ахьа Далла хьалха бакъдерг алал». 25Цу бІаьрзе хиллачо элира, царна жоп луш: «И Стаг къинош долуш ву я вац-м ца хаьа суна. Цхьа хІума-м хаьа суна: Со хІинццалц бІаьрзе хилла хилар а, ткъа хІинца суна са гуш хилар а». 26Юха а хаьттира цара цу стаге: «ХІун дира Цо хьуна? Хьан бІаьргаш дІа муха диллира Цо?» – аьлла. 27БІаьрзе хиллачо жоп делира царна: «Ас дийцира шуна, амма аша ла ца дуьйгІира. ХІинца юха а хаза хІунда лаьа шуна? Шу-м дац те Цуьнан мурдаш хила лууш?» 28ТІаккха, иза човха а веш, парушхоша элира: «Хьо ву-кх цу Стеган мурд, ткъа тхо-м Муса-пайхамаран мурдаш ду. 29Тхуна хаьа Дала къамел динарг Муса-пайхамар хиллий, ткъа ХІара-м мичара ву а ца хаьа тхуна». 30Цу стага, жоп луш, элира цаьрга: «И ду-кх тамашийна хІума, шуна Иза мичара ву цахаар. Ткъа Цо-м сан бІаьргаш дІа ма биллина. 31Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугІий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугІу. 32ХІара дуьне кхоьллинчхьана а дуьйцу ца хезна-кх, цхьаммо а веш дуьйна бІаьрзе хиллачу стеган бІаьргашна са гайтийтина бохуш. 33Нагахь Иза Делера Стаг вацахьара, Цуьнга хІумма а далур а дацара». 34Ткъа динан куьйгалхоша цуьнга жоп делира: «Хьо-х верриг а къинош юкъахь вина ву. Ахь хьоьхур дара тхуна?» Иза а аьлла, гуламан цІийнах дІакъастийра цара и стаг. 35И стаг гуламан цІийнах дІакъастийнийла а хиъна, иза схьа а лехна, Іийсас элира цуьнга: «Теший хьо Адамийн КІантах?» 36Цу стага, жоп луш, элира: «Эла, Мила ву те Иза, со Цунах тешаш хила?» 37Іийсас элира цуьнга: «Хьуна Иза ган а гина, хІинца хьоьца къамел Дийриг а Иза ву». 38ТІаккха бІаьрзе хиллачо элира: «Теша со, Веза Эла!» Иза а аьлла, Іийсан сийнна Цунна хьалха гора вуьйжира и стаг. 39ТІаккха Іийсас элира: «Со кху дуьнен чу адамаш декъадалийта веана ву. БІаьрзе болчарна са гайта а, ткъа бІаьрса долуш берш бІаьрзе бан а веана». 40Іийсаца хиллачу парушхоша, Цо аьлларг а хезна, элира Цуьнга: «Тхо а ду те бІаьрзе?» 41Іийсас элира цаьрга: «Нагахь шу бІаьрзе делахьара, шуна тІехь бехк хир бацара. Ткъа хІинца аш боху: „Тхуна са го“, – цундела шун бехк шуна шайна тІехь буьсу».

will be added

X\