Яхьъя 8

1Ткъа Іийса Зайт-диттийн лам тІе вахара. 2ТІаккха Іуьйранна Іийса юха а Делан цІийнан керта веара. Берриг нах оьхура Цунна тІе. Охьа а хиъна, Іийсас нахана хьехамаш бира. 3Цу хенахь Іелам наха а, парушхоша а цхьа зуда, сийсаза лелаш йоллучу хенахь тІе а кхаьчна, иза цу меттехь схьа а лаьцна, яла а йина, нахана юккъе дІахІоттийра. 4Цара Іийсага элира: «Устаз! ХІара зуда нахаца лелаш йоллучохь схьалаьцна ю. 5Ткъа Мусан хьехамо тІедиллина и санначарна тІулгаш кхоссар. ХІинца Ахь хІун эр дара?» 6И элира цара Іийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гІалат тІехтохархьама а. Ткъа Іийса, лохха охьа а таьІна, лаьттахь пІелгаца яздан волавелира. 7Ткъа цу наха Шега кхин а хеттарш дича, Іийсас, хьала а таьІна, элира: «Шена тІехь къа доцучо уггар хьалха тІулг кхосса цунна тІе». 8Иза а аьлла, юха а охьатаьІна, лаьтта тІехь яздеш вара Іийса. 9Ткъа и дешнаш шайна хезча, цхьаъ вукхунна тІаьххье а воьдуш, баккхийнаш хьалха а бовлуш, уьш дІабахара. ТІаккха Іийса Ша висира цигахь, керта юккъехь лаьтташ йолчу зудчуьнца 10Корта хьала а айина, Іийсас элира цу зудчуьнга: «Зуда, уьш мичахь бу? Цхьаммо а кхел ца йи хьуна?» 11Зудчо элира: «Цхьаммо а ца йи, Эла». «Аса а ца йо хьуна кхел, – элира Іийсас. – ДІагІо хьайна, амма кхул тІаьхьа кхин иштта долу къинош ма летаде».]] 12Цул тІаьхьа юха а элира Іийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тІаьхьахІоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю». 13ТІаккха парушхоша элира Цуьнга: «Айхьа-Хьайх тоьшалла до Ахь, цундела Хьан тоьшалла кхоччуш дац». 14Ткъа Іийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса Айса-Сайх тоьшалла деш делахь а, Сан тоьшалла кхоччуш ду. ХІунда аьлча Суна хаьа, Со мичара веана а, стенга воьду а, ткъа шуна ца хаьа, я Со мичара веана а, я Со стенга воьду а. 15Аша адамийн ламасташка хьаьжжина кхел йо, ткъа Аса цхьанна а кхел ца йо. 16Нагахь Ас кхел еш елахьара, Сан кхел бакъ хир яра, хІунда аьлча Со цхьаъ вац, амма Со ваийтина Да а ву Соьца. 17Шун товрат-хьехамна тІехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла. 18Ткъа Сайх тоьшалла Ас-Айса а до, Со ваийтинчу Сан Дас а до». 19ТІаккха элира Цуьнга: «Мичахь ву Хьан Да?» Іийсас жоп делира: «Я Со а ца вевза шуна, я Сан Да а ца вевза. Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара». 20Иштта къамел деш вара Іийса Делан цІийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІекхаьчна яцара. 21Юха а элира Іийсас нахе: «Со дІавоьду, ткъа аша лоьхур а ву Со, шайн къиношца лийр а ду шу. Со воьдучу шу дахкалур дац». 22ТІаккха бохура динан куьйгалхоша: «Ша-Шен вен-м ца воллу те Иза? Цундела боху те Цо: „Со воьдучу шу дахкалур дац“?» 23Кхин а элира Іийсас: «Шу лахарчех ду, ткъа Со лакхарчех ву. Шу кху дуьненах ду, ткъа Со кху дуьненах вац. 24Ас аьлла-кх шуьга, шу шайн къиношца лийр ду, хІунда аьлча, нагахь Суо Верг Со хиларх шу ца тешахь, шайн къиношца лийр ду шу». 25ТІаккха элира цара Іийсага: «Хьо мила ву?» Іийсас жоп делира цаьрга: «Аса дуьххьара дуьйна шуьга Со ву аьлларг ву-кх. 26Дуккха а дара Сан шух лаьцна дийца а, шу бехке а деш, ала хІума а. Амма Со Ваийтинарг бакъверг ву, ткъа хІара Суна Цуьнгара хеззнарг ду. Цу Сайна хеззначух лаьцна дуьйцу Ас дуьненна а». 27Ткъа уьш ца кхийтира, Іийсас шайга Шен стигаларчу Дех лаьцна дуьйцуш дуй. 28Цундела Іийсас элира: «Шаьш Адамийн КІант хьалаваьккхича, тІаккха хуур ду шуна Со волуш Верг Со хилар а, Аса Сайгара хІумма ца леладар а. Ткъа Сайн Дас хьехнарг бен ца дуьйцу Ас дуьненна. 29И Со Ваийтинарг Соьца ву. Цо Со цхьа ца витина, Ас даим а Цунна луъург до дела». 30Іийсас бохург хезаш болчех дукхахберш Цунах теша буьйлабелира. 31Шех теша буьйлабеллачу яхІудхошка Іийсас элира: «Нагахь шу Сан дош лардеш лелаш делахь, шу билггал Сан мурдаш ду. 32Шуна билггал долу бакъдерг а девзар ду, цу бакъдолчо шу паргІат а дохур ду». 33Ткъа цара жоп делира Іийсага: «Тхо ИбрахІиман хІух а ду, тхо цкъа а цхьанна а леш ца хилла. Ахь муха боху и: „Шу паргІатдевр ду“?» 34Іийсас царна жоп делира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: хІора къа латош верг цу къинан лай ву. 35Лай шен оьмар хаддалц веха олахочун доьзалехь, ткъа кІант хаддаза доьзалхо хилла вуьсу. 36Иштта, нагахь Адамийн КІанта шу паргІатдахахь, шу билггал паргІат хир ду. 37Суна хаьа шу ИбрахІиман хІух дуйла, амма шу Со вен дагахь ду, Сан дош шайна чу ца тарло дела. 38Сайн Да волчохь гинначух лаьцна дуьйцу Ас, ткъа аша а шайн дегара хеззнарг леладо». 39Іийсана жоп а луш, яхІудхоша элира: «Тхан да ИбрахІим ву». Ткъа Іийсас элира цу яхІудхошка: «Нагахь шу ИбрахІиман хІух делахьара, ИбрахІима дина доллу гІуллакхаш дийр дара аша. 40Ткъа хІинца Со вен дагахь лоьху аш, Со шуьга билггал бакъдерг аьлла Стаг воллушехь. И бакъдерг Суна Делера хезна. Ткъа аш дийриг ИбрахІима ца дора. 41Аша шайн дас динна гІуллакхаш до». ТІаккха цара Іийсага элира: «Тхо къотІалгІадина дац. Цхьа Да ву тхан. Иза Дела ву». 42Іийсас элира цаьрга: «Шун Да Дела велахьара, Со шуна везар вара, хІунда аьлча Со, Делера схьа а ваьлла, кхуза схьавеана. Ткъа Со Сайгара веана вац, амма Дас ваийтина ву. 43ХІунда ца кхета те шу Сан къамелах? Иза сан дош шуна хаза йиш йоцу дела ду. 44Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тІехь ца Іийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хІунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву. 45Ткъа Аса билггал долу бакъдерг дуьйццушехь, Сох шу ца теша. 46Шух муьлхачо бехке вийр вара Со, Ас къинош летадо аьлла? Ткъа Ас билггал долу бакъдерг дуьйцуш доллушехь, шу Сох хІунда ца теша? 47Ша Делера Волчо ладугІу Делан дешнашка. Амма шаьш Делера доцу дела, аша ла а ца дугІу». 48Аьллачунна дуьхьал жоп луш, яхІудхоша элира Іийсага: «Ткъа тхо бакъ луьйш дац: „Хьо шамранхо ву, Хьуна чохь жин ду“, – оха аьлча?» 49Іийсас жоп делира: «Суна чохь жин дац. Аса Сайн Ден сий до, ткъа аша Со сийсазво. 50Сайн сий дар ца лоьху Ас. И Лоьххург – кхел Йийриг а ву. 51Баккъалла а боху Ас шуьга: Сан дош кхочушдечунна цкъа а валар гур дац». 52ЯхІудхоша элира Іийсага: «ХІинца билггал хии тхуна Хьуна чохь жин хилар. ХІунда аьлча ИбрахІим а велла, пайхамарш а белла, ткъа Ахь боху, Хьан дош кхочушдеш верг цкъа а лийр вац. 53Баккъалла-м вац те Хьо тхан веллачу дел ИбрахІимал а воккха? Ткъа пайхамарш а белла. Хьайх мила ву олу Ахьа?» 54Іийсас жоп делира: «Нагахь Ас-Айса Сайн сийлалла дахь, и Сан сийлалла хІумма а доцург ду. Сан сий аша шайн Дела ву бохучу Сан Дас лакха доккху. 55Шуна-м Иза вовза а ца вевзина, ткъа Суна вевза Иза. Нагахь Ас Сайна Иза ца вевза алахь, Со а хир ву шух терра харцдерг дуьйцург. Амма Суна И вовза а вевза, Аса Цуьнан дош а лардо. 56Шун дас ИбрахІима хазахетарца ладугІура Со ван везачу дийне, ткъа и де ган а гира, хаза а хийтира цунна». 57Іийсас аьллачунна дуьхьал яхІудхоша элира: «Хьан хІинца а шовзткъе итт шо а ма ца кхаьчна? Хьуна ИбрахІим гина?» 58ТІаккха Іийсас элира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ИбрахІим хилале дуьйна, Со волуш Верг ву Со». 59ТІаккха тІулгаш схьаийцира цара Іийсана детта дагахь. Амма Иза, царна юккъехула къайлаха чекх а ваьлла, Делан цІийнан кертара дІавахара.

will be added

X\