Яхьъя 7

1Цул тІаьхьа Галилай-махкахула лелаш вара Іийса. ЯхІуд-махкахула лела ца лаьара Цунна, цигара динан куьйгалхоша Ша вен лоьхий хууш. 2ТІедогІуш дара Кхалорийн деза денош. 3ТІаккха Іийсан вежарша элира Цуьнга: «Кхузара дІа а валий, ЯхІуд-махка гІохьа, Айхьа деш долу гІуллакхаш Хьайн мурдашна а гайтархьама. 4ХІунда аьлча ша гІаравала лууш волчу цхьаммо а ша деш долу цхьа а гІуллакх къайлаха ца до. Нагахь Айхьа иштта гІуллакхаш деш хилча, дуьненна а Хьо вовзийта». 5ХІунда аьлча Іийсан вежарий а бацара Цунах тешаш. 6Цунна дуьхьал Іийсас элира цаьрга: «Сан хан хІинца а тІе ца кхаьчна, ткъа шун хан гуттара а ю. 7Кху дуьненна шу ца деза бахьана дац. Ткъа Со ца веза адамашна, Ас церан гІуллакхаш зуламе ду аьлла, тоьшалла до дела. 8Шу гІо шайна и деза де даздан. Сан хан хІинца а тІе ца кхаьчна дела, Со ца воьду цига». 9Цаьрга иза а аьлла, Іийса Галилайхь висира. 10Амма Шен вежарий и деза де даздан дІабахча, Іийса а вахара цига, Ша ца гойтуш, къайлаха. 11Цу дезачу дийнахь динан куьйгалхой Иза лоьхуш бара. Цара хоьттура: «Мичахь ву Иза?» – бохуш. 12Нахана юкъахь дукха хабарш дара Іийсах лаьцна хезаш. Цхьаболчара: «Иза дика стаг ву», – олура, ткъа кхечара: «ХІан-хІа вац, Цо нах лебо», – олура. 13Делахь а динан куьйгалхойх шаьш кхерарна, цхьаммо а къайлаха бен ца дуьйцура Цунах лаьцна. 14Амма деза денош юккъе дахханчу хенахь Іийсас, Делан цІийнан керта а вахана, хьехамаш бира. 15Динан куьйгалхой цецбуьйлура: «Иза цхьанхьа а доьшуш ма ца гора, оццул хІума муха хаьа Цунна?» – бохуш. 16Іийсас, царна жоп луш, элира: «Ас бо хьехам Сан бац, ткъа Со Ваийтинчун хьехам бу. 17Цуьнан лаам кхочушбан луучунна хуур ду кху хьехамах лаьцна, Делера ду те иза, я Ас Сайгара боху те. 18Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц. 19Муса-пайхамаро ца белла шуна товрат-хьехам ? Ткъа шух цхьа а цу хьехамо ма-бохху ца лела. ХІунда лоьху аш Со вен дагахь?» 20Наха жоп делира: «Жин-м дац Хьуна чохь? Мила ву Хьо вен лоьхург?» 21Іийсас, кхин дІа а къамел деш, элира цаьрга: «Цхьа гІуллакх дира Ас, ткъа шу дерриш а цецдуьйлу. 22Муса-пайхамаро сунтдар тІедожийна шуна, (иза цуьнгара а доцуш, дайшкара схьадаьлла дара). Ткъа аша Далла леринчу шоьтан дийнахь а сунтдо бераш. 23Нагахь Муса-пайхамаран хьехамо бохург ца дохорхьама, бераш шоьтан дийнахь а сунтдеш хилча, Суна оьгІазло хІунда йо аша, Аса шоьтан дийнахь стаг верриг а цамгарх товина аьлла? 24Адамна тІехьаьжна ма е кхел, ткъа кхел бакъонца е». 25Кхузахь болчу ярушалаймхойх цхьаболчара бохура: «ХІара-м вац те вен лоьхург? 26ХІинца ХІокхо, лечкъа ца деш, дерриг ма-дарра схьа ма дуьйцу, хІетте а Кхунна дуьхьал цхьаммо а хІума ма ца олу. Билггала ХІара Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, тешна бу те куьйгалхой? 27Амма вайна ХІара мичара схьавеана хаьа. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг схьавеача, цхьанна а хуур дац, Иза мичара ву». 28ТІаккха Іийсас, аз а айдина, Делан цІийнан кертахь хьехамаш а беш, дІакхайкхийра: «Со а вевза шуна, Со мичара ву а хаьа шуна. Ткъа Со Сайгара веана вац. Со Ваийтинарг шуна ца вевза, Иза билггал бакъ воллушехь. 29Суна вевза Иза, Со Цунах схьаваьлла дела а, Цо Со ваийтина дела а». 30Іийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тІе куьг ца кховдийра, хІунда аьлча Цуьнан хан хІинца а тІе ца кхаьчнера. 31Ткъа тобанна юкъара дукхах болу нах тийшира Цунах. Цара бохура: «Дала леррина Къобалвинарг веача, Цо ХІокхо гайтинчул сов гойтур юй те тамашийна билгалонаш?» 32ТІаккха парушхошна Іийсах лаьцна дуьйцу иштта хабарш хезира тобанна юкъахь. Динан коьртачу дайша а, парушхоша а гІаролхой бахийтира Іийса схьалацийтархьама. 33ТІаккха Іийсас элира: «Кхин а кІеззигчу хенахь Іийр ву Со шуьца, цул тІаьхьа Со Ваийтинчунна тІе гІур ву Со. 34Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна Со, ткъа Со хир волчу метте шу дахкалур дац». 35ТІаккха динан куьйгалхоша вовшашка элира: «Вайна карор а воцучу, стенга ваха воллу те Иза? Вайн махкара дІа а бахана, грекахойн меттигашкахь Іаш болчу нахана тІеваха-м ца воллу те Иза? Цигарчу нахана хьехам бан лаьий те Цунна? 36ХІун маьІна ду те Цо аьллачу дешнийн: „Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна, ткъа Со волчу метте шу дахкалур дац“?» 37Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тІаьххьарчу дийнахь Іийсас, дІа а хІоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тІе а дуьйлий, мала шайна. 38Сох тешначун, Делан Йозанашна тІехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду». 39Иза Цо элира Шех тешаш болчара тІеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хІинца а Делан Са дацара, хІунда аьлча Іийса Дас сийлалла даза вара. 40И дешнаш шайна хезча, нахах цхьаболчара олура: «Иза билггал ван веза пайхамар ву-кх». 41Вукхара олура: «Иза Дала леррина Къобалвинарг ву». Кхечара: «Галилай-махкара вогІур ву ткъа Дала леррина Къобалвинарг?» – олура. 42«Делан Йозанаш тІехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гІалара а волуш, Даудан хІух хир ву?» 43ТІаккха Іийса бахьана долуш адамийн тоба шина декъе екъаелира. 44Царах цхьаберш Іийса схьалаца лууш бара, амма цхьаммо а Цунна тІе куьг ца кховдийра. 45Иштта и бахана болу гІаролхой, юха а бирзина, динан коьртачу дайшна а, парушхошна а хьалха тІебаьхкира. Вукхара хаьттира: «Схьа хІунда ца валийна аша Иза?» 46Ткъа гІаролхоша жоп делира: «ХІинццалц цхьанна а стага ца дина-кх цу Стага динарг санна къамел». 47ТІаккха парушхоша элира: «Шу а Іеха-м ца дина те Цо? – аьлла. – 48Куьйгалхойх я парушхойх цхьа а гиний шуна Цунах тешна? 49Амма оцу тобанна товрат-хьехам ца бевза, цундела Делан неІалт ду царна тІехь». 50ТІаккха парушхойх волчу цхьаммо, хьалха Іийсана тІевогІуш хиллачу Нукха-Демис, элира: 51«Вайн товрат-хьехамо стаге ла а догІале, цо хІун леладо а хаале, кхел йо боху ткъа?» 52ТІаккха парушхоша Нукха-Демига жоп делира: «Хьо-м вац те Галилай-махкара? Талла а таллий, хьажа, тІаккха хуур ду хьуна, цхьа а пайхамар Галилай-махкара ца вогІий». 53ТІаккха хІора а шен-шен цІа дІавахара.

will be added

X\