Яхьъя 6

1Цул тІаьхьа Галилай-Іоман дехьа болчу берда тІе вахара Іийса. Цу Іомах Тхьабара-Іам олу кхечу тайпана. 2Дукха адам тІаьхьахІоьттира Іийсана, хІунда аьлча царна гина хилла Цо цомгушчарна тІехь йина тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш. 3Цкъа, лам тІе а ваьлла, цигахь Шен мурдашца Іаш вара Иза. 4Ткъа тІедогІуш дара « Пасахь » олу деза де. 5Юхахьаьжча, Іийсана гира Шена тІаьхьахІоьттина догІу дукха адам. ТІаккха Пилапе хаьттира Цо: «И адамаш дузо бепиг мичара оьцур дара вай?» – аьлла. 6Иза Пилап зерхьама элира Іийсас, ткъа Цунна Шена хаьара Ша дан леринарг. 7«Царна хІоранна кІез-кІеззиг бепиг кхачийта а, ши бІе динари ахча а тоьур дац-кх», – аьлла, жоп делира Пилапа. 8Ткъа Цуьнан мурдех цхьаммо, ШамІа-Кипин вашас Іандара, элира Іийсага: 9«Кхузахь цхьа кІант ву, цуьнгахь мекхан демах бина пхи хьокхам а, ши чІара а бу. Амма цунах хІун хир ю кху халкъана?» 10ТІаккха Іийсас элира: «Охьаховшабе и нах». Иза йоккха меттиг яра, хьалаяьлла дуккха а буц а йолуш. Цу тІе пхи эзар стаг охьахиира. 11Іийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дІакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дІадийкъира. Иштта царна деззачул чІерий а дийкъира. 12Нах буьзначул тІаьхьа, Іийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш схьагулъе, цхьа а хІума эрна ца дайта». 13ТІаккха и нах яа хІума йиъна бевлча, царах йисина йолу оцу мекхан деман пхеа баьпкан юьхкаш схьа а гулйина, мурдаша шийтта тускар дуьзира. 14Цул тІаьхьа, Іийсас йина тамашийна гІуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХІара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар». 15Ткъа нах, схьа а баьхкина, Шех паччахь вархьама Ша схьалаца бохкий а хиъна, Іийса юха а Ша цхьаъ лам тІе дІавахара. 16ТІаккха суьйре тІееача, Іийсан мурдаш Іам тІе баха чубиссира. 17Хинкеман чу а хиъна, Іоман вукху агІор йолчу Къапарнам олучу гІала баха бевлира уьш. Бода а боьллера, амма Іийса хІинца а схьа ца веанера. 18ЧІогІа мох баларна, хІорд карзахбаьллера. 19Иштта мурдаша, хІорда тІехула дІабоьлхуш, пхи чаккхарма гергга некъ бира. ТІаккха, шайн хинкеманна тІекхоччуш волу, хин тІехула гІаш вогІу Іийса гира царна. Уьш кхерабелира. 20Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Со ву шуна иза! Ма кхера!» 21Іийса хинкеманна чуваккха бохкуш бара мурдаш, ткъа хинкема цу сохьта хІорш тІебоьлхуш болчу хин йисте кхечира. 22ШолгІачу дийнахь Іоман вукху агІор гулбеллачу нахана гира и цхьаъ бен хинкема цигахь ца хилар а, Іийса Шен мурдашца цу хинкеман чу ца валар а. Ткъа мурдаш, Іийсах дІа а къаьстина, хинкеман чохь шаьш дІабахара. 23ТІаккха Везачу Эло хастам бина, Дала беркате дина бепиг наха диинчу метте, кхин а хинкеманаш кхечира Тхьабара-гІала олучу меттигера. 24ТІаккха нахана кхузахь я Іийса а, я Цуьнан мурдаш а цахилар гира. Уьш, Іийса лоьхуш, хинкеманаш чу а хевшина, Къапарнаме баьхкира. 25Ткъа шаьш кхаьчначу Іоман дуьхьаларчу берда тІехь Іийса шайна карийча, цара элира Цуьнга: « Рабби ! Хьо маца кхаьчна кхуза?» 26Іийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга: Шайна тамашийначу гІуллакхийн билгалонаш гарна ца лоьху аша Со, ткъа шаьш бепиг а диъна дузарна лоьху. 27Кху дуьнен чуьра телхар болчу кхачанна къа ма хьега. Амма шаьш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачош болу, Адамийн КІанта шайна лур болу кхача лаха, хІунда аьлча Дала Шен мухІар таІорца тоьшалла до Цунах». 28ТІаккха наха Іийсага хаьттира: «Муха лела деза те тхо, Далла лерина гІуллакхаш кхочушдархьама?» 29Іийсас жоп делира царна: «Далла лерина гІуллакх кхочушдар ду Дала Ваийтинчух шу тешаш хилар». 30ТІаккха цара Іийсага элира: «ХІун тамашийначу гІуллакхийн билгало гойту Ахь тхуна, и ган а гина, тхо Хьайх тешийтархьама? ХІун гойтур дара Ахь? 31Тхан дайша яьссачу аренгахь стигалан кхача биъна, яздина ма-хиллара: „Стигалшкара доссийна бепиг делира царна даа“». 32ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Муса-пайхамаро ца делла шуна стигалшкара охьадаийтина бепиг, амма Сан Дас луш ду и бакъдолу стигалшкара охьадоуьйту бепиг. 33ХІунда аьлча Делан бепиг ду, стигалшкара охьа а догІуш, дуьненна дахар а луш долу бепиг». 34ТІаккха наха элира Іийсага: «Эла, лохьа тхуна иштта бепиг гуттар а!» 35Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Со дахаран бепиг ду шуна. ХІунда аьлча Суна тІевогІург цкъа а мацлур вац, Сох тешаш верг цкъа а хьаглур вац. 36Амма Ас аьлла шуьга: Со шуна гушшехь, шу Сох ца теша. 37Сан Дас Суна луш мел дерг Суна схьакхочур ду, ткъа Сайна тІевогІург Ас дІаэккхор вац. 38ХІунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву. 39Со Ваийтинчун иштта лаам бу: Цо Суна деллачу синойх Ас цхьа а ца дайар, амма тІаьхьарчу дийнахь и синош Ас дендар. 40ХІунда аьлча Сан Ден лаам бу, хІора а, Со КІант хилар а гуш, Сох тешнарг Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачор. Денвийр а ву Ас иза тІаьхьарчу дийнахь». 41«Со стигалара охьадоьссина бепиг ду», – Іийсас аларна, Цунна реза боцуш, хамталлаш ян буьйлабелира яхІудхой. 42ТІаккха цара хоьттура вовшашка: «Вайна девзаш долчу оцу ден-ненан, оцу Юсупан кІант Іийса вац Иза? Ткъа хІинца Цо и муха олу те: „Со стигалшкара веана“?» 43ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Хамталлаш ма е вовшашлахь. 44Цхьаннан а вогІийла дац Суна тІе, Со ваийтинчу Дас иза тІе ца оьзча. Ткъа Аса иза денвийр ву тІаьхьарчу дийнахь. 45Пайхамарийн цхьана тептар тІехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала Іамор бу“, – аьлла. ХІора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогІу Суна тІе. 46Иза дац ша Делера воцучу цхьанна Да гина бохург. Ша Делера волчу Цунна гина Да. 47Бакъдерг боху Ас шуьга: Тешаш волчун хир ду Дела волчохь хедар доцу дахар. 48Со дахаран бепиг ду. 49Шун дайша яьссачу аренгахь стигалара кхача биира, ткъа уьш белла. 50ХІара бепиг стигалшкара охьадогІу, муьлхха а и диънарг ца валийтархьама. 51Со стигалара охьадеана дахаран бепиг ду. И бепиг дуучун цкъа а хедар доцу дахар хир ду. Ткъа Ас лун долу бепиг Сан дегІ ду, дуьненан адамийн дахарх Ас дІалур долу». 52ТІаккха вовшашца къийса хІиттира яхІудхой. Цара бохура: «Вайга Шен дилха муха доуьйтур ду Цо?» 53Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Нагахь аша Адамийн КІентан дилха а ца даахь, Цуьнан цІий а ца малахь, дахар хир дац шуна чохь. 54Сан дилха а дууш, Сан цІий а молуш волчун Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Иза Ас денвийр а ву тІаьххьарчу дийнахь. 55ХІунда аьлча Сан дилха а бакъболу кхача санна ду, Сан цІий а бакъдолу малар санна ду. 56Сан дилха а дууш, Сан цІий а молуш верг Соьца вехаш ву, ткъа Со цуьнца вехаш ву. 57Дийна волуш волчу Дас Со ваийтарна, Со а ву Деца доьзна дахар долуш. Иштта Сох кхача бууш волчун а Соьца доьзна дахар хир ду. 58ХІара стигалшкара охьадеана бепиг ду. Шун дайша диъначу баьпках тера дац иза. Иза дуъушехь, уьш беллера. Ткъа хІара бепиг дууш верг Дела волчохь даим а вехар ву». 59И къамел дира Іийсас Къапарнамехь гуламан цІа чохь, Ша нахана хьехамаш беш. 60И хьехамаш хезначу Іийсан мурдех дукхахболчара элира: «Хала ду и дош. Хьаьнга ладогІало цуьнга?» 61Амма Шен мурдаша реза боцуш гІам-гІим дойла Шен даг чохь хууш волчу Іийсас элира: «ХІокху дешнаша а вас йо шуна? 62Нагахь Адамийн КІант Ша хьалха хиллачу юхавоьрзуш шайна гича, хІун хетар ду те шуна? 63Делан Сино дахар ло, ткъа адаман дилханах цхьа а пайда бац. Ас шуьга аьллачу дешнашна чохь са а, дахар а доллу. 64Амма шуна юкъара цхьаберш тешаш бац». ХІунда аьлча Іийсана хьалххе дуьйна а хаьара муьлш бу Шех цатешарш а, Шена тешнабехк хьан бийр бу а. 65ТІаккха кхин а элира Іийсас: «Цундела аьллера Ас шуьга, цхьа а валур вац Суна тІе, нагахь санна Сан Дас иза цунна делла дацахь». 66Цу хенахь дуьйна Іийсан дукхах болу мурдаш Цунах дІакъаьстира, кхин Цуьнца а ца лелаш. 67ТІаккха Іийсас Шен шийтта мурде элира: «Шуна а лаьий те дІакъаста?» 68Ткъа ШамІа-Кипас жоп делира Цуьнга: «Веза Эла, хьанна тІегІур дара тхо? Хьоьгахь ма-ду Дела волчохь хедар доцучу дахаран дешнаш. 69Теша а тешна, Хьо Дала Вазвинарг вуй хиира тхуна». 70Іийсас жоп делира царна: «Ас хаьржина вацара шу шийтта? Амма шуна юкъара цхьаъ иблис ду». 71Цо и элира ШамІа-Искархочун кІантах ЯхІудах лаьцна. ХІунда аьлча шийттаннах цхьаъ воллушехь, цо тІаьхьо тешнабехк бийр болуш бара Іийсана.

will be added

X\